ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Спецназан университетаца" йоьзна центр коьртачех цхьаъ лаьрра Нохчийчохь


Кадыровхой
Кадыровхой

Нохчийчоьнан премьер-министро Хучиев Муслима республикан коьртачу инвестицин проекташна юкъаэцна спортан, туризман центр, цуьнан гIишло юттуш АО "Мастер" компани яра – иза нисса дIа йоьзна ю Украинерчу тIаме хьийсоран Iалашонца эскархой кечбеш йолчу Оьрсийн спецназан университетаца.

Хучиевн тIедилларца а догIуш, 2020-чу шеран гIуран-баттахь Нохчийчоьнан коьртачу инвестицин проекташна юкъаийцира спортан, туризман центр хьалайоттар, иза дийр ду АО "Многофункциональный спортивно-тренировочный центр Мастер" компанино. Проектан мах – ялх миллион сом.

"Мастер" кхоьллинарг ву ФСБ-н "Альфан" ветеран, "РУС-н", аьлча а, Нохчийчуьра Оьрсийн спецназан университетан директор Чудан Алексей.

Republic хьостано дийцарехь, спортан-Iаморан "Мастер" центро Нохчийчоьнера аренде эцна Гуьмсарчу тIеман жима гIалара латта, ООО "Грозный-Ситин" долахо волу бизнесхо, Кадыровн юьртахо Альвиев Мовсади. 20I19-чу шарахь "Дуьххьара коррупцина дуьхьало латторан зорбано" цунах Кадыров Ахьмадан цIарахчу фондан Нохчийчохь баккхийрачех цхьаъ волу девелопер, соинвестор аьлла. Ур-аттала, цуьнан цхьамогIа компанеш Гуьмсарчу Кадыровн проспектехь фондан уллехь регистраци йина ю.

2015-чу шарахь фондера Альвиевна кара кхечира ООО "Грозный-Сити" компанин 90% дакъош – цо йоьттина Нохчийчоьнан коьртачу гIалахь стигал-баххьаш. И компани яра Кадыров Рамзанан резиденцин уллерчу латтанан долахо.

ООО "Грозный-Сити" долахо хиларал совнаха, Альвиев "Многофукциональный спортивно-тренировочный центр Мастер" компанин куьйгалхо ву, иштта масех компанин кхоллархо а - "Оникс" (Нохчийчохь нехаш дIакхехьаран даккхийра контракташ хIиттайо цуьнца), "Чеченпроект", "Шали-Сити" а.

  • Нохчийчоьнан оьрсашкхьа хиллачех хьалхара президент лаьттина волу Кадыров Ахьмад кхелхина бутт баьлча цуьнан цIарах кхоьллина йолчу фондах зорбанаша республикан таханалерчу куьйгалхочун Кадыров Рамзанан "альтернативан казна" олу. Дукха хан йоцуш фондо арахецна 2021-чу шарера финансийн чоьташ. Ах исламан дуьненна гIо латтош ю бохучу юкъараллин организацино, цхьана шарахь официалехь цхьа сом а ца доьхкина гIоьналлин акцешна. ТIаьххьарчу беттанашкахь фонд иштта масех коммерцин хьукматийн кхоллархо йолчура дIаьяьлла.
  • Гуьмсарчу оьрсийн спецназан университетан 2021-чу шеран финансийн жамIаш девзина, Нохчийчуьрчу Iедалхоша кхуза оьрсий дIакхойкху, йоццачу хеначохь кечам а бина, Украинерчу тIаме хьовсо Iалашонца. ЖамIаша гойту терахьаш ца догIу тIамна "эзарнаш лаамхой" кечбо, бохуш Кадыров Рамзана деш долчу дIахьедаршца.
  • ООО "Грозный-Ситино" 2022-чу шеран ворхI баттахь тайп-тайпанчу Iедалан органашца 23 млн соьманна контракташ хIиттийна. Нохчийчоьнан коьртачу гIалара иштта цIе йолчу стигал-бохь чуьра чоьнийн аренда ю юьйцург. Компани кхоьллинарг а, цуьнан коьрта директор а Альвиев Мовсади ву, Кадыровн уллора накъост олу цунах зорбанашкахь.
  • Гуьмсара спецназан университет карарчу хенахь Оьрсийчоьнан ерриг регионашкара лаамхой шайх олучарна Украинерчу тIаме баха аьтто луш йолчу кхаа меттигех цхьаъ ю. ТIамехь дакъа лацарна царна ахча лур ду олу, вийна меттиг хилахь, доьзална гIо а дийр ду, бахарехь. Хаам бора, хIора кIирнахь университето тIамна 200 гергга "лаамхо" кечвора.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG