Диабет а, кхиндолу лазарш бахьана долуш массочу ханна молханаш мийла дезаш йолу Мусаева Заремина оьшуш долу молханаш дIакхачадо, амма уьш оьцург лоьрийн санитаран дакъа дац, арахьара нах бу.
Мусаеван кIентий Янгулбаев ИбрахIим а, бакъоларъярхо Янгулбаев Абубакар а воьзна йолчу нохчийн оппозицин 1ADAT телеграмерчу канало дIахьедина цунах лаьцна.
"Ненера кехаташкара цуьнан лач тоьшаллаш кхочура соьга, амма хIинццалц билггала иза хууш дацара цунна", - билгалдаьккхина Янгулбаев Абубакара.
1ADAT-а тидам бо, СИЗО-хь цунна молханаш латтон оьшучул ахча дац, цундела "официалан акташкахь СИЗО-н белхахоша молханаш шайша оьцу, бохуш яздо, амма баккъала а цара уьш кхечу маьршачу нахе оьцуьйту".
Хьалхо Кавказ.Реалиина еллачу комментарехь Янгулбаев Абубакара шен ненан хьолана тоьар долуш санна мах хадийра, амма билгалдаьккхира, СИЗО чохь латторо цуьнан лазарш чолхечу хьоле доху. Масала, цо бахарехь, кхелан кхеташонашкахь дакъа ца лоцу Мусаевас, шена дIасалела хала хиларна.
- Дечкен беттан 20-хь Нохчийчоьнан Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин (МВД) белхалой Мусаева Заремин а, кхелахо лаьттина хиллe Янгулбаев Сайдин а Нижний Новгородерчу петар чу а лилхина нуьцкъаха Мусаева Соьлжа-ГIала дIийигира, теше санна хеттарш дан. Цкъа дуьххара Мусаевана кхело 15 дей-буьйсий туьйхира чохь даккха, полисхочунна тIелатарна а, иза сийсазварна а аьлла, цул тIехьа цунна дуьхьал бехктакхаман гIуллакх диллира - протокол хIотточу юкъанна полисхочунна тIекхетта ницкъ бина аьлла, бехке а еш.
- Лачкъийна ши кIира даьлча бен дуьххьара Мусаева Заремана тIекхача аьтто ца белира адвокатан. Чохьлаттон сацамбеш кхел йоьдучу юкъанна Мусаева кхетамчуьра яьлла яра.
- Кадыровхой ЯнгулбаевгIарна тIаьхьбовлар 1ADAT телеграмера канал лелорца доьзна ду.