ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Соьга майрачунна тIе юхагIо, боху, цуьнан лай хила, боху". Шен бераш церан деца муха къуьйсу нохчийн зудчо


GROZNY, RUSSIA
GROZNY, RUSSIA

Нохчийчохь, ГIалгIайчохь (юкъ-кара Дагестанехь а) деца дуьсуш ду бераш да-нана дIасакъаьстича. "ГIиллакхашна" тIе а тевжаш, кхелаш а йоьлла тIаьххьарчу хенахь шайн сацамашца дайшкахьа ийза.

Пацаева Хеда йина, кхиина Нохийчохь. Иза школе а яханза яра махкахь Хьалхара тIом иккхича, дийзира церан доьзалан бомбанех, хIоьънех ида. Гергарчьарца цхьаьна ГIалгIайчохь хан яьккхира цара. Иза кхиазхо яра да велча. ТIамо човхийначу, цунах бевдда нах, тIемалой бехачу юьртахь дукха а бацара цунна тIехIитта гергарнаш. 19 шо дара цуьнан, иза кхерамаш а тийсина, шел шозза воккха волчу меттигерчу вахархочуьнга Мейриев Макшарипе маре елча.

"Хьо ца ягIахь – ницкъаша юьгур ю, ядор ю!" – бохура цуьнга. "Сан воI цхьаъ бен вац!" – сагатдора Хедин нанас, ваша йишина ша орцахволуьйтур воцийла хоуьйтуш, – иза вен тарло, я лазор ву, латахь. "Реза ца хилахь – юхайогIур хьо", – хьоьхура Хедас гIодехначу дейишас.

ВорхI шо даьккхира Пацаевас марехь, цIийндегара а, цуьнан доьзалера а гIело а довш, амма кхераелира хан ялахь цара ша ерна. Дин кIаргдан йолаелира иза, никIаб тиллира, Делера карадора гIо. ХIеттахь, 2015 шарахь, маре дитираХедас, цхьа хан ялча кхеле дийхира деца дисина бераш кхабар шена кхачор.

Доьзал бухуш цхьана кIентан диъ шо дара, шолгIачун – шиъ. Адвоката цунна хьийхира юхьанца бераш ган бакъо кхеле ехар, уьш схьадахар цул тIахьа а тоттуш. Кхело шалхе йитира ша бинчу сацамехь: нанна бераш гайта, "дена хетарг дуьхе а оьцуш". Мейриевс ца гойту цунна бераш, амма иза яц къаръяла лерина. Таксин фирмехь болх беш ю иза, цхьаъ ша еха, мухха а карабой а, боккху шен ши кIант ган некъ.

Наналлин бакъо ша муха къуьйсу дена бен аьтто беш йоцчу регионехь Пацаева Хедас дуьйцу Кавказ.Реалиина еллачу интервьюхь.

– Хьо марехь хиллачу стагца а, цуьнан гергарчаьрца а муха ю хьан юкъметтигаш?

– ДIадахначу кIиранах кхело сайна бераш ган делла бакъонан кехат эцна пурстоьпашна тIеяхнера со, яхханчуьра ши кIант ган гIоьртира – Соьлжа олучу гIалахь бу уьш. Маьрйиша лаьттинчуьнца хилира сан къамел, цул тIаьхь со марехь Iийначун зуда а, да а арабевлира. Цара дов латтадо соьца, маьрйишас ша интернете хIиттор ду сан хьиджаб ас тиллале даьхна суьрташ, элира. Соьга нахе ма дийца боху айса марехь йолуш лайнарг, сайна еттар, хьийзор. Со вон адам ду, бераш сох тешадойла дац, бохура цо.

Массарна а хьалха яьцна, яла езаш хилла со оцу марехь. Царна ца деза ас инстаграм-агIонехь сайгарчу хьолах, дIадаьхначу берех лаьцна дуьйцуш. Ши кIант суна дуьхьалваьккхина, шайна ца лаьа, олу, со ган. Дас, дедас, мера-зудчо шайна магоре сатуьйсу.

– Юкъ-кара мукъане а гойла хуьлий бераш?

– Эрна дIа дукха ихина, берашка со эккхо буьйр до, ах шо хьалха гина тIаьххьара. Вевзаш волчу цхьана стагехула аьтто белира уьш садаIа аарадахийта. Са машена а ца ховшийтира уьш Мейриевс, соьца ашен чохь нехан бераш дара, ткъа сайнаш – кхечу машенахь. СадоIучу метте дIакхаьчча, со деа бераца ловзуш Iийра, сан майра хилларг шен накъостца юьстах Iийра. Оцу хенахь цхьа вацара юкъалелаш, бераш ловзура соьца, со дIа ца теттара.

– Хьан хиллачу майрачо а, цуьнан гергарчара а хIун боху бераш хьоьца цадитарх лаьцна, бусалба дино магош ма дац бераш ненах даха?

– Ас со кертахь яхийта, цIенна хьалхарчу лаппагIи чохь сайн берашца, аьллера. Амма со эккхийна ла ца догIарна, сайна ечу гIелонна дуьхьалъяларна. ХIинца иза дуьхьалдетта, маьрйишас: "Хьуна дукха деза, иштта хуьлуш дац", боху. Со цIа чохь ца Iаш, кертарчу вагон чохь Iан реза яра – иза а мегаш доцчух тера дуцарна гергахь. Со майрачунна тIе юхайогIийла лаьа царна хIинца а, лай ян гIерта. Оцу хьолехь бен гойтур дац бераш, боху. Амма суна тоьъна ворхI шо оцу дахарх. Яцайора, суна вала да вацаре терра, гIелонехь кхобура.

Вежарийн МейриевгIеран кхин нсарий а лаьттина сан хьолехь. Воккхаволчу вешин бераш мотт соцучу кхачийнера, дуьйцу цара. Цкъа мардас, мала а мелла, цхьа кIант, аьчка серий а хьерчийна, ирхъуллу ша, бохуш, хьйизийна. Несо ган а гина, схьаваьккхина кIант. Хилларг луьстуш доьзало мелла волу да а ца веш, нус йина бехке. Вукхо ша кIантанна тIехь "бегаш беш вара" аьлла.

Исс бутт болуш когавахна сан жимах волу кIант. Мардас цкъа беша а вигина, дIовш тесна, цIанданза долу цIазамаш даийра цунна. Ас иза кхераме ду, элира мардега, иза суна яппарш а йиттина, юха а даош вара боьха цIазамаш бераннна. Ас кIант чувигира, ткъа иза гинчу сан майрачо суна йиттира, мардас бер дийна гахь а, IадIе, юкъа ма гIерта, бохура.

– Полице гIо деха яханий хьо цкъа а?

– Дуьххьара ас тхаьш дIасакъаьстича, майра хиллачо ша, ас болх бечу автошкол а веъна, еттар ю аьлча дехна ас полицига гIо. Бераш гойтуш дацара суна хIетахь, ненах яьккхинчу Ажигова Iайшина йиттина, цуьнан куьг даьккхинчу муьрехь дара иза. Изза сайн берашна а дарна кхерара со. Вуно чIогIа кхерамаш тийсира суна хIетахь. Суна хаьара цо еттар юйла, хьалха со фитнес-клубехь яра балхахь, цо веъна, йиттича.

– Иза муха нисделира?

– Масех шо хьалха дара иза. Мейриевс шеца никIах яйтира соьга, ша бераш гойтуш хир ву, аьлла. Со реза хилира, амма бераш ца гойтура – еттара, со дIаяхара. Суна тIаьхьавалла лелачуьра ца соцура иза, клубан корах чуваьллера. Ас мохь эккхийтира: "Стенна гIерта хьо кху чу, зударий меттиг ю хIара, божаршна мегаш дац чуван!", аьлла. Амма цо суна, бедарш тIера а лаьцна, буйнаш биттира, гай тIе, коьртах мийра биттира. Со IадIара, сурт гуш вара фитнес-клубан да, цо еттарш хьийзарг юхаозоре сатуьйсура ас. ГIо дацара, етташ яра суна. Суна ур гира хIума юуучу текха тIехь, иза схьа а эцна, даваккха сайна еттарг, ас вуьйр ву иза, мохь хьаькхира ас сайн хьаькаме. Важа Iаш вара ша воллучохь, со оцу юкъанна кхиираМейриевна белшах урх тоха.

– ТIаккха?

– Иза шиъ спорзал чохь къайлавелира, со царна тIаьхьахьадира. Уьш неI лаьцна Iара чу чохь. Со юха а яьлла, хьал тергалдеш Iара, гира ший а, соьга а хоьжур, араваьлла, меллаша дIавоьдуш. Со гIеххьа гIовгIа ян йолаелира, и шиъ ведда дIавахара. Мейриевс мохь хьоькхура: "Вай сан беш, суна вон ду", бохуш. ТIаккха сан вешига телефон туьйхира, иза веара. Из суна духьалваккха гIертара уьш, ца дуьйцура, мила волавелла суна етта. Ас вешина дIагайтира ларш, элира: "ХIинца хьо соьгахьа валахь, ахь со ларъяхь, ас никIаб дIайоккхур ю". Ваша кхерара сан духар бахьанехь Нохчийчуьрчу полицино цхьа вониг дарна. Амма сан вашас элира: "Бекхам ахь айхьа бина цунна".

Мейриевна чевнах кхо маха баьккхира. Лоьраш кхеттера иза уьрсо чов йина вуйла. Полици еара, дареш дехира соьгара, мма майра хиллачо ша хадийна шен белш, элира. Клуберчу сан хьакамо бохура соьга: "Хуьлуш ду-кх майрачо зудчунна етташ, дац хилла хIумма а".

– Ахь полицига гIодийхира… кхидIа?

– ХIаъ, юха а болх боцуш йиса ца лаьара суна. Ас сайна кхерамаш тийсар дIадаицича, Магасерчу полисхочо Соьлжара шен коллега кхайкхира ша волчу, ас дерриг а ма-дарра дIадийцира. Тоьшаллаш дара сан, ас сайна туьйсу кхерамаш диктофон тIе дIаязбинера. Соьлжарчу полисхочо Мейриевца къамел дира, кхерамаш тийсар сецира. Ас сайна бераш гайтийтар а дехнера Соьлжерчу полисхочуьнга, амма цо, ша къамелаш дина Мейриевца, иза лартIахь вац, аьлла, дитира. Цуьнан хьехам юьхьар а эцна, ас чуделла арз юхаийцира. Суна сан майра хиллачо, эхь ду зудчо полице арздар, гIодехар, бохура. Бакъ ду, дац тхан зударий полицига леткъаш Iедал.

– Хьо салафийа ю. Оцу боламан цхьаболчу декъашхоша "тIагIутан кхеле" гIодеха мегаш дац, олу…

– Хезна суна а иза, делахь нийса кхетам бац цуьнца. Кхин некъ бацахь, мегаш ду оцу кхеле гIодеха. Iеламча Ибн База лоруш ю со. Цо а, и санначара а боху, кхел ян ШарI лелаш доцчохь хьан бакъо а, декхар а ду тIагуте гIодеха. Инстаграмехь а олу соьга, ахь низам дохийна, хьо "динах хаьдда".

– Динан вежаршка хьайна гIодар дехний ахь?

– [ГIалгIайн] имаме Чумаков Хьамзате ас сайн белхан накъосте Самире дехийтинера годар. Самира сан берийн дега телефон туьйхира, важа мохь хьекх волавелла, со маьждиге лелаш ю, аьлла. Полисхо а санна, Самир а веара и стаг лартахь вац олцчу жамIе. Кхин цкъа а гIоьртира Самир Мейриев кхето, амма эрна дара. ГIалгIайчохь лоруш волчу имамна Цечоев Iисана тIе а яхара со. Цо "Iедал дац шен карахь гIодан", элира.

Слепцовскерчу суфийн имаме а дийхира ас. Иза сан майра хиллачун гергара хилла, иза волчу а воьдуш. Цо баьхна цуьнга, бераш ненаца хла деза, Мейриевс ша дIалур ду а олуш, ца делла бераш соьга схьа. ХIоразза а олура соьга цо, официалехь берех мукъаяла. Берийн цхьа ахчанаш эца воллуш хиллачух тера ду. Бераш ца гойту суна хIуьттаренна. Ас имаме дIадийцира, цо ши куьг дIасадахийтира:"Сан лата-х йиш яций хьан майра лаьттинчух!".

Магасерчу ШарIан кхеле а яхара со. Цигара цхьанна тIе хьажийра. ГIалгIайн муфтий Iедалца эгIале дара иза. Цо цхьанхьа петарахь нах тIеоьцу аьллера соьга, амма суна изаца карийра. Нохчийн муфтиятехь аяхара со, цигара хьажийра ГIалгIайчу юха, Хамхоев Iиса волчу. Массанхьахула чекхъяьлла со. Массара а олура, хьо бакъ ю, амма майра хилларг вацара цхьаьнгга а ладугIуш. Чумаков Хьакмзат шена аьттехьа а вац авторитет, бохура.

– Зударийн бакъонашкахьа даIваташ до цо кест-кеста. Цундела йой-те цунна критика?

– ХIаъ, суна дагалогIу сан майра хиллачу кертахь цунна лийна, иза доьзалшкарчу несаршкахьа ву, бохуш. Нус декхаре яц дерриг а цIа шен белшаш тIехь дIакхехьа, майра а хила веза гIодеш, олу Чумаковс. Со маьждиге лела, цуьнга ладегIа йоьлча, Мейриев а волавелира цига лела, со тергалъярхьама Iара Чумаковга ладоьгIуш.

Со полице яххалц ца сецира Мейриев суна еттачуьра. НикIаб дIаяккха, бохура, дин бахьанехь со хIераяьлла, бохура, ша суна чуьра джин эккхадойтур ду, бохура. Шен бага хьажжий хила, шена дош ма кегде, олура, амма динехь дан ма дац иштта аьлла, ас шега дийцича, хададора: "ХIан-хIа, ас аьлларг дийр ахь", олий. Ша иза дин девза а вац.

– Муха "эккхийра" хьуна чуьра джин?

– 2018 шарахь Аьхкинчу Барзе, "хIума хуучарна" тIейигира со, Нохчийчу. Со тешаш яцара оцу нахах. Чуяхара, зудрий бара маьхьарий хьоькхуш хезаш, кхийсалуш, цхьаъ-м моллех лата а гIертара, молла КIуръан доьшуш Iара. Соьга а дешало иза. Со джин эккош долу аяташ деша хIоьттира. Ца оьшу иштачу меттигашка лела аьлла хета суна. Цига цомгуш болу нах гулбо, джин игахь лаца а сахьт дац ахь. Пайхамара, цуьнан асхьабаша ллийнарг дац иза, ца хилла цара хьерабевлла нх цхьана гулбеш.

Со юхаелира сайна "дарба дойтучуьра". Цул тIаьхьа со психиатрна тIейигира Мейриевс, цо со могуш ю элира, соьца къамел а дина. Майра реза вацара цо аьллачунна, аптеке а вахана, цхьа корта тентакбоккху молханаш деара. Ницкъаша мийлор ду суна уьш, бохура. Со кхийтира, суо хIаллакъяллалц иза соцур воцийла.

Девнаш лаьттара, сан легаш Iуьйдура цо, амма ас со кхераелла ца гойтура, йоьлура, тIаккха сан батт куьйгаца дIакъийла вуьйлира иза. Берийн дуьхьа со цуьнга шозлагIа а дIаяхча дара иза. Сайна бераш схьалур доцийла, со ен иза гIертийла кхитира со. Юха а яхара динан дайшка, баккхийчаьрга аьрзнш эцна. Бераш сох къестийна латтадора, цхьа ца велирасуна гIодеш. Официалер Iедалхой а, берийн бакъонаш ларъен белхахой а гIорасиз бу. Ткъа берийн омбудсмена Чахкиева Заремас бехкейира со ас никIаб лелош хиларна.

Лечкъа дийзиа сан цхьана ханна Мейриевх, со психиатриян хIусаме хьажо воллу иза, дуьйцура. Цуьнан вешин кIант кхиира суна тIаьхьа со пIераскана маьждига яхча. Сан лрах тхан нана йолчу кхечира иза. Амма со ванни чохь дIалечкъира, сайна тIехь никIаб яц, аьлла жоп а делла. Ас сайна бевзачаьрга телефон етта йолийра. Цундела тIаьхьарвелира и кIант.

– Кхел йоьдучу ханна, сацамаш кхочушбечу юкъанна, школехь мукъане а бераш ган аьтто болий хьан?

– Йоьду со школе, наггахь гойла а хуьлу. Ден къизаллах кхоьру ши кIант, сох къаьхкаш меттиг а йогIу. Амма гуш ду цара сагатдойла, суна саатдо цара.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG