ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Дайша лайнарг ца дайта Iалашо ю сан"


Нохчий а, гIалгIай а 1944-чу шарахь махкахбохуш яьккхинчу архиверчу филман тIера схьадаьккхина сурт.

please wait

No media source currently available

0:00 0:03:47 0:00
Линкана тIе

Нохчийн къоман уггаре а бохаме лору де тIекхочуш ду. Чиллан беттан 23-чу дийнахь, ерриге а пачхьалкхехь даздийр ду Даймехкан бIаьхочун де. Нохчийчохь а хир ду иштта, амма нехан дегнашкахь а, иэсехь а карлаер ю и къиза, луьра зама.

Бохийна хиллачеран терахь шо шаре мел долу жимлуш делахь а, дуккха а ду оцу харцонан тоьшаллаш а, дагалецамаш а наха шаьш гулдеш. 2302I944.ru цIе йолу сайт схьайиллина 3 шо герга ду. Иза еккъа нохчий дIабохорах тоьшаллашца юьзна ю. Видеош а, суьрташ а, интервьюш а, дагалецамаш бу.

Цуьнан долахочо Балаев Iисас иштта дийцира и сайт ша кхолларан бахьана: Де дийне мел долу вайна юккъера дIабовлуш бу вайн баккхий нах. Кхин бисна а бац уьш, и хIума дагадогIурш. Лайна халонаш а, мацалла а, хьогалла а, харцо а, и мел долу хIума цхьанхьа охьа ца диллича, довр ду-кх. И Iалашо йолуш йина-кх ас иза. Политикин Iалашо йолуш а ца йина. Де дийне дIабовлуш бу вайн баккхий нах. Вайн истори ю иза. Иза Iалашъярхьама йина-кх ас иза.

Сайта чуйоккхучу хIора материале хьожуш, йоьшуш, хIоразза цуьнах дегаIовжам хуьлу Балаев Iисана. ХIора доьзал дIабохочу хенахь хилла иштта къизаллаш, элира цо: Зумсойн лам тIехь, ша Iаш цхьа йоккхастаг хилла. Лулахоша латтош хилла цуннна юург-мерг а. Меттахь хилла иза. ДIадохочу хенахь, иза карахь арайоккхуш, охьайилла аьлла салташа. Мухха аьлча а, охьайилла дезна церан иза.

Оцу зудчо ма йитийша ша, шен кIант схьавалахьара, цо шу нана юьтур ма яцара бохуш тIаьхьа мохь биттина. ТIехула герз детташ оцу нехан кхин дан хIума ца хилла. Уьш дIабохийна. 13 шо а даьккхина цIа баьхкича, ша йитинчу меттехь Iуьллуш ю бахара цуьнан даьIахкаш. Меттахъяла де а доцуш, Iиллина-кх и пекъар цигахь. Масане ду иштта хIуманаш. Дукха ду-кх уьш. ХIора истори еша а йоьшуш, дог лаза а долуш, чуйоху-кх ас сайта тIе и материалаш.

Таханлерчу чкъурана шуьйра дуьйцуш дац къомо лайначу баланех лаьцна. Кху тIаьхьарчу шерашкахь къаьсттина дуьйцуш дац цуьнах. Дукха кегийрхой бу оцу бохамах ца хууш, аьлла халахетарца билгалдаьккхира Балаев Iисас: Цхьа жима стаг ву лаьтташ. Куьг луьйцуш. Ас тIехаийна машенна иза.

ДIадуьйцуш, схьадуьйцуш, чиллан беттан 23 дийнахь вайн къам дIадохийнийла хаьий хьуна хаьттира ас. Ца хаьа шена боху. Маса шо ду хьан аьлла хаьттича, 18 шо ду шен элира. Со цецваьккхинера цо. Суна-м хаа деза аьлла хета иза. Цхьаьнца питана я политики агIор Iалашо а яц сан. Сан дайша лайна и хIума суна дицдан ца лаьа.

Нохчийн къам дIадохорах лаьцначу сайта чубовлуш дукха нах бац. Иза схьайилличахьана 73 эзар стаг бен ца хилла. Иза коьртаниг ду аьлла ца хета и сайт йиллинчу Балаев Iисана. Вайн историн уггаре а бохаме лору и зама дIаязйина хилчхьана, мацца а цуьнах пайда оьцур бу синкхетам алсам мел болу тIекхуьучара, боху цо. Ткъа, цкъачунна школашкахь а, берийн бошмашкахь а, тIетаьIIина кечамаш беш бу, Даймехкан бIаьхочун денна.

Шуна хетарг

Гайта комментареш

Дуьненан футболан чемпионат шайн цIахь дIахьош хиларе терра, Оьрсийчоьнан бахархоша сагатдо мехкан футболна. Шу дуй оцу декъах?

ХIара Iилманца нисбина кхаж бац. Жоьпаш деллачарна хетарг бен ца гойту кхо.

XS
SM
MD
LG