ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

30 шо хьалха Iедал карчо гIортар хилира СССР пачхьалкхехь


30 шо хьалха, 1991-чу шарахь Марсхьокху-беттан 19-чу дийнахь, СССР пачхьалкхехь хилира Iедал карчо гIортар. Iедалан лаккхарчу даржахоша махкахь чолхе хьал кхайкхийра цу дийнахь, ГIирмерчу Форос олучу меттехь садоIуш волу президент Горбачев Михаил зIенах дIа а хадийна.

ГКЧП-на юкъахь вара 8 стаг. Советан пачхьалкхан вице-президент Янаев Геннадий а, тIеман министр Язов Дмитрий а, КГБ-н гIантда Крючков Владимир а, премьер-министр Павлов Валентин а, Чоьхьарчу гIуллакхийн министр Пуго Борис а, Юьртабахаман белхахойн кхеташонан куьйгалхо Стародубцев Василий а, Пачхьалкхан индустрин объектийн а, Iедалан заводийн а ассоциацин куьйгалхо Тизяков Александар а, пачхьалкх ларйон кхеташонан гIантден хьалхара когаметта Бакланов Олег а.


Хууш ма хиллара, цу деношкахь коьрта турпалхо а хилла дIахIоьттира вайн махкахо оцу хенахь Оьрсийчоьнан Федерацин (РСФСР) Лаккхарчу Кхеташонан гIантден декхарш кхочуш деш волу Хасбулатов Руслан. Маршо Радионна ша еллачу цхьана интервьюхь цо иштта дагалецира Марсхьокху-беттан 19-хь шен Iуьйре д1айолалялар.

Хасабулатов Руслан: "40 километр Москохна уллехь Архангельское олучу цхьана эвлахь Iаш вара со. Сан цIа а дара цигахь, уллехь, цхьа ткъех метр, Ельцинан цIа а дара. 7 сахьт даьлча телевизорехула "Лебединое озеро" мукъам а локхуьйтуш ГКЧП йина шаьш аьлла цара и шайн къамел дешшехь хиира суна иза карчам буй а, цара лелош дерг хIун ду а. Ведда чуиккхира со Ельцин волчу. Лахахь цуьнан зуда а ю, и Коржаков боху и "тхьодакх" а ю - цера и "охранник". Бершший а боьхна бу.

"Мичахь ву Ельцин?", - боху ас, - "Борис Николаевич".

"Лакхахь ву", - боху.

ШолагIа тIегIана тIе ведда хьалаваьлча, чIогIа воьхна Iаш ву хIара.

"ХIа, хIинца дIадели вайн гIуллакх!" - боху кхо со гича.-"Крючковс хIинцца арми схьайоуьйтур ю. Вайшиъ таIIийна чувуллур ву, дан хIумма а дац".

"Вай, и бохург хIун ду хьан, дан хIумма а дац?", - боху ас.

"Цхьана шарахь эха шарахь Горбачевс нийса ца лелабо некъ. Демократи хила еза, нахана латта дIадала деза, заводаш дIаяла еза бохуш лелаш верг вайшиъ вацара?"- боху ас.

Кхузахь штаб йийр ю вайшимма аьлла, и духьалояр вовшахтохар дIадолийра-кх ас. ТIаккха оха йоха а йира-кх и ГКЧП.

Нохчийчохь а, кхечу республикашкахь санна адам араделира ГКЧП оьшаш хилар гинчул тIаьхьа. И нах кхин чу ца бирзира меттигера Iедал хийццалц Хасбулатов Русланна хетарехь, нагахь путчан декъашхой жимма тIах аьллча хиллехь, уьш тола а мегар. Амма тIаьхьарчу хенахь Оьрсийчоьнан куьйгалхоша гайтина йолу кIизалла гайта цу хенахь Iедалехь хилла нах кийча бацара. Уьш кхеча заманан нах бара бохаш дийцира Хасбулатовс.

Хасабулатов Руслан: «Цара тIом бинехьара тхо хIаллак дан хала дацара царна. Амма цIий Iано ца лиира царна.

Марсхьокху-беттан 21-чу дийнахь ГКЧП-н декъашхой дIалецира, ша шена тоьхна велла волу чохьарчу гIуллакхийн министр Пуго Борис воцург. 1994-чу шарахь Чиллан-беттан 23-чу дийнахь Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думо амнисти йира ГКЧП-хь дакъалаьцна аьлла чубоьхкинчу нахана.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG