ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Соьлжа-ГIаларчу "Ахмат" стадионерчу вип-хьешашна кхача кечбарна 3,5 млн сом дойъур ду бюджетера


Оьрсийчоьнан президентан винчу денна лерина "Ахмат Аренехь" хIоттийначу барамехь ву Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан. 2015 шо
Оьрсийчоьнан президентан винчу денна лерина "Ахмат Аренехь" хIоттийначу барамехь ву Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан. 2015 шо

Соьлжа-ГIаларчу "Ахмат Аренан" стадионехь официлан барамаш дIахьочу йукъанна вип-меттигашкахь кхача латторна 3,51 млн сом дойъур ду бюджетера, ишта хаам бу пачхьалкхана оьшург эцаран сайте хIоттийна. Къовсаман техническан тIедилларехь ма-йарра йуьйцу меню.

Тендер чиллан-беттан 8-хь хIоттийна. Цуьцнца а догIуш, 20 вип-меттигашкарчу уггар дукха 265 стагна лерина кечбийр бу кхача, тIаккха къаьсттина республикан куьйгалхочунна лерина кхин а лакхарчу тIегIанехь кечбийр бу. ТIаьххьарчо 29 гергга хьаша тIелаца мега.

Йехха йазйинчу меню тIехь 75 даар ду дагардеш, царлахь бу базиликца котаман накха, тайхоша санна кечдина дуга, йеттинчу шапталшца нехчийн ассорти, пастица а, фисташкин дамаца а кечйина камамбер нехча, багетах йина чипсаш а, баклажанан крем а, йеттина москал а йолуш салат, масех кепара хьалхара даар, йовханиг, салаташ, мерзалгаш а. Хьалхарчу шарахь санна, нохчийн къоман даарш дац менюхь.

Оцу кепара тенденраш хIора шарахь хуьлу. Массо хенахь санна, оцу къовсамехь тоьлу цхьаъ бен йоцу дакъалацархо – Нохчийчуьра Соьлжа-ГIалин кIоштера Кена-Йуьртара "Конселор 95" компани. 2020-чу, 2021-чу а, 2022-чу а шерашкахь тендершкахь толамаш баьхна цо. Дайначу шарахь вип-хьешашна кхача кечбарна лерина 3,5 млн сом билгалдаьккхира дуьххьара, амма марсхьокху-баттахь керланиг хIоттийра – кхин а 2,3 млн соьманна.

Нохчийн спортан "Ахмат" клуб Американ санкцешна кIелахь йу, Кадыров Рамзанна а, цуьнан гонарчу наханна а гуттара адамийн бакъонаш хьешарна бехкаш дахкарна. Дуккха а нах лечкъор, Iазапехь латтор, низамехь доцуш республикехь нах байъар ду дуьйцург.

  • Нохчийчоьнан пачхьалкхан урхаллин тIедилларкахула йолчу Кхеташоно 2021-чу шарахь йалх контракт тIечIагIдина адамийн бакъонехула долу хаарш совдаха хьажийна барамаш хIиттор. Дерриг вовшахтоьхча оцу Iалашонна дайъинарг ду ворхI миллион сов сом. Иштта, охан-баттахь хилла тендер лерина яра "Адамийн могушалла Iалашъяран а, лоьрийн гIо дIакхачоран бакъонаш ларъеш кхочушъяр" цIе йолу горга стол хIоттон а, иштта "Адамийн бакъонаш хаамийн гIирсашкахь. Бахархойн бакъонан культура ойъуш хаамийн гIирсийн гIуллакх", "Европан адамийн бакъонийн а, маршонан конвенци" семинараш вовшахтоха а, "Адамийн бакъонехула журналистика" цIе йолчу хаамийн гIирсашна лерина мастер-класс хIоттон а Iалашонашца.
  • Пачхьалкхан оьшург эцаран регионан центро тендер хIоттийра, официалан барамашна лерина – дечкен-беттан 31-хь губернаторо Бабушкин Ильяс дакъа а лоцуш, хIотто безаш долчу барамна бюджетера 1,5 миллион сом дайъа кийча бу.
  • Пачхьалкхан оьшург эцаран Дагестанерчу комитето тендер хIоттийна, пачхьалкхан думан лаххарчу паламехь республикан векалш болу депутаташ дIасабига. БархI стаг дIасавигархьама бюджетера 8 млн сом дойъур ду.
  • Кадыров Ахьмадан цIарах 13, миллион соьмана 43 орден йойтуш ю Нохчийчоьнан Iедалхоша. Администрацин куьйгалхочун а, министрийн кабинетан а балхана оьшург латточу центро хIоттийна ю лаккхара орден йан тендер. Кадыровн цIарах орден йина деших, кечйина дезачу тIулгашца.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG