Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана инарла-майоран погонаш кховдийна чоьхьарчу гIуллакхийн министран гIовсана Ирасханов Асланна.
Ирасханов Соьлжа-ГIалин МВД-н урхаллехь лаьттина, цул хьалха Нохчийчухула йолчу МВД-н Кадыров Ахьмадан цIарах йолчу патрулан-постан полицин сервисан Полкан хьалханча лаьттина иза. Билггала оцу полкан гIишлонан ларми чохь, "Новая газетан" талламца а догIуш, 2017-чу шеран Дечкен-баттахь 27 дIалаьцна стаг низамехь доцуш вийра.
Ирасханов иштта вуьйцу ву "Новая газето" Зазадоккху-беттан 15-хь арахецначу "Со нохчийн полицехь болх беш вара, нах байа а ца лаьара суна" цIе йолчу материалехь, наханна тIехь Iазап латторах дуьйцу цигахь полисхочо.
2021-чу шеран Зазадоккху-баттахь Ирасхановс МВД-н министран гIовсан дарж дIалецира, цул хьалха цигахь болх беш вара Алаудинов Апти.
- 2019-чу шарахь Американ пачхьалкхан департаменто Ирасхановна дуьхьал санкцеш ехира.
- Стигалкъекъа-баттахь бакъоларъярхоша, хетарехь, Ирасхановс дIаязйина аудио арахийцира. Украинера цIабаьхкинчу лаамхойн а, Европера схьабаьхкинчу нохчийн а хьокъехь "гIуллакх доладан" шен куьйгкIеларчу нахе омра делира цо цу тIехь – жимма а режимна дуьхьало йар хилахь, "шогачу кепехь дIалеца", боху аудио тIерчу озо.