ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ХIай, да ма ека вайн, кIентий, делаI!


Шаьш хестор догIуш дац нохчийн гIиллакхашца.

Интернетехь шуьйра яьржина кху деношкахь цхьа нохчех лаьцна байт. Иза Лермонтов Михаилан зорбане яьккханза йозанех ю бохуш, кар-кара а оьцуш яьржайо социалан машанехула. Цуьнан чулацамехь чIогIа хестош бу нохчий цулла чIогIа а, болатах бина а, гIиллакхаш хаза долуш а, майра а, хьекъале а къам дац бохуш.

Дукха а нах тешна иза баккъала оьрсийн гIарваьллачу байтанчо язйина ю аьлла. Автор къасто хала дац. Оцу байтан юккъера ши-кхо дош оццу интернет чу ма даьккхинехь иза язйинарг гучуволу. Иза ву Самсонов Гена. Ткъа дикка теллича оцу псевдониман к1еллахь ву Исаев Кюра цIе йолу стаг. Proza.ru сайтан тIехь лаьтташ яра и ши цIе, амма, кху деношкахь иза дIаяьккхина.

Шаьш хестор нохчашна юкъахь цкъа а хилла дацахь а, тахана амале а дирзина схьадогIуш ду. Вайлла чIогIа цхьа а къам дац. Вай ду ша дерриг. Нохчийчоь-дуьненан корта бу, иштта кхин дIа а дуьйцуш дIахьедарш до юкъаралехь.

Иза ца товш дукха нах бу. Иза оьздангаллан тIехь кхолладелла гIиллакхаш бехдеш санна хета шена элира яздархочо, юкъаралхочо Чагаева Тамарас.

Чагаева: «И санна долу хIума хезча, чIогIа ца дезало суна. Нохчий цхьаммо а хесто безаш ма бац. Нохчийн дахар хIора дийнахь гойту турпалалла ю, шен яхь а, йоьхь а йолуш лелла бу. Вайн гIиллакхаш дохош, талхош санна хета суна шаьш шай хестор».

Нохчаша шаьш хестор цхьана байташца хилла а ца Iаш, эстрадехь а даьржина хIума ду. Макаев Султана олучу иллийца а билгалдолу нохчелла чIогIа къонахий а бац, ма хаза къам ду иза бохуш.

Билгалдаккха деза, и йиш а, оьрсийн артиста Барыкин Александра локхуш ю аьлла дийца долийра, амма нахана хаьа оцу дешнийн автор Гешаев Муса хилар.

Кхин цхьаъ ву нохчех иштта илли олуш. Магомадов Заура гитарица хестабо нохчи царал майрий, чIогIий къам дац бохуш.

Чагаева Тамарас цхьа масал даладо шаьш хесторна а, кхечара хесторах а.

Чагаева: «ГIебартойн цхьа профессор ю ас дукха хена дуьйна гергарло лелош. Шена дукха геннара дуьйна вевзара ву боху цо нохчо вогIуш. Ша пружинан тIехь санна дай болар ду боху цо. Ткъа, шайчеран болар охьатаьIна ду боху. ТIаккха ас хIун ала деза цуьнга? ХIаъ, тхо иштта ду ала деза?».

Ша хасторна уллехь лаьтташ ду кхечунна хеставалар, аьлла хета блогерна Хасанов Бисланна. Иза а, важа а нохчийн дайша цкъа а лелийна а, царна дош хетта а хIуманаш дац, элира цо.

Хасанов: «Цхьа хIума дагадаийта мегар ду. Хьаставаларрий, хьесторрий. Сан дедас олура стага хестош хилча, цуьнах тешам болура шен олий. Деш дерг къамелца а ца деш, гIуллакхаца дора наха. Вайн олуш ма ду «зуд санна хьестало» олий. И зуд боху дош мича хьо вай?».

ХIинцца бен яьржаш яц нохчашна юкъахь и сонталлан амалш. Кхана-лама тIекхуьучу чкъуран и масал нисса бIостанехьа доьрзур ду аьлла хета юкъараллехь. ТIаккха боккъала а нохчийн бакъйолчу амалех эшарш бен ца йиса а кхерам бу.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG