ТIекхочийла долу линкаш

КIира хьалха Соьлж-ГIалахь шотдийнахь дIахIуттучу «Северный базарчик» олучу меттехь суна карийра еххачу хенахь айса лехна «Синтар» олу магнитофон. Иза юхкучу воккхачу стага, чIебарлойн диалектехь хестайора иза, кху базарахь иза бен кхин карор яц, хIинца а болх беш ю, цкъа а латийна а яц бохуш.

Шена алапина дуьхьал балхахь елла иза Дудаевн заманахь, бохура цо. Караэцча а гуш дара иза хир хаддалц лелийна а, лекхна а, охьайиттина а хилар. 1000 сом аьлла ша хIоттийнчу меха тIера 700 соьме кхаччалц охьавелира воккха стаг.

ЦIа еъча, иза болх беш а ца хиллера, амма цуьнан мехалла кхечу агIор лору ас а, и «Синтар» оьцучара а. Нохчийчохь йина хиларан тоьшалла долуш и цхьа хIума ю, хIетахь дуьйна йисина. ХIинца и радио а, магнитофон а Оьрсийчохь а раритет лоруш ю.

1960-чу шерашкахь дуьххьара арахецна радио «ГIала» аьлла цIе а йолуш. Оьрсашна «I» элп ала ца хууш, «Гиала» аьлла дIаяхана иза юкъараллехь. Ткъа ша цIе «ГIала» бохург, тамашийна хетахь а, йоьзна яц вайнехан гIишлонца. Иза ю, стечу сен цIе – гIала. И цIе а гIалгIайн цхьана профессора тиллина боху цунна.

Цхьа хан яьлча, 1980-чу шерашкахь цуьнан цIе хийцина «Синтар» аьлла. Иза а дина журналистийн гIоьнца. Цуьнах дуьйцу, хIетахь зорбане долуш хиллачу «Комсомольское племя» газетан нохчийн журналиста Караев Руслана. Радиозаводе корреспондент вахийтина хилла цо цхьацца хаттарш а долуш.

Караев: «ХIетахь вайн махкахь чIогIа гIараяьлла яра иза. «ГIала» а ца олура цуьнах, «Гиала» олура. Ас хатта аьллера корреспонденте хIунда тиллина цунна и цIе а, хIун маьIна а ду цуьнан аьлла. Заводан коьрта инженер вара нохчи, цунна чIогIа хазахетта хилла и цIе.

Ригехь завод ю «Дзинтарс» шайн конкурент а йолуш, цундела дика хир ю бохура цо. Кхиъ 3-4 шо даьлча, «Синтар» аьлла цIе а йолуш, арахийцира цара радиош. Тхан редакцина чIогIа хазахеттера иза».

1980-чу шерашкахь а, Нохчийчохь хиллачу радиозаводо, хенал хьалха а йолуш, арахецна хилла кегий радиош. Иза кисанахь а лело йиш яра, оццул жима яра иза, бохуш хIинца а цецвуьйлуш, дуьйцу Караев Руслана.

Караев: «Оцу радиозаводехь ечу продукцех со уггаре а цецвоккхуш йолу продукци яра жима радио. Блокнотан барамехь, 5 миллиметрал кхин стомма йоцуш, кисанахь лело приемник яра и. Болх беш а яра иза. Йоккхачу «Синтарочул» а чIогIа дика лоцура мел йолу тулгIе».

Нохчаша шайн мохк бозуш цахилар дIакхайкхича а, болх беш яра радиозавод. Оцу хенахь ян йолийнера «Синтар» олу магнитофон, ас базарара эцнарг санна ерг. Оцу барамерчу магнитофонех тоьллачарех лоруш яра иза. Iалхан-гIалара вахархо Хабибулаев Гилани 1980-чу шерашкахь оцу радиозаводехь болх бина ву. Цо шен дагалецамаш иштта бовзуьйту.

Хабибулаев: «1989-чу шарахь и «Синтар» араяьлча, доккха хIума хетара. Кхечу магнитофонашна конкурент яра иза. Советан пачхьалкхехь хIетахь арахоьцучарех тоьлларг яра иза. Майра ала йиш ю».

ХIинца радиозавод хьовха, махкахь мел тоьлла хиллачу индустрийн лар а яц йисина. «Синтар» я кхиерг а хена-заманахь яхь тамаш бу. Церан меттана шортта еш ю Соьлжа-ГIалахь самукъадаккхаран центраш.

XS
SM
MD
LG