"Интернет-экстремисташ" дукха стенна бу Къилбаседа Кавказехь?
"Экстремистийн" могIаршка Iедало уггаре дукха кегийнах ийзабо "ВКонтакте" социалан машанера. Оцу бахьаница ша кестта хуьйцур ю кхерамзаллин политика, къевлинчу раже йохур ю шех пайдаоьцучийн агIонаш, аьлла "ВКонтакте" ресурсан дайша.
Маршо Радионо теллира Къилбаседа Кавказехь мел кхераме я маьрша ду машанашкахь агIонаш лело.
Боцчу бехканна
Москох ю уггаре дукха "интернет-экстремисташ" баьржина меттиг – 527 стаг озийна Iедало бехктакхаме. Цунна тIаьхьа ца юьсу гонахара гIаланаш а (Москохан мохк) – 348. КхоалгIачу меттехь ю … Дагестан, мегаполисашна юьстах лаьтташехь – 332.
Цул сов, Дагестан хьалхара ю Оьрсийчохь, набахтин биста кхачош, Iедало 2017-чу шарахь жоьпе ийзийнарш лерича – 87 дов (Москох – 78, цунна гонахарчу махкахь – 62).
Терахьаш, статисташна тIе а тевжаш, даржийна TJournal хьостано.
Оьрсийчоьнан Бехктакхаман Кодексо шина артиклца набахте кхачабо "интернет-экстремисташ": 282-чо ("Гамо я мостагIалла гIаттор, адам сийсаздар"), 280-чо ("Нах экстремизман жигаралле кхайкхар").
ГIудане кхачош ю Административан низам талхорах кодексан ши артикл: 20.29 , 20.3. Набахте ца кхачавайталуш висинарг оцу артиклах чекхвоккху Оьрсийчуьрчу ницкъхоша.
Кхушеран ялх баттахь 762 "экстремист" лаьцна Оьрсийчохь, Iедало бахарехь. Массарел дукха уьш лецарца, Москох ца хьехийча, хьалхарчу тIегIанахь ю ГIебарта-Балкхаройчоь (25), шолгIаниг – Дагестан (23). Краснодарехь лаьцна 10 "интернет-экстремист". Черкесскехь карийна иштачех 6 стаг, Нохчийчохь а, ГIалгIайчохь а – пхиппа.
Верриг а 8,5 эзар стаг ву Оьрсийчоьнан экстремистийн рееестрехь.Царех 1,5 эзар оцу декъе кхаьчна социалан машанашкахь дош аларна я сурт даржорна.
ХIоьттинчу хьоло Оьрсийчоьнан вахархо, нагахь санна иза интернетах пайда а оьцуш, нахаца парггIат юкъарлонаш лело лууш велахь, декхарево ша яздечух, олучух, интернетехула даржочух ларвала. Iедало иштачунна тоххара кечбина лела иза схьакаро а, цуьнан интернет-леткъамаш экстремизман могIара баха а оьшу "низаман" бух. ФСБ-на хIинца вуно атта карайо адамехь "экстремизм" – бахьанаш а кхуллуш, набахтешка хьежош бу нах.
Цундела пайде хир ду интернетах а тешаш, хетарг ма-дарра дIаала марзвеллачунна социалан машанех уггаре а шайна кхерамениг муьлха бу хаа. Информацин-аналитикан "Сова" центро бахарехь, ницкъхоша экстремизмна бехке а веш, кхеле озийна кху тIаьххьарчу беттанашкахь ВКонтакте машанехь йозанаш дина 603 стаг. 14 стаг бехкевина Одноклассники чухула экстремизм яржорна. Фейсбукехь "зулам дарна" кхеле валийна 4 стаг.
Гуш ма-хиллара, тахана массо а машанашкахьчул сиха хьох "экстремист" ван тарло ВКонтакте хьо йозанаш деш, "Iедална луьйш", я и тайпа материалаш хьайн агIонтIе хIиттош велахь. Амма ахь цкъа оцу машанехь агIо хьайна схьайиллинехь, атта дац, ларвалархьама, иза дIакъовла.
Муха дIакъовлало ВКонтакте машанера агIо?
Чуязвала вуно атта ду, 15 секундехь, аравала – чIогIа хала. Иза го ахь Google-хула "Муха дIатаса еза ВКонтакте" аьлла хаттар дина нах мел бу теллича. И хаттар лаххара а бIе Оьрсийчуьрчу вахархочо до дийнахь. Массарел дукха Google хоттуш хуьлург ю ГIезалойчоь (бахьана – цигахь дукха нах набахте хьийсийна, "экстремизм" бехке а юьллуш).
Муха дIатаса еза ВКонтакте агIо хьайгарчу телефонехула. Жоп: иза далуш дац.
Амма компьютерехула валало ВКонтакте чуьра ара.
1.Профилан жимчу суьртана (аватарна) клик е. Гучуйолу хийцамаш бан могуьйту функци.
2. Харжа "Юкъаранаш" ("Общие") Кхузахь программо таро ло къайлах хьаьркаш (пароль), телефонан ноьмар, кхийолу билгалонаш хийца. Уггаре бухахь доьшу вай: "Хьан йиш ю хьайн агIо дIаяккха" ("Вы можете удалить свою страницу").
3. И тIаьххьара кор ахь схьадиллича, харжало пхеа вариантах цхьаъ:
- Кхин агIо ю сан;
- ВКонтакте-но тIех дукха хан дIайоккху сан;
- ВКонтакте чохь тIех дукха ю суна товш йоцу материалаш;
- Сайна кхерамзалла яц аьлла хета суна;
- Сан агIо кIезиг тергалйо наха;
- Кхин бахьана.
Хоржу вай "Кхин бахьана", цо схьаделлачу корачу яздо "Оьрсийчоьнан бехктакхаман кодексан 282-гIа артикл. Ца лаьа репост бахьанехь набахте кхача".
ТIаьххьара а магадо хьуна администраторе кехат яздан, "доттагIашка дийца", иштта – "АгIо дIаяккха" а.
Чекхделин? ХIан-хIа, ца дели.
Цхьа хан яллалц, дохковаьллехь, йиш ю хьан агIо юхасхьаелла. Цхьа хан оьшу Вконтакте чуьра хьан бух берриг а дIабан. Оцу ханна ФСБ-на я ГРУ-на йовза торуш еха ВКонтакте-н серверашкахь хьох йолу информаци.