ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Германехь алсамбевлла Оьрсийчура шпионаш


Германина гучубевллачу шпионашна юкъахь уггаре а дукха бу оьрсий.

Германин Iедална гучубийлинчу кхечу пачхьалкхийн шпионашна юккъехь уггаре а дукха Оьрсийчуьра агенташ бу. Кху шарахь цу махкахь дIабахьа безачу харжамашна цу оьрсийн айкханчаша тIеIаткъам бар кхоьру немцойн политикаш.

ТIаьхьарчу итт шарахь Оьрсийчуьрчу шпионийн машанаша шайн жигаралла алсамйаьккхина Европехь. Коьртачу декъехь Германица бала бу церан, немцойн Конституци ларйаран хьукмат цIе йолчу къайлахчу сервисан куьйгалхочо Маасен ХIанс-Георга хьастагIа дуьненаюкъарчу полисхойн цхьаьнакхетарехь динчу дIахьедарца.

Беккъа кху шеран хьалхарчу масех беттанашкахь Германин инарла прокуратурано схьадиллина бархI бехкталламан гIуллакх, оьрсийн айкханчийн немцойн махкарчу иллегалечу жигараллица доьзна.

Юккъера Германехь оьрсийн шпионийн жигаралла алсамйалар ларамаза дац – и мохк Европехь политикан агIор лидерийн меттехь бу, цуьнан позицех бозуш хуьлу я цуьнан позицино тIеIаткъам беш хуьлу кхечу Европерчу пачхьалкхийн куьйгалхойн сацамаш а.

Къаьстина Оьрсийчоьно Украинерчу ГIирма агI-гIайренна аннекси а йина, цул тIаьхьа Украинерчу Малхбалехь сепаратистийн агIонехь гIо даьккхича дуьйна схьа Малхбузенний, Оьрсийчоьнний юккъехь кхоллаелла йолу шело а, Евроберто Оьрсийчоьнна а, Кремлан куьйгакIеларчу концернашна а дуьхьал яьхна йолу санкцеш а Германин урхалла юхахьацаялар бахьана долуш юккъеяьхна а яра, хIинцалца уьш дIа ца йохуш, нуьцкъаллехь латтор а иштта Берлин юха ца яларца доьзна а ду.

Цундела, тамашийна а дац, немцойн коьртачу агенто Маасен ХIанс-Георга ма-аллара, Украинера кризис иккхича дуьйна схьа Кремло шен Германерчу айкханчийн терахь алсамдаккхар а, церан жигаралла лакхаяккхар а.

Оьрсийчоьнан урхалло шен айкханчийн балха тIехь башха керла хIумнаш юккъе а ца доху элира Маасена, цо хьалха Советийн къайлаха сервис хиллачу Пачхьалкхан Кхерамазаллин Комитето, я доцца аьлча КГБ-но лелош хилла болх лелабо кхин дIа а, ткъа „цу балха юккъе догIуш ду, масала, леринчу Iалашонашца дезинформаци яржор а, кхечу пачхьалкхашкахь тIеоьцучу сацамашна тIеIаткъам бан гIертар а.

Цул совнаха, Оьрсийчоьно экстремистечу тобанех пайдаоьцу, шена кхечу пачхьалкхерчу хьолана дестабилизаци ян дагадеъча, къаьстина Малхбалерчу Европин пачхьалкхашкахь я шен луларчу пачхьалкхашкахь“, - аьлла.

Оьрсийчоьнан куьйгаллин и башхалла – Малхбузехь а, шен луларчу пачхьалкхашкахь а дестабилизаци латтон гIертар, цу мехкашкахь шен тIеIаткъам алсамбаккхархьама – билгалйаьккхира шен Маршо радиоца хиллачу къамелехь политолого Асхабов Хьамзата а.

Цунна хетарехь, дуьненан политикехь вайн заманахь лелаш долу ламасташ ша къобалдеш ца хилар гайтар а, и ламасташ ша хийца лууш хилар гайтар а ю Кремлан цу башхаллин Iалашо.

Асхабов Хьамзат: " Оьрсийчоьно дуьненчохь хIоьттина йолу идеологи я керла политикан Iадаташ тIе а ца оьцуш, ша, мелхо а, царна тIеIаткъам бан а лууш, алсамбаьккхина бу и шайн шпионийн болх.

Хьалха советийн республикаш хилла болу мехкаш-м хьехон а ца оьшу, доллучу дуьненчохь а цара беш бу и болх, шайн стратегикаллин интересаш ю аьлла хетачохь а, шайн мостагIий шаьш лоруш болу нах болчохь а".

Цу юкъана Германерчу аьрручу партино динчу парламентан хаттарна жоп луш шинари дийнахь немцойн чоьхьарчу гIуллакхийн министралло зорбане даьхна кхечу пачхьалкхийн айкханчех долу терахьаш.

Цу терахьаша гойту, Германехь уггаре а алсамох гучубийларш оьрсийн шпионаш буйла – даханчу итт шарахь шпионашна дуьхьал схьадиллинчу 123 гIуллакхах 27 Оьрсийчоьнна болх бечу айкханчашца доьзна дара. Оьрсийчоьнна тIаьхьахIоьттина йогIуш ю, ала дашна, ГIажарийчоьй, Туркойчоьй, Китай.

XS
SM
MD
LG