ТIекхочийла долу линкаш

ДIадаханчу бIешеран 90-чу шерашкахь кхоьллина спиннер дуьнентIехь шуьйра ловзо йолийhа карарчу 2017-чу шарахь.

Спиннер цIе йолчу ловзоргехь Iехаделла дуьненчохь миллионаш бераш. Юккъехь кхо Iуьрг а долуш, пIелгашна тIехь хьийзош йолу и хIумалг йоцачу хенахь Нохчийчохь а, Малхбузехь а цхьатерра марзйелла берашна а, кхиазхошна а.

И ловзорг стенах йина ю хьаьжжина ду цо гойту я цуьнца бераш гойту „хьуьнарш“ а, ша йинчу материале хьаьжжина чехка хьовзалуш а, вибрацин тайп-тайпаналла йолуш а, ша йоккхучу гIовгIанан лакхалла бен-бен йолуш а хуьлу уьш. Ю царна юккъехь пластиках йинарш а, эчигах йинарш а, серло тухуш я ца тухуш ерш а.

Даханчу бIешеран 90-гIачу шерашкахь кхоьллина йолу и ловзорг дуьнентIехь шуьйра ловзо карарчу 2017-чу шарахь бIаьстен юххьехь бен ца йолаелла. Амма юккъеяьлла масех бутт а балале дуккхаъчу дай-нанойн латкъамийн бахьана хилла царех – дела денна аьлча санна юккъе дуьйлучу керла-керлачу спиннерийн тайпанаш дIадоьху бераша, ткъа тIаьхь-тIаьхьа юккъе яьл-яьлларг механа езох а хуьлу.

Уггаре а йорахниш Нохчийчохь 100 сом доьхуш ю бохуш дуьйцу Веданарчу Сусуева Мелижас. Шен кIанта шаьшшиъ цхьаьна базаран керта дала кхиале кхин садаккха ца юьтуш цхьаъ санна шиъ эцийтира шега, бохуш дийцира цо Маршо радионе.

Сусуева Малижа: „Хьо аьлча дешар яц, гIалахь а, Хасав-юртахь а и хIумнаш йоцург кхин хIума дац схьагуш. Ирах кхоьссина куй царна тIе бен бужур боцуш дукха ю-кх уьш цигахь. Базар юккъе даьлла тхойша далале шиъ эцийтира соьга сайчо. Къена а, къона а, стен а, боьрша а – массо а и хIумнаш пIелгаш юккъе а йоьхкина, иза хьийзочехь бисина бу-кх“.

Европехь а ду Мелижас дийцинчух тера хьал. Нагахь санна Малхбузерчу лоьрийн а, психологийн а спиннерийн хьокъехь йолу ойла вовшех нийса бIостанехьа йолуш екъаелла елахь, - хIунда аьлча цхьаболчу лоьраша и спиннерш концентрацина дика ю боху, ткъа вукхара царах болуш пайда банне а бац, дешарна а, кхечу пайдехьачу хIумнех а бераш хердаран зе доцург боху, - хIетте а, шайн берийн дехаршна дуьхьало ян ницкъ ца тоьучу дай-наноша латкъамаш бо и ловзоргаш яххане а юккъеяьхначарна.

Цу юкъана спиннерш уьш марзйеллачу берийн дай-наношна ахчанца зедеш хилла ца Iаш, шайца цхьа могIа кхерамаш болуш лору Малхбузерчу тергамхоша. Иштта кху деношкахь IалагIоже хаамаш баьржина масех спиннер эккхарца боьзна.

Доккхачу декъехь Цхьаьнатоьхначу Штаташкахь нисделла и ловзоргаш берийн карахь лелхар, цигарчу хаамийн гIирсаша дийцарехь. Иштта, масала, Мичиган штатехь цхьаьна йоIа блутуфца мукъамаш лакхийталуш йолу шен спиннер латийча, иза эккха а иккхина, цIе яьлла, йоллу хIусам яганза яьллера цуьнан.

Европехь а бу карахь лилхинчу спиннерех болу хаамаш алсамбуьйлуш. Борахчу гIирсехь Китайхь еш йолу цу ловзоргашна энерги луш йолу батареяш совтIех йохйаялар хуьлу цу лелхарийн бахьанаш доккхачу декъехь.

Кхин цхьа хIума а ду спиннераш ловзоран тренд тергалечу экспертийн сингаттам кхуллуш. Кху деношкахь Германерчу дай-нанойн цхьаьнакхетараллин векало ХIиндрикс Катяс меттигерчу телевизионехь дийцарехь, карарчу хенахь моде йовлуш ю вуно кхераме спиннерш. Уьш шайна тIелетийн мажйожу ира арсаш а долуш ю, куьг а ца хадош уьш хьовзо берийн говзалла таллархьама йина йолу.

И санна кхераме ловзоргаш фабрикашкахь арахоьцуш яц, кегирхоша шайн куьйга могIарерчу спиннерех еш ю, амма цкъа и хIума юккъедаьллачул тIаьхьа дуккхаъчу берашна чевнаш йиний бен иза ца дерзаран кхерам бу, цо дийцарехь.

XS
SM
MD
LG