ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Юха а «Платонна» дуьхьалбовла бохку кирлелорхой


Дагестанерчу машенлелорхойн протестехь
Дагестанерчу машенлелорхойн протестехь

Дагестанера машенашца гена кир лелочийн юкъаралла кечлуш ю тIебогIучу баттахь протесташка яла

Протестан акци йолор ю «Платон» олучу некъашца кир лелорах йоккхучу йолан тариф лахъяйта. Цул совнах, Оьрсийчоьнан президентан дарже шайн боламан лидер Батужин Андрей хьалхататта дагахь а бу кирлелорхой.

Гарабаьлла некъ…

Кхушеран бIаьста Оьрсийчоьнан Iедало сацамбира федералан некъашца дIасакхоьхьучу кирах луш йолу ял 1,53 соьма тIера 1,90 соьме (километрх) хьалакхачо.

Резабацара езачу машенийн дай. 33 дийнахь лаьтира уьш протестан гуламашкахь. Массарел а жигара хьаьвзира Дагестанера машенлелорхой. Амма «Платон» Iедало юха ца яьккхира.

ТIебогIучу баттахь йолан тарифна дуьхьал йолор ю акци, иза яхлур ю 10 денна, 4 мукъаде юкъа а лоцуш.

Дагестанехь ши юкъаралла ю кирлелорхойн – ерриг а Оьрсийчуьрчу боламан дакъа а, мехкан кирлелорхойн цхьаьнакхетаралла а.

Оьрсийчуьрчу кирлелорхоша президентан дарже кандидат веш хьалхатта кечвинчу Бажутинан накъостий протесте бовла кийча белахь а, шолгIа тоба цкъачунна ойла еш Iа, гIо шаьш я ма гIо те акце, бохуш.

Цхьаболучарна хетарехь, Бажутина шен политикан амбицеш Iабайо нехан протестан гIоьнца, «тхан лехамаш экономикал совбовлуш бац», боху цара.

Вуьйш реза бац оцу къамелашна. Дахначу кIиранах гулам бира кирлелорхоша шайн некъ билгалбаккхархьама, протесте шаьш довлу я ца довлу дийцаре дан, амма ца къастабелла хIинца а. «Иза оха тIедогIучу кIиранах къастор ду», - элира жигархойн векало "Кавказ.Реалиига".

«Пачхьалкхан «распил» (хьал лечкъор) ю дIайоьдуш»

Карара бутт бале Дагестане ваха дагахь волу Бажутин тешна ву шена цигарчу кирлелорхошца юкъара мотт карориг хиларх. «Оха буьйцург цхьа мотт бу», - элира цо "Кавказ.Реалиига".

«Нагахь со сайна аьтто леха араваьлла хилча, эхь хета-х дезарий суна бIаьста Манасе ваха? Ас дуккха а дийцира цигахь нахаца. Массо а бара соьгахьа. Бакъду, ши-кхоъ велира, со сайн политикан хьашташна араваьлла олуш. Хила тарло «политикан хьашташ» а, амма уьш юкъара ма ду, сан сайн ма дац».

Бажутина бахарехь, иза кхета Кавказерчу хьолах. «Iедало цига дуккха а ахча кхочу боху, амма хьенан кисина доьрзу иза? Цигахь еш хIумма а яц. Стенна бу цигахь оццул дукха кирлелорхой? Болх нисбина-кх оцу наха шаьш шайна! ГIажаройчуьра а, Азербайджанера а кир дIаса а кхоьхьуш», - чIагIдо цхьаьнакхетараллан лидеро.

«Регионашкахь индустри кхион еза, ца оьшу футболах ловза хууш а йоцчу пачхьалкхехь еза стадионаш ян. Сибрех юккъера барамехь алапа 7 эзар сом ду. Иза муха мега?» - цецвуьйлу Бажутин.

«Платон» юхаяккхар – иза политикан гIуллакх ду. Пачхьалкхан «распил» ю дIайоьдуш. Идал хитIа кхаччалц мехкан бахам лечкъош бу, Сибрех а, Генара Малхбале а японхошна, китайхошна юхкуш ю», - аьлла хета жигархочунна.

«Платон» юкъаяккхар - ма-дарра аьлча, массо а федералан некъаш цхьаьннан долаберзор ду. Аьчка некъаш Ротенбергаша шайн болуш санна лелабо, ягориг, энергетика – Сечинан ю, иштта дIа кхин а. Ловзабевлла уьш халкъаца, царна Оьрсийчоьнан Федераци шайн долахь беш ю моьтту, ткъа халкъ – хьеша а торуш, зингатий»

«Федералан телегойтийлашка кхачархьама кандидат вала веза»

«Чуьрабевлла бошмашлелорхой» совцорхьама Бажутин Алексей лерина ву президентан дарже гIерта. Оцу тIехь цуьнгахьа ду Дагестанерчу Кирлелорхойн цхьаьнакхетараллан дакъа.

Оьрсийчоьнан кирлелорхойн цхьаьнакхетараллан лидер Бажутин Андрей
Оьрсийчоьнан кирлелорхойн цхьаьнакхетараллан лидер Бажутин Андрей

​«…Ас кхин а алсам эр ду, со Андрей президентан дарже кандидат ваккха веза дуьххьара аьллачех ву. Пачхьалкхан телеканалашка кхача некъ а бу иза тхуна», - элира "Кавказ.Реалиица" къамелдеш Бажутин коьртехь волчу кирлелорхойн цхьаьнакхетараллан Дагестанерчу декъан лидеро Магомедов Камалдина.

Цо бахарехь, кирлелорхой кийча бу протестан акцешна. Хьал хьалхачул а эшна, пачхьалкхо, тIех беза кир лелош йолу машенаш некъаш тIе а йохуш, «садукъдеш» лаьтта доларчу машенашца кирлелочийн.

«Делахь а, ца хаьа тхуна цкъачунна, хIун некъ юьхьарлоцур бу кирлелорхойн цхьаьнакхетаралло. Уьш тхоьл а дукха бу. Вовшахдетталур ду, гур ду-кх», - элира Магомедовс.

Амма иза ца теша Дагестане хьажийна керла куьйгалхо Васильев Владимир шайца бертан къамеле хуур ву бохучух.

«Вайн дерриг а Iедал ду Кремло хIиттийначу хьаькамех лаьтташ. Регионийн коьртехь, цигарчу нехан бала а болуш, меттигера нах хила безара. Тамаша бу кхузахь иштаниг нислахь, гур ду-кх…»

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG