ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Социалан машанашкахь дастаме лелачу блогершца къийсам латто кхайкхина Юкъараллин палатехь


Солтаев Мансур
Солтаев Мансур

Нохчийчоьнан Юкъараллин палатин декъашхочо Солтаев Мансура довзийтина социалан машанашкарчу масех "дастамечу блогерх" шена хетарг. Цуьнан хьежамашца, "йоьлхучу эфирашкахь оьзда а, гIиллакхе а доцуш" лела уьш.

"Нохчийн юкъаралла тIетайна парламентан спикеро Даудов Мохьмада социалан машанашкахь болийначу балхана. Инстаграмерчу шен эфирехь, ша терго латтор ю къам бехдечу контентна тIехь аьлла, цо дIахьединчул тIаьхьа, оцу "блогерийн" терахь лахделла" догIу, - боху Солтаевс.

Юкъаралхочо дIахьедина, нохчийн кегийрхошна дагахь латто деза къоман сийн кодекс, ишта лара деза шайн гIиллакхаш аьлла.

"Вайн жигаралла а гойтуш, оцу хаттарна тIехь гIо лаца вай",- боху Солтаев Мансура.

Нохчийчоьнан парламентан спикера Даудов Мохьмада емалбира социалан машанашахула юкъарло лелош болу кегийрхой. Инстаграмехула яржийначу видео чохь боху Даудовс: "АгIонаш ю ”ТикТок”, ”Биго". Метр еха мажош а йина, кегий нах Iа хIун ю а ца хуучу эфирашкахь, цу чу цаьрга яздийриг ду боьха. Эхь дац иза? Нохчий иштта лела аьлча а ду инзаре. Дан хIума дац шун? Спортзалаш яц? ГIо спортзале, тIаккха дезар дац шун, цхьа спортсмен тIевеъча, шишанаш кхийса. Маьждигаш дац? Цига гIо, мел боккхуш дIахьо хан, шайн иза оццул дукха хилча".

Даудовс бахарехь, Кадыровс могуьйтур дац, кегийрхой ишта а лелаш, уьш ца совцочу шен гонерчу хьаькамашна.

Парламентан спикерна тIаьххье рогIера дIахьедар дира нохчийн пачхьалкхан филармонин директоро Шагидаева Динас, "культурица боьзна а боцуш, шайггара социалан машанашкахь иллеш олучу артисташца къийсам латтор" бу аьлла .

Дагадоуьйту, 2019-чу шарахь, хIетахь культуран министр хиллачу Дааев Хож-Бауддис, шаьш реза цахилар дIахаийтира синбахамаллин белхахой а боцуш, эшарш, иллеш олуш лелачу кегийрхошна. Министро бехкаш дохура йоьдучу сюжетехь тIебалийначу кегийрхошка.

"Шуна хаьа лела? - хоьттура цо камера тIе а хьежош, кхаа зудабере. - Шайна хетарг лоькху а, шайна ма хетта хелхарш ден а зама тIехтилла аьлла, билгалдаьккхира хьаькамо эфирехь. "ДIахIиттийна низамаш ду: мехкан да а, Iедал а, низам а ду. Забарш цхьангга а йойтур яц", - элира культуран министро телевизионан эфирехь.

Культурин министраллан официалан белхахоша санна, Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан а, цуьнан доьзал а хестош, иллеш ца олу бозуш боцчу артисташа. Цундела церан кхолларалла дехкарца - царна дийриг таIзар хила а тарло аьлла, дIахьедира тергамчаша.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG