ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Синдикат — 100": Оьрсийчоьнан низамаш лардан догIий Нохчийчоьнан куьйгалхочо?


Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан
Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан

Оьрсийчоьнан йозуш йоцчу "Синдикат-100" медиан юкъаралло шаьш "Новая газетана" а, "Дождь" телекалана а (арахьара агент лерина) тIехIуьттуш хилар дIахаийтина, Нохчийчоьнан Iедалхошкара редакцин белхахошка кхочучу кхерамшца доьзна.

"Дуьххьара дац кхерамаш дIасабоькъу. Оцу тIехула хIуммаъ ца деш, амма кхечу меттигашкахь жигаралла гойту, федералан структураш гуш ю. Оьрсийчоьнан низамаш шога лардан дезаш ду, бохуш, кест-кеста вайна хазош болу хьаькамаш а тапъяьалла Iа", - аьлла ду "Синдикат-100" юкъараллан дIахьедарехь, яздо Кавказ.Реалиино.

Цуьнца доьзна, журналисташа хаттар хIоттадо, Оьрсийчоьнан низамаш кхочушдан хьакъ вуй-те Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан а, цуьнан куьйгакIел берш а? "Нагахь санна, бацахь, шен метта дара карарчу заманчохь лелачу низамашкахь оьшу хийцамаш тIеэцча, тIаккха Оьрсийчоьнан медиашна хIокху хьелашкахь муха болх бан деза хуур дара", - билгалдоккху дIахьедаран авторша.

РогIера дуьхь-дуьхьал тасадалар нисделла Оьрсийчоьнан Iедалхошна а, журналисташна а, бакъоларъярхошна а юкъахь, Нижний Новгородера федералан суьдхочун Янгулбаев Сайдин хIусамнана, бакъоларъярхочун Янгулбаев Абубакаран нана Мусаева Зарема лачкъорах дийца даьккхинчу юкъанна.

Мусаева лачкъорах зорбане яьккхинчу материалах лаьцна дера вистхилира Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан. Цо дIахьедира, ЯнгулбаевгIеран доьазле "хьоьжуш меттиг бу йа набахтехь, йа лаьтта бухахь" аьлла. Ткъа "Новая газетан"журналист Милашина Елена а, президентехула адамийн бакъонаш Iалашъечу Кхеташонан декъашхо Каляпин Игорь а "террорхой бу" элира цо, уьш лаца аьлла, кхайкхам а беш. Нохчийчоьнан куьйгалхочо тIедожийна "Дождь" телекалана а, "Новая газетана" а дуьхьал бехктакхаман гIуллакхаш дахар, уьш "террорхойн гIоьнчаш" бу а олуш. Кадыровс бахарехь, мехкан Iедалхоша "даим хIаллакбина террорхой а, царна юкъахь башхалла йоцу церан агIончаш а. Цунна жоп лучу "Новая газето" Талламан комитете арз дина нохчийн куьйгаллина дуьхьал бехкзуламан гIуллакх даккхар тIедожош, гамо гIатторна.

Нохчийчоьнан куьйгалло кхерамаш туьйсучу юкъанна, "Новая газетан" журналисто Милашина Еленас сацамбина Оьрсийчуьра дIаяха. Цо бахарехь, журналистана "боккха" кхерам лаьтта аьлла, хетачу газетан коьртачу радкаторо Муратов Дмитрийс а, "дикка лакхарчу хьасташа а" ца йитира иза, дIа ца яхча.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG