ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Соьга цабезам гIаттабо цара". Бераш нене дIа ца ло Дагестанехь


Церетилова Нина
Церетилова Нина

Шен кхаа ненаца хила бакъо къуьйсу Дагестанерчу яхархочо Церетилова Нинас. Байначу беттан юккъехь цуьнан хиллачу майрачун Церетилов Мохьмадан ден бакъонаш гатйира, ткъа шолгIачу дийнахь цуьнан воккхахволу кIант, 14 шо долу Мухтар вайра. Жимахдолу ши бер – 12 шо долу Марьям а, 9 шо долу ИбрехIим а, стенгахь ду цунна ца хуу масех бутт а бу. Бераш лохуш полици а яц, уьш могуш-маьрша ду аьллачу дена тIе а тийжаш.

Стохка ГIуран-баттахь школера девлла шен бераш дIадигинера дас, стенга дуьгу а ца дуьйцуш. Масех бутт баьллачул тIаьхьа воккхахверг юхавига ницкъ кхечира ненан, амма йоццачу ханна. Нинас дийцарехь, гIо деш нах а болуш, дас лачкъийна дIадигинера цуьнан бераш, миллион сом гергга гулделла алименташ дIадоьхуш, хIара жигара яьлча.

Дукха хан йоццуш Церетиловс интервью елира Дагестанан "Новое дело" ресурсана, шен хилла хIусамнана тилийнарш бакъоларъярхой бу аьлла, бехке а беш. Иштта маьттаза вистхилла иза, бераш ненаца хилийта гIиртинчу берийн омбудсменан Ежова Маринин балхах лаьцна а. Социалан машанашкахь кхелахойн сацамаш сийсазбора цо.

Билгалдаккха догIу, Дагестанан куьйгалхочун декхарш кхочушдечу Меликов Сергейс а тIедожийра бакъоларъяран органашна, бераш нене дIалуш гIо де аьлла, ткъа Церетилов къехкаш лелаш ву, я полисхойн цуьнца бала бац. Дас дIахьедо ша Нохчийчохь ву бохуш. Хетарехь, Оьрсийчоьнан низамаш кхочуш ца дан меттигерчу Iедалхоша шена гIо дийр ду аьлла, дегайовхо ю цуьнан.

Ткъа политикан кIелдIашхе юьцийла а дац: Кадыров Рамзанан а, Меликовн а юкъаметтигаш шийла ю. Кхелан сацамех ца ваьшначу Церетиловс кхин тIе а кIагйийр юй-те уьш? Кавказ.Реалиина комментарий яла реза ца хилира иза.

Стенгахь ду бераш? ХIун хьал ду цаьргахь? Дешарца дерг а муха ду-те церан? Берех дIакхета гIертачу юкъанна шех Iитталучу дуьхьалонех дийцина Церетилова Нинас Кавказ.Реалии портале.

- Товбеца-беттан 17-чохь социалан машанашкарчу шун оппоненташна хийтира, кIант шен да волчу ведда хир ву аьлла. Билггал хIун ду цуьнах хиллраг?

- Байначу беттан 15-чохь сайн кIентан Iодика а йина, Санкт-Петербургера ХIинжа-ГIала кхеле дIаяхара со. 16-чохь кхеташо хилира. Цул тIаьхьа оцу сохьта Минеральные Воды гIала боьдучу цIерпошта хиира со, цигара дIа кеманца юха яха. 17-18-чохь Петербургехь хила лерина яра со. Амма 17-чохь бер дов: делкъанна сахьт долчу хенахь сайн кIантаца къемел дина ас телефонехула, цхьа тамашен вара иза, чомахь жоп дала а ца туьгура, уллохь цхьа хийрачу нехан аьзнаш хезира суна. Цул тIаьхьа Мухтаран телефон дIаяйина яра. КIант вайна аьлла, маса бакъоларъяран органашка елира со. ШолгIачу дийнахь, Товбеца-беттан 28-чохь, Санкт-Петербургера талламхо зIене елира соьца. Цо хаам бира соьга, дас бахарехь, Мухтар цуьнца ву Буйнакскехь, деда а, денана а долчохь аьлла.

Ша дIавигар доьхуш смс яийтинера шега кIанта, цундела цунна тIаьхьа веанера ша аьллера цо. Тамашен ду, Товбеца-беттан 16-чохь кхеле ца веанера Мохьмад, ша могуш вац аьлла, амма тоьшаллина цхьа а кехат ца даийтинера цо. Тоъал могуш хилла иза катоьхна цхьана меттигера пачхьалкхан кхечу чакхене ваха а луш.

Цхьана зорбанан гIирсана комментарий елла Мохьмада, кIант ведда, ткъа ша иза лоьхуш ву аьлла. Мохьмадехьа болчу меттигерчу блогерша Мухтаран шен деца хилла къамел ду бохуш, телефоннехула динчу къамелан скриншот а яьккхина, иза яржийра. Оцу тIехь кIанта дехар до, ша ахь дIа ца вигахь, водур ву бохуш, "сих ма ло" боху вукхо, "хьем ца беш, ша цхьа йист йоккхур ю". Хаамаш дIасакхехьийтинчу телефонан номер гойтуш яц. Со тешна ю, и йозанаш фейк ю аьлла.

- Мохьмад ву Мухтарца зIене ваьлларг аьлла, хIунда хета хьуна?

– Ас телефонан номеран детализаци яйтира, тIаккха хиира суна. Кхелан кхеташо Товбеца-беттан 16-чохь йолаялале цуьнга телефон тоьхна цо. Цул тIаьхьа Мухтаран телефона тIехь "ВКонтакте" а, "Яндекс такси" а аппликацеш гучуевллира. Мохьада официалехь дийцарца, Мухтар шен лаамехь хиъна кхайкхиначу такси чу, ткъа да тIекхиина, цхьанхьа дуьхь-дуьхьал кхетта и шиъ, ишта ХIинжа-ГIала дIавигина. Стенна тIехь дIавигина? Мичахь ду билеташ? Кхеташ дац. Мохьмадан адвокато боху, буса сахиллалц шаьш дуьйшина а дац, стенгахь ву-те кIант бохуш, са гатдеш, ойланаш еш. Шаьш лийхира боху цо.

Оццу дийнахь, Товбеца-беттан 18-чохь Санкт-Петербургерчу талламхочо видеоролик йоуьйту соьга, тIаьхьо машанашкахь яьржира иза. Оцу тIехь сан кIанта боху, шен харжам бина ша, деца виса лаьа шена. Амма суна хаьа, и цуьнан аккаунт яц, цуьнан пароль а яц. Ролик гучуяьккхина аккаунт Мохьмада лелош ю.

– Билггал деца вуй кIант? Йоццачу хенахъ оццул беха некъ а бина, цул тIаьхьа ткъес санна чехка юхавар - цхьана фантастикера дийцар ду-кх иза.

- И ду-кх иза: кхеташ дац, Мухтар Дагестанехь муха нисвлелла, я нис а веллий-те? Талламхочуьнгахь тоьшаллаш дац хIинца а, кIант деца хиларх. Мохьмадан дешнаш бен дац. Цунна тIетийжа уьш, шаьш цуьнах теша бохуш, чIагIонаш а еш. Цундела лехамашка ца ло Мухтар.

Ас хоьтту: "ХIордайисте воьдуш кIант хьаьнца витина цо?". Шен кIант хьаьнца витина а ца хууш, кхеле яханера бохуш, соьгара бехкаш ма дохура цара.

Керла, цу шиннан цхьаьна даьккхина сурт я виедо гайта сайна бохуш, дехарш до ас. КIант вижина ву, некъ бина кIадвелла ву, да хIордайистехь ву, телефон охьахиъна бохуш, бехказлонаш хьийзайо суна. Ас хоьтту: "ХIордайисте воьдуш кIант хьаьнца витина цо?". Шен кIант хьаьнца витина а ца хууш, кхеле яханера бохуш, соьгара бехкаш ма дохура цара. Цул совнах, ваажа ши бер стенгахь ду? Мохьмад кхечу гIала вахча, хьаьнца бара уьш? Мохьмадца бераш дитар тешаме дац, цуьнан ден бакъонашна дозанаш тоьхна, иза кхелах а къехкаш лела бохуш, дийцина ас талламхочуьнга. Амма иза къар ца ло, Мухтарна кхераме хIуммаъ дац, йоллу бакъонаш дIаяьхна яц Мохьмадера, цундела цунах тоьшийла ду, бохуш.

– Берийн деца шегга къамел дан а диний ахь тIаьххьарчу хенахь?

- Мохьмад соьга къамел дан лууш ву, амма зIе дIа схьа ца кхета аьлла, талламхочо сайга хаам бича, айса телефон туьйхира ас цуьнга. Цо схьа ца ийцира, амма яздира шен амалехь: "ТIаккха, хила деззарг хилин хьуна?" аьлла. Ша кIант лачкъорна, сол а толарна воккхавуьйш вара иза.

– Бераш лоьхуш дуй?

– Бераш хIинца а лоьхуш дац. Социалан машанашкахула, цуьнан суьрташ а даржош, волонтерашка лохуш гIо а доьхуш, нахе кхайкхамаш беш ю со. Бераш хила тарлучу меттигашкахь дIадетта лаьара суна кехаташ. Суна сайна бевзаш бац и волонтераш, соьца зIене бевллера уьш, шаьш сагатден дела. Кехаташ дIадетта цара Москвахь, ХIинжа-ГIалахь, Каспийскехь, Санкт-Петербургехь. Я болх бан а, я жоьпалла шайна тIеэца а ца лаьа Питерерчу талламчашна. Соьгара пурба а доцуш, кехаташ дацахь а, бераш пачхьалкхера арадаьхна хиларна кхоьру со, масала, Туркойчу бигарна. Суна хезна иштта дуккха а меттигаш.

– Мича хьелашкахь беха Мохьмадан доьзал? Цо бахарехь, стенгахь латтош ду цо бераш?

– ХIинжа-ГIалахь юкъарчу петарехь вехаш ву Мохьмад цхьахйолчу шен зудчуьнца.

Цо дуьйцург бакъ делахь,  жимочу кхаа чоьнах лаьттачу петарахь Iен дезаш ду и исс адам.

Дуьххьара хиллачу хIусамдена дина ши бер ду оцу зудчун, Мохьмадна дина а ду шиъ. Цо дуьйцург бакъ делахь, жимочу кхаа чоьнах лаьттачу петарахь Iен дезаш ду и исс адам.

Мухтар ас дIавигинчу хенахь, цо дийцира суна, цхьана йоццачу хеначохь ша а, шен да а Москвахь Iийра аьлла. Буйнакскехь дехачу цуьнан да-нана долчуьра со бераш дIадига гIоьртича, Охан-баттахь дIабаханера уьш цига.

– Бераш хьоьца хила деза аьлла, Зазадокху-баттахь тIеэцна болу кхелан сацам кхочуш стенна ца бо?

- Суна хиира, кхелахойн сацам кхочуш ца барна Мохьмад жоьпалле стенна ца озаво. Пурстоьпашна тоаме ду, берашна ца лаьа нана йолчу даха цо алар. Ткъа и информаци бакъ ю я яц хьовсуш ма бац.

Чакхе хир ю

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG