ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Шу адамаш а ца хета тхуна ". Шена резабоцчу гIалгIашца къийсало Кадыров


Кадыров Рамзан
Кадыров Рамзан

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана шогга вистхилла ГIалгIайчоьнан бахархошка. Бахьана ду гIалгIайн делегаци, юхьанца Нохчийчу а яхна, куьйгалхошца а Iийна, юха цигара цIаяхча, махкахой шена къинтIербаха хIоттар. ОьгIазвахначу Кадыровс кхерам тесна лулахошкара "нохчийн ярташ" дIаяха, декхаребина гIалгIайн къаной шайн къоман векалех жоп дала. Регионалан куьйгалхочо кхо де делла шега йолу претензеш охьаяхка, аьлла, ша муьлхха а гIулч яккха кийча ву, шена дуьхьал ден сийсаза къамелаш совцорхьама.

Доладелира дерриг а ГIалгIайчоьнан куьйгалхочун гонехь динан урхаллин коьртехь Iийна Хадзиев Яхья Кадыровца мараветталуш а, цуьнца Кишин Кунта-Хьаьжин тIаьхьенах волчу цхьаьннан ловзаргахь хиина Iаш а даьхна суьрташ интернетехула даржарца. Хадзиевс шена оцу бехках къинтIерабовлар дийхира гIалгIашка. Ткъа ловзар хилла дIадахначу кIиранах.

ЧIогIа ца тайна Нохчийчохь гIалгIачо дина къамел. Юьхьанца иза емалвира Кадыровс, цунна тIаьххье изза дира цуьнан гонерчу наха а.

Луьра бистхиллачех ву Нохчичоьнан парламентан куьйгалхо Дапудов Мохьмад. Ша эхасахьтехь дечу дIахьедарехь цо бехкаш дехира Хадзиев Кадыровца суьрташ дахарна дохковаьккхинчу нахе. Шеца "муьлххачу а меттехь цхььнакхета" кхайкхина Даудовс "провокаторш".

"ХIинцачул тIаьхьа Кадыровна цхьа хIума аьларг оха жоьпе озор ву. ХIинца оха гойтур ду шуна. Шайга оха бина ларам тхан осалалла ю моьттина шуна, гур ду шуна хIета", – дIахьедина Нохчийчоьнан вице-премьера Висмурадов Абузайда.

Кадыровна уггаре герга ларалучу Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думин депутата Делимханов Адама а аьлла, шен паччахь сийсазвечунна "луьра бекхам хир бу".

"Чаккхе ю массо а хIуман, тхан собаран а. Аш и нах совца ца бахь, оха цхьа а шеко йоцуш, совцор бу. Уьш кIезиг бу, царна тIехьа лаьтташ стагга а вац, ма бахалаш, даима шаьш тхоьга олуш ма-хиллара", – боху Делимхановс.

Къоман политикан министра Дудаев Ахьмада тIетоьхна: Кадыровна аьлла дош "муьлххачу а нохчочо шена аьлла лору".

Берраш а санна бистхилла оцу хьокъехь нохчийн хьаькамех, ницкъхойх. Царалахь ву Кадыров Ахьмадан полкан буьйранча Чалаев Замид, чоьхьарчу гIуллакхийн министран гIовс Ирисханов Аслан, цуьнан хьаькам, чоьхьарчу гIуллакхийн министр Алханов Руслан, кхиберш.

Обращения записали командир полка полиции специального назначения имени Ахмата Кадырова Замид Чалаев, заместитель министра внутренних дел Чечни Аслан Ирисханов, министр МВД Чечни Руслан Алханов и другие.

Гуьмсерчу коьрта маьждигехь а, Соьлжа-ГIаларчу "Нохчийчоьнан Дог" маьждигехь а "ГIалгIайчуьрчу провокаторшна", бехкаш дохкуш къамелаш а дина.

ТIаьххьара а Хадзиев вистхилла, шена халахета шен къамело "питана даржийна" халахета шена. Ша къинтIервоккху Кадыров, аьлла.

Къовсамийн доза

Латта къовсар ду рогIерчу дар-дацаршна бухахь. Мекийн дозанаш билгалдохуш дов эккхийтина нах бу Хадзиевс ша Соьлжа-ГIалара дIавахча динчу дIахьедарна тIехьа лаьтташ, боху нохчийн хьаькамаша.

ДIадаьккхина бохучара ладогIа: дIадаьккхина, шу нах ца хета дела, иштта дIайохур ю шуьгара тхайн ярташ а

Латтанех болу барт тIечIагIбира 2018 шеран Гезгмашин-беттан 26-чохь шина куьйгалхочо – хIетахьлерчу ГIалгIайчоьнан лидера Евкуров Юнус-Бека а , Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыровс а. Цунна резабоцчу, шайн къомера латта даьккхина аьлла хетачу жигархоша митингаш гIиттийра Магасехь 2018 шеран гурахь а, 2019 шеран бIаьста а.

"ДIадаьккхина бохучара ладогIа: дIадаьккхина, шу нах ца хета дела, иштта дIайохур ю шуьгара тхайн ярташ а", – дIахьедина Кадыровс. Юьцурш ю цунна Нохч-ГIалгIайчоь дIасакъаьсташ ГIалгIайчоьнна харцонца йисина аьлла хета ярташ.

Дечкен-беттан 12-чохь юха а висхилла Кадыров, аьлла гIалгIайн къаношка, шайн шега йолу претензеш, ойла а яй, охьаяхка. Кадыровн дешнашца аьлча, "цо буьтур бац маьрша шен къоман сий а, цIе а йожон гIертарш". Кхо де делла жоп шега дIакхачо.

Iехош яьккхина гIулч?

ГIалгIайчохь массо а вац Хадзиев Яхьяс шена ша Каыдров волчу вахарна нах къинтIера бахар къобалдеш. Масала, "ГIалгIайчоьнан къоман кхеташо" цхьаьнакхетараллин гуламехь жигархоша бохура шина къоман юкъаметтигаш ларъян еза, хам бан беза гергарлонийн, цIийн зIенийн. Ткъа блогера Булгучев Шемала емалбина Хадзиевга, иза бехкала а вулуш, дIахьедар дайтина шен махкахой. "Нохчашца юкъаметтиг эгIош верг сихонца сацон веза", боху цо.

Кхетамчохь болу, оьздачу наханна девнаш хьашт дац, уьш цхьаццаболчу нехан кураллаш еттар бен бац, къоманна зуламе ду, боху "Стратегийн инициативан агенталлин" эксперта Оздоев Мохьмада.

Шен проблемаш дуккха а ю Кадыровн. Ткъа иштачу дIахьедарша нехан тидам дIахьо шайн гIайгIанашна тIера

"Иштаниг дуьззина дIа даккхалуш дац цхьана юкъараллера, амма дац-м дало. Хала ду иза дан тахана Кавказехь а, ерриг а Оьрсийчохь а хIоьттина лаьттачу хьелашкхахь", – элира цо.

Jamestown Foundation аналитикна, хIиричунна Дзуцев Валерийна хетарехь, Москвано хIоттийначу куьйгалхочух ца теша.

"Регионера Iедал ледара ду, ткъа оцу хьелашкахь жигара хьйиза юкъараллаш. Уьш бес-бесара ю, амма ледара лара ца еза", – боху Дзуцевс.

Иштачу конфликташа гIо до Нохчийчуьрчу куьйгалхошна нехан тидам шайн къиношна тIерабаха, аьлла хета экспертна.

"Шен проблемаш дуккха а ю Кадыровн. Ткъа иштачу дIахьедарша нехан тидам дIахьо шайн гIайгIанашна тIера – дозане дIабоьду тидам. Кадыровс кхидIа гойтур ду ГIалгIайчоьнна гергахула бохку некъаш, цхьа нах цига баха баха гIерташ. Амма иза маневр бен яц, республикехь долу ледара хьал тергамера даккха оьшу цунна иза", – билгалдоккху Дзуцевс.

***
ГIуран-беттан 15-чохь Кисловодск гIалин кхело Ессентукехь хаьттинчу девнан сацамца набахте хьажийна гIалгIайн протестан лидер, 7-9 шерш а кхайкхош. Уьш бехкебина Магасехь 20I9 шеран Зазадоккху-бетан 27-чохь протестан гулам бохочу полисхошна ницкъ бан нах гIитторна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG