ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Соьлжа-ГIалин юккъерчу СОБР-н "къайлах набахтера" видео яржийна 1АДАТ боламо


Нохчийчоь, Соьлжа-ГIала

Жигархоша чIагIдарехь, махкара лецна нах латтош, царна тIехь гIело хьоьгу Росгвардин "Ахмат" СОБР-н къайлахчу набахтах Нохчийчуьрчу Iедалхошна оппозицехь йолчу 1АДАТ боламо шаьш бина таллам арахецна. Видео тIехь дуьххьара гайтина къайлахчу набахтен дакъа – набахтен камерех дIакъастийна оперативникийн чоьнаца екъна кабинет. Иштта гойтуш ю оцу гIишлон схема а, дийцина Кавказ.Реалиига 1АДАТ боламо.

"Кадыровн гонашкахь паника хир ю, къасто гIертар бу, стенгара яьлла тхуна и видео а, материлаш а. Кадыровн пропагандо, гуттар а санна, чIагIдийр ду, фейк ю, кхин хIун дийр дара цара бохуш. Амма факт факт хилла юьсу, оха гIараяьккхина Кадыровн режиман уггар а къайлаха йолу набахте, "и дерриг а фейкаш ю" алар бен кхин хIуммаъ далур дац Кадыровн пропаганде. Гайта тхуна ларма а, казарма а, тIаккха массарна а хуур ду, схемаш ма-ярра цхьаъ юйла", - дIахьедина оппозицин боламехь.

1АДАТ-а зорбане яьккхинчу видео тIехь Янгулбаев ИбрахIима – федералан суьдхо лаьттинчу Янгулбаев Сайдин а, Соьлжа-ГIалахь лаьцна латточу Мусаева Заремин а кIанта- дуьйцу муха кечйина ю кхъайлах набате, 2015-чу шарахь цигахь хилла ву иза.

"Со лаьцначу хенахь, оперативнико Махмутхажиев Зеламхас дIаяьккхира соьгара телефон смартфон, хIунда аьлча, цуьнан телефон йохийна яра. Масех видео а, сурт а даьккхира цо СОБР-н кабинетчуьра. Царна тIехь гуш цхьа стаг ву - [Рамзан] Кадыровна уллора вара иза, цхьаъ даьлла валийна. Цул тIаьхьа оперативнико видео дIаяьккхира, амма уьш цу чохь йисинера сан "облако" чохь а, телефонан иэсехь а", - дIахьедина Янгулбаевс Кавказ.Реалиина лучу комментарехь.

Кхаьстина, Махмутхажиев Зеламха – "Единая Россия" партин цIарах Нохчийчоьнан парламентан депутат волчу, Шуьйта-кIоштан полицин декъан хиллачу хьаькаман Махмутхажиев Имам-Iелин жимахволу ваша вуйла.

  • Зорбанан гIирсаша а, бакъоларъяран организацеша а масийттазза хаамаш бора, Нохчийчохь къайлахчу набахтешкахь латтош ницкъахоша лечкъийнарш, гейш а, ледарло йийлина кадыровхой а хиларх. Ша Кадыров Рамзана дIахьедора, махкахь къайлаха набахтеш яц бохуш.
  • Дечкен беттан 20-хь Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин (МВД) белхалоша ЯнгулбаевгIеран петар чу а лилхина нуьцкъаха, тIе йовха бедарш а ца йохуьйтуш, бакъонашларъярхочун нана Мусаева Зарема Соьлжа-ГIала дIийигира, теше санна хеттарш дан. Дуьххьара Мусаевана кхело 15 дей-буьйсий туьйхира чохь даккха, полисхочунна тIелатарна а, иза сийсазварна а аьлла, цултIаьхьа бехктакхаман гIуллакх долийра цунна дуьхьала – дийцарехь, протокол хIотточу полисхочунна тIелетта, аьлла бехкейина.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG