ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шпионаж лелорна бехкебина, шайн махкахь лецначийн Iалашо йовзийтина туркойн зорбанаша


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Туркойчохь веха нохчийн диссидент Iабдул-Хьаьким Шишани (Ажиев Руслан) вен Iалашо хилла, байначу баттахь Истанбулерчу набахте боьхкинчу шпионийн машанан декъашхойн. Туркойчоьнан Къоман иччархойн организацина (MIT) тIетевжина Daily Sabah ресурсо хаам барехь, зуламхой лелаш хилла Нохчийчоьнан урхалхочун Кадыров Рамзанан омраца. Ткъа куьйгалла деш хилла оцу талорхойн пачхьалкхан Думан депутато Делимханов Адама а, Forbes журналан оьрсийн версин коьрта редактор хилла Хлебников Пол вийна аьлла хетачу Дукузов Казбека а.

Нохчийн агентуран машанан куьйгалхо ву боху MIT-организацино Расаев Бислан.

Туркойчохь лецначарлахь бу, нохчий боцурш а, Оьрсийчуьра кхо вахархо а, цхьа узбек а, цхьа украинхо а.

MIT-на хетарехь, террорхойн ДаIиш организацин декъашхо, контрабандист лоруш волу Абдулаев Iабдулла (Эбубекъир) а вен Iалашонца герз гулдан дагахь хилла Туркойчохь Расаев.

Шеконашца лецначийн хIусамех хьуьйсучу хенахь карийна, лазершца кечдина, тата ца доккху гIирс тIе боьллина герз. Шпионажна бехкебечарна кхачайо 15 шарера 20 шаре гергга набахтехь такха хенаш.

Истамбулерчу полицин терроризмаца къийсам латточу урхалло а, Къоман иччархойн организацино а дIахьедира ГIадужу-беттан 9-чохь, шпионаж лелош хиларна шеконашца шаьш ялх арахьарачу мехкийн бахархой лецна аьлла. Цаьргара даьккхинера герз а, патармаш а, арахьарчу бахархойн паспорташ а. Цунах лаьцна Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министралин пресс-векала Захарова Марияс элира, шен хьукмат "тергалдеш Iа Туркойчохь Оьрсийчоьнан паспорташца хилла нах лецар".

Ажиев Руслан (Шишани Iабдулхьаьким) воьзна ву Шемахь бинчу тIемашца. Цуьнан "Аджнад аль-Кавказ" тоба тIемаш жигара боьлхучу заманахь дуьйна оцу пачхьалкхехь ша цхьаъ йолу, йозуш йоцу джамаIат хилла лаьттира. Шемарчу тIеман а, джихIадхойн тобанийн а контекстехь и бохург ду, цара цхьанна а байIат дина цахилар, цхьаьннан а куьйгакIел цахилар, кхечу тобанан декъехь а ца латтар.

Нохчийн Iедалхошца конфликте велира Ажиев, цхьана хенахь кадыровхошца болх беш хилла Арсанукаев Iабдурахьманна Туркойчохь йиттича. Арсанукаевс бахарехь, Ажиев хиллера и цхьаьнакхетар вовшахтоьхнарг а, нохчийн Iедалхошна информаци гулъечуьра саца аьлла, цунна тIедожийнарг а.

2007-чу шарера схьа дуьйна Оьрсийчоьнан пачхьалкхан Думан депутат ву Делимханов Адам. Ша парламентехь яьккхинчу ханачохь цхьана а кхеташонехь дош аьлла, вистхилла вац иза. Думан кхерамзаллин а, коррупцица къийсам латточу а комитета юкъахь ву тIаьххьарчу пхеа шерачохь Делимханов. Нохчийн куьйгалхочо Кадыров Рамзана масийттазза элира, урхаллехь ша хийца тарлучех ву иза аьлла.

Бакъонашларъярхоша а, йозуш йоцчу хаамийн гIирсаша а кест-кеста бехкаш дохкура Делимхановна адамийн бакъонаш хьешарна а, коррупцица доьзна а. Оьрсийчоьнан Iедалхоша "оьшуш йоцу организаци" леринчу "Проект" ресурсо стохка материал зорбане яьккхира, нах кIел а хIиттош, бIеннашкахь миллионашкахь долларш дохуш ву Пачхьалкхан думан депутат аьлла. Ткъа шен декларацешкахь хьахош а дацара цо и ахча.

Зазадокху-баттахь, Оьрсийчоьнан Iедалхоша "арахьарчу агентийн" статусе яьккхинчу "Медиазонас", Делимханов а, Кадыров Рамзанан гонера кхин а масех стаг а юкъара хила тарло 2025-чу шарахь оьрсийн оппозицин политик Немцов Борис верна аьлла, ша бина таллам бовзийтира.

Цул тIаьхьа цхьа шо даьлча Делимхановн хадархой Ахмаев СаьIид а, Болатбаев Лечи а лецира Москвахь, бизнесхочуьнгара Жуков Константинера даккхий ахчанаш даьхна аьлла.

Талламан версица, цара шантаж лелийна хиллера Жуковца, вуьйр ву, бераш а лачкъор ду бохуш. Лецначаьргахь карийра герз, полицин а, талламан комитетан а белхахой ду шаьш бохуш, иттаннашкахь документаш а, кхело талла а долозчу Немцов верах гIуллакхан материалийн копеш а.

2018-чу шарахь Ахмаевна а, Болатбаевна а гIуданаш диттира 50 эзар соьман барамашкахь. Кхело шен вердикт йовзийта кIезиг юкъ йиссинчу хенахь шинна а кхайкхо лерина таIзар малдира, цара динарг "шайна луъург лелор" (ч.I ст. 330 УК) ду аьлла.

"Новая газето" хаамбарца, Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана Москварчу кхелахочун Егорова Ольгин а, инарла прокуроран Чайка Юрийн а цIарах кехаташ кхехьийтинера, Ахмаев а, Болатбаев а маьрша ваккхарехь гIо доьхуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG