ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Соьлжа-ГIалахь реноваци еш йохийначу хIусамийн дайшна керла цIенош ца ло


Соьлжа-ГIала, Нохчийчоь
Соьлжа-ГIала, Нохчийчоь

2019-чу шарахь реноваци еш дохийначу цIенойн дайшна керла хIусамаш яла реза дац Нохчийчуьра Iедал. Цунах лаьцна хаам бина адаман бакъонаш ларъяран "Мемориал" Центрехь.

Бакъоларъярхоша Соьллжа-ГIалахь вехачу Баснукаев ИбрахIиман масала далийна, цуьнан долахь ши чоь йолу петар яра Октябрьскан кIоштан 56-чу латта тIехь. 2019-чу шеран мангал-баттахь мэрино кхаа денчохь хIусамера арабовла декъаре бира доьзал – иза шира цIа санна дохо гIертара. ТIейогIучу хенахь керла петар лур ю аьллера Баснукаевна, амма Iедало цхьа а компенсаци, йа чохь хан яккха меттиг а ца белира.

2019-чу шеран гIадужу-баттахь цунна керла хIусам яла реза ца хилира, гучуделира, цуьнан цIа дохийнера иза чохь ваха кхераме ду аьлла сацам хилале, амма керла петаре сатуьйсучу нехан тептарехь БаснукаевгIар бацара. Соьлжа-ГIалин вахархо кхеле велира шена компенсаци далар тIе а дожош – Нохчийчоьнан Лаккхара кхел реза ца хилла цуьнан дехарш къобалдан.

Бакъоларъярхойн хаамашца, реновацин кехаташ ца хиларца доьзна ду бахьана – кхело дIахьедина, арзхочун цIа "евзаш йоцчу хенахь, бевзаш боцчу наха дохийна" аьлла, иза динарг Соьлжа-ГIалин мэри хиларан цхьа а тоьшаллаш дац боху. Бакъоларъяхоша дуьйцу, оцу хьолана тIенисъелла арзхочун йиша Баснукаева Зара а, иза оцу хIусамерчу кхечу петар чохь ехаш хилла.

Кху шеран марсхьокху-баттахь Баснукаевн аьтто хилла Пятигорскан ПхоьалгIачу кассацин кхелехь оцу гIуллакхан керла листар доладайта Нохчийчоьнан Лаккхарчу кхелехь.

  • Ростов-на-Дону гIалахь историн объекташ меттахIиттош йолчу "Мой фасад" вовшахкхетаран векалша диллина кехат яздинера гIалин думан куьйгалхочуьнга, меттиг къепе ялоран бакъонаш хийцар доьхуш. Историн гIишлош таяран низамаш ду дуьйцурш, меттигера Iедал уьш хийцаран хаттар листа ца хIуттуш масех бутт бу.
  • Назранерчу юкъарчу хIусамийн бахархой кхелехула арабохур бу. ГIалин Iедало бина иштта сацам, хIунда аьлча, дуккха а нах реза ца хуьлу шайн лаамехь шайн петарш чуьра арабовла. Цара бахарехь, керлачу хIусаме дехьабовларо церан дахаран хьелаш чолхе доху. Масех шо ду гIалин Iедална а, юкъарчу хIусамийн бахархошна а юкъахь къийсам боьдуш, хIинца кхело листа деза и гIуллакх.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG