ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

100 сов стаг велла Германехь хи дистина, эзарал сов ву доьза вайнарг


Германехь хи дистина хиллачу бохаман тIаьхье
Германехь хи дистина хиллачу бохаман тIаьхье

Германин малхбузехь хи тIедаьлла 100 гергга меттигера вахархо велла. Deutsche Welle ресурсо дуьйцу меттигерчу Iедалхошна тIетевжина, 1,3 эзар ца кхоччуш бу Германин малхбузерчу Арвайлерехь доь доцуш байнарш. Бахьана ду - саццаза охьаоьхучу догIанаша хи дестор.

Оцу кIоштахь хаьдда мобилан зIе, цундела Iедалхойн дегайовхо лаьтта, шаьш болчу меттигах дIахаийта аьтто боцуш уьш бисина хила там бу аьлла, яздо Настоящее Время проекто.

Eon энергокомпанин зерашца, карарчу заманчохь, 165 эзар гергга Малхбузерчу Германехь ток йоцуш бисина, хи дестарца доьзна.

Оцу Iаламан бохамо дина дараш уггар а даккхийчех ду кху тIаьххьарчу шерашкахь аьлла Iедалхоша. Нах беха дийнна эвлаш йохийна, дIасалела транспорт сецна.

Белхан хьокъехь Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташка яхначу, Германин канцлера Меркель Ангелас "катастрофа" ю аьлла, хи тIедалар. Иштта цо билгалдаьккхина, нах кхалхарна ша гIайгIанехь хилар.

Синоптикий хаамашца, догIанаш лаьттар ду Германехь тIедогIучу деношкахь а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG