ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Стандарте бехкбиллар – терроризмана гIо лацар. Украинера а, Нохчийчуьра а фильтрацин каппаш


Оьрсийчоьнан эскархо Мариуполехь

Украинан дIалецначу дозанаш тIехь пачхьалкхехула дехьа-сехьа бохучарна лерина фильтрацин каппаш кхуллуш ю Оьрсийчоьно. Пачхьалкхан къилбера а, малхбалера а дIабигначийн а, фильтрацин пункташкахула чекхбийлинчийн а дуккха а тоьшаллаш гучудуьйлу де дийне. Оьрсийчоьнан ницкъахоша низамашкахь йоцчу кепашца бечу белхашна а, маршонех хьегорна а, ницкъбарна а, Iазапаш хьешийтарна а латкъамаш бо адамаша. Бакъонашларъярхоша дузу и, шолгIа тIом боьдучу заманчохь федералан эскарша Нохчийчохь лелийначуьнца.

СССР-н а, Нохчийчуьрчу тIемийн а тIаьхье.

Къилбаседа Кавказехула долчу гIуллакхашца а цхьаьна болх бечу "Iазапашна дуьхьал Командин" (яхначу хенахь – "Iазапашна дуьхьалояран Комитет") юристо Хромов Петра тергойира Советан пачхьалкхера схьа дуьйна Нохчийчохь хиллачу тIемашна тIекхаччалц массарна фильтраци ечу историн. Кавказ.Реалиин корреспондентаца хиллачу къамелехь цо дийцира, Украинера тIом зуьйчу хенахь, шена гира Солженицын Александра ШолгIачу дуьненан тIамехь йийсархошна леринчу лагерийн а, Нохчийчуьрчу шина конфликтехь адамашна фильтраци яр а цхьаьна догIуш хилар.

"Оьрсийчуьра фильтрацин каппаш а, пункташ а шен хьоле истори йолуш ю, -боху Хромовс – 1941-чу шарера схьа дуьйна, оккупаци йинчу территореш тIехь немцойн карабахнарш а, иштта Союзан эскаршна юкъахь тIемаш бийраш а толлуш, луьстуш вовшахтоьхна НКВД-н талламан-фильтрацин каппаш яра".

Цо бахарехь, тIеман йийсархошна "талламбина" ца Iаш, Германи а, иштта кхечу дIалецначу мехкашка белхаш бан хьийсийначу могIарерчу бахархошна а, йа СССР-н дозанаш тIехь еххачу ханна бигинчарна а бора: "1944-гIа шо дирзинчул тIаьхьа каппийн терахьаш кхиа дуьйлира – цIен эскар СССР-н дозане а кхаьчна, Германино оккупаци йина хилла пачхьалкхаш мукъаяха доладелира. Болчу хаамашца, оцу каппашкахула чекхваьлла ах миллион сов йийсарехь хилларг".

Шайн болх Командин белхахоша болийна 2000-чу шарера схьа дуьйна: Нохчийчохь шолгIа тIом боьдучу хенахь федералан ницкъаша бала хьегийтинчу нехан интересаш Iалашйора цара. ХIетахь а, хIинца а маьршачу нахаца Орсийчоьнан эскархойн хилла юкъаметтиг тера йогIуш ю, боху Хромовс.

"Бучехь а, кхечу мукъаяьхначу украинхойн нах бехачу меттигашкахь а даьхна суьрташ зийна ас. Дукхахберш ца тешара, Оьрсийчоьнан эскархой оццул зуламашна гунахь хир бу аьлча. Амма тхан организацино гулдинчу нохчийн гIуллакхаша бIостане тоьшалла до", - тIетуьйхира къамелдинчо. Кхел йоцуш Нохчийчохь байинчу маьршачу нахах лаьцна масех масал даладо цо – Бороздиновская станицехь йина зачистка, тIехйолучу коврана юккъера схьа герз тоьхна вийна 14 шо долу Салатханов Аюб, бехначу оьрсийн салташа тоьпаш тоьхна, меттигера кхо вахархо вуьйш, Сунжехь хилларг

МВД-н ницкъашца лелийна фильтраци

Оцу юкъанна вовшахъяьккхина, цул тIаьхьа кхоьллинчу бакъонашларъяран "Мемориал" центран а, Human Rights Watch организацин а хаамашца, Нохчийчохь хиллачу шина тIамехь хIора пхоьалгIа вахархо фильтрацих чекхваьккхина.

"Нохчийчохь шолгIа тIом болчу хенахь фильтрацин пункташ талламан изоляторш санна кечъеш яра, официалехь уьш юстицин министраллин куьйгакIел яра", - дагалоьцу юристо.

"ХIинца, Оьрсийчохь, Москвахь беха Украинан цхьаболу бахархой спецприемникашка дIатарбо, - кхин дIа дуьйцу Хромовс. – Тергамчийн юкъараллийн организацийн декъашхошкара вайна хууш ма-хиллара, уьш дIаязбо миграцин низам дохийнарш болуш санна, йа бехкебо "полиицн белхахочунна низамашкахь тIедиллинарг кхочуш цадарна". Уьш Украине дIахьийсон безаш бу, амма и деш дац. Москварчу Хельсинкин тобанера тхан белхан накъосташа латкъам бийр бу оцу хан йоцчу латторашна- адамийн цхьа дакъа маьршадоккху".

"МВД-н ницкъашца лелийна фильтраци" лору юристо и процесс. "Украинхойн мухIажарийн дакъа юьстахчу, бакъоларъярхой а, адвокаташ боцчу регионашка дIахьажадо", - тIетуху цо. Нохчийн сценарех къаьсташ хилар и ду цуьнан, билгалдаоккху Хромовс: Нохчийчохь "тоъал локале истори" яр, ксенофобин бух а болуш.

"Фильтрацин каппаш оьшуш ю иштта нах кхерон а, - дерзийра къамел эксперто. – Телефона чуьра информаци дIаяйа гIерта нах, патриотикан татуировкаш а дIайохуш, социалан машанашкара аккаунташ а дIакъовлуш".

Вагонзакашкара цIерпошт

Нохчийчуьра хьалхара тIом иштта бахбийр бу аьлла, ойла яцара – Оьрсийчоьнан буьйраллин Крещатикехь кхаа дийнахь парад латтон а дагахь, Украинера "спецопераци" а санна, дусту "Мемориалан" кхеташонан декъашхочо Черкасов Александра. Нохчийчохь хиламаш боьлхучу хенахь республикехь болх беш вара иза, Оьрсийчоьнан тIемалойх беллачех хаамаш а гулбеш.

1994-чу шарахь хьалхара тIом болалучу заманчохь Моздокехь вагонзакех цIерпошт вовшахтоьхнера фильтрацин пункт шена чохь а йолуш, дагалоьцу цо: "Фильтраци йора кеп-кепарчу нахана тIехь. Цхьана дийнахь ларамза цигахь нисвеллера Нохчийчу хьажийна хилла гIалгIайн ФСБ-н ши белхахо".

Оьрсийчоьрнан салтий Моздокехь, 1994 шо, архивера сурт
Оьрсийчоьрнан салтий Моздокехь, 1994 шо, архивера сурт

Черкасовс бахарехь, фильтрацин каппаш схьайоьллура тIеман дакъошкахь. Ханкалахь (Оьрсийчоьнан тIеман базано дислокаци йинчохь) иза вовшахтоьхнера лаьттах йоьллинчу, мехкадаьтта чохь лелийначу лерринчу яй чохь. ТIаьхьо фильтрпункт гучуелира Соьлжа-ГIалахь, автопарк лаьттинчу меттигехь.

"Мемориалан" лараршца, хIетахь фильтрацех чекхваьккхира бIе стагана тIера масех эзар стаге кхаччалц. Нохчийчохь шолгIа тIом боьдучу хенахь "зачисткаш" ю бохуш, нах лецар шен-шен рожехь долийра. И барамаш дIахьочу юкъанна эвланийн йистошкахь ханна фильтрацин каппаш схьайоьллура – цхьаболчеран кехаташ толлура, цхьаверг сецавора, тIаьхьо дIахоьцура.

"Зачисткаш дIахьош а, "уьш бехачу адресашкахула" а лоьцурш Ханкаларчу тIеман дакъошкахь оьрнаш чохь латтабора, йа Къилбаседа-Кавказан талламан изоляторшка дIахьийсабора, - боху бакъоларъярхочо. – Тутмакхашна кхел ян Iалашо яра. Оцу системин координаторех цхьаъ вара 1999-чу шарера 2005-чу шаре кхаччалц гоьваьлла Стрелков Игорь ("ДНР" шех олучу мехкан тIеман министр лаьттина. – Редакцин билгалдаккхар.).

Черкасовс дийцарехь, Нохчийчохь шолгIа тIом боьдучу хьалхарчу цхьана беттачохь лачкъийнера эзар гергга стаг –мукъабохучу заманчохь уьш берриш а ца биссинера дийна. Масала, 2000-чу шеран Зазадокху-баттахь йийсаре лаьцначу 72 стагах дийна виссира 12 стаг.

Соьлжа-ГIала, 1996 шо, архивера сурт
Соьлжа-ГIала, 1996 шо, архивера сурт

2000-гIа шо юккъе даьллачу хенахь гучуевлира къайлаха набахтеш а. Къайлах латтабора нах лаьцна, таллам ца беш хеттарш дора цаьрга. Ток йоьттуьйтура, дукха хьолахь, бойура, дуьйцу Черкасовс: "Оцу системин уггар а къегинчу тоьшаллех дара – 2001-чу шеран Чиллан-баттахь дачанаш йолчу "Здоровье" олучу меттигехь карийна тIекIелдехкинчу декъийн барз. ЦIенош чохь а, лаьттахь а, урамашкахь а Iохкура декъий. Цуьнан зерашца, мел лахара а 250 дакъа дара цигахь.

ЦIенош чохь а, лаьттахь а, урамашкахь а Iохкура декъий

Къамелдечо бахарехь, тахана Украинехь лелочун барамаш бустийла ю ШолгIачу дуьненан тIамехь хиллачуьнца: "Ледарчу хьелашкахь йолчу блокпосташкахь контроль латтор. Дуккха а нах гулло цигахь, хи дац, нишка ваха меттиг бац, психологин Iаткъам бу. Адамаш доькъу оперативан интерес ерш а, йоцурш а бохуш. Мел а Iедал дIахIоьттинчу меттигашкахь пайдаоьцу нохчийн хилларш санначу къайлахчу набахтех. Цигахь хуьлуш дерг хIун ду вайна хуур ду, дуккха а зераш каракхаьчначул тIаьхьа".

Жоьпаш лучу юкъанна шозза гIаж туьйхира

Мариуполера Николай (цуьнан цIе хийцина. – Редакцин билгалдаккхар) Оьрсийчоьнан дозана тIе дIавигинера – шен дененца и шиъ Ростовн кIошта кхачийра.

Ша чекхваьллачу фильтрацин шина муьрех лаьцна дийцира цо: "Охан-баттахь, Мариуполь гIалин цхьа дакъа "ДНР-н" эскарша дIалаьцча, нах Оьрсийчу дехьабаха болийра. Донецке далийра тхо, полисхойн декъе. 114 стаг вара цигахь. Массеран а суьрташ дехира, телефона тIехь социалан машанаш литтира, доцца хеттарш дира: стенга доьлху, хIунда, Оьрсийчохь бевза-безарш а буй? Вевзаш стаг воцург бертаза дIабуьгура цхьана каппашка. Ас суо студент ву элира, цхьа дика дара, студентийн билет а соьгахь хилла. Суна хьалхха цхьалха ваьккхира цхьа кхин кIант- цуьнан татуировкашка хьуьйсура. Со дика велира аьлла хета суна, хIунда аьлча, соьца йокха стаг хиларна. Цхьа де дайира оцу процессо".

Оьрсийчоьнан салти, 2022-чу шеран Товбеца-баттан 13-гIа де
Оьрсийчоьнан салти, 2022-чу шеран Товбеца-баттан 13-гIа де

Цул тIаьхьа паспортан контролех чекхвелира Николай «ДНР-ра» араволуш, тIаккха шеца болчу некъахошца цхьаьна Оьрсийчоьнан дозане Успенская станице дIавигира иза. Баккхий нах, цо бахарехь, оцу сохьта дехьабовлийтира, ткъа божарий а, къона зударий а латтийра хеттарш тIехь долчу анкетина жоьпаш далийта: "Украинехь Оьрсийчоьно дIахьон спецопераци муха хета шуна?", "Оьрсийчоьнан Федерацин Iедалех лаьцна муха ойла ю шун?", "Украинхойн къоман батальонашкахьа дог-ойла муха ю?", "ВСУ-хь а, СБУ-хь а бевзарш буй?" Анкеташна жоьпаш деллачул тIаьхьа, дагалоьцу къамелдечо, хеттарш дира, могIарерчу духарехь волчу стага.

"Кхечу стагаца цхьаьна чувитира тхойша. Цо хеттарш дечу юкъанна, шозза гIаж туьйхира цунна, цо аьшпаш буьтту аьлла. Соьга хаьттира, 2014-чу шарахь Майданехь варий хьо, нацисташкахьа гIо дохий, мичахь ду сан да-нана. Сан да вийна аьлла хезча, элира: "Снайпер хилла хир ву иза". Суна тIе мохь хьоькхура, со кхеро гIерташ. Шовзткъа минотехь кегийна хир вара со. Ростовн кIоштахь суна бевзачара дIадигира тхо. Дуьхьал баьхкина нах боцурш, схьакхуьйлу нах латточу каппашка дIабуьгура. Украинхойн эскарехь гIуллакх дина хилла цхьа стаг СИЗО дIавигира", - кхин дIа дийцира къамел дечо.

Сан да вийна аьлла хезча, элира: "Снайпер хилла хир ву иза"

Шена уллора бевзачаьргара хиира Николайна, Мариупольна гергарчу фильтрацин пунктехь шина кIиране гергга уьш латтийна хиларх: "Школашкарчу гIишлош чохь хIиттош ю и пункташ. Цигахь ханна хIиттийна маьнгаш ду, массарна а тоьаш ца хуьлу уьш. Цхьаболу нах лаьтта шайн бедарш а тийсина, цу тIе охьабуьйшу, фильтраци ян хан тIекхачаре хьоьжуш. Лийча меттиг бац, теса чохь цIано йо. Дийнахь кхузза юург ло, жим-жима юьллуш".

"Зуда дехьайолуьйту, хIусамда изоляторе дIавуьгу"

Фильтрацех чекхбаьхначул тIаьхьа Украинерчу бахархойх цхьа дакъа СИЗО а, колонишка а кхачадо Оьрсийчохь, билгалдоккху "Евромайдан SOS" къоман проектийн организацин куьйгалхочо Ящук Натальяс. Цуьнан дешнашца, хIора кварталехь лаьттачу блокпосташкарчу фильтрацих чекхбаьхна Охан-баттахь Мариуполера бахархой – Нохчийчохь шолгIа тIом боьдуш лелийначух тера ю сценарий.

"Херсонехь тIетаьIIина сецош бу украинхошкахьа дог-ойла йолу могIарера нах. Царех цхьа дакъа стенгахь ду хууш дац. Тхо кхоьру, Бучехь санна Херсонан кIоштахь а байинарш дукха хиларна. Амма Херсонан кIошт маьршаяккхалц билггал маса стаг вийна хуийла дац",- элира цо.

"Евромайдан SOS" организацин лараршца, Оьрсийчоьно дIалецначу Донецкан а, Луганскан а кIоштийн дозанаш тIехь а, иштта оккупаци йинчу ГIирмехь а болх беш яра 17-нна тIера 19-нна тIе кхаччалц фильтрацин каппаш. 18 болх беш йолчу куьпах лаьцна дIахьедира иштта Европерчу кхерамзаллехула а, цхьаьна болх барехула а йолчу Организацерчу Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн миссин урхалхочун гIовса Остриен Кортнис.

Къаьсттина хала ю фильтраци яран процедура божаршна, тIетуху Ящука: "Нагахь санна, Херсонан кIоштара ГIирме доьзал боьдуш белахь, берашца зуда дехьайолуьйту, ткъа хIусамда изоляторе дIавуьгу. Стандарте бехкбилллар ду – терроризмна гIо латтийна олий. Массо а, стен а, борша а, цуьнан хене ца хьоьжуш, цхьалха воккху, хеттарш до. ХIора дегIа тIехь йинчу татун маьIнех лаьцна дуьйцуьйту, толлу Оьрсийчохь гергарнаш буй, цаьрга телефонаш йетта. Гергарнаш бацахь, лаца кхерам алсамболу".

Массо а, стен а, борша а, мел хан йолуш велахь а, цхьалха воккху, хеттарш до

Дех-ненах къастадой, шайгга хеттарш до берашка. Шина-кхаа сахьтехь хеттарш до зударшка, шина дийнахь-буса а, кхин а сов латтабо божарий. Украинех лаьцна хIун аьлла хета хоьтту, телефон кегайо, социалан машанаш толлу.

"Еленовкехь халлачух терачу каппашка дIахьийсабо лецнарш. Гинчо цхьа хIума дийцира суна: "Хьо ницкъ бина стаг ву, ахь бераш хьийзийна" аьлла хиллера Мариуполерчу стаге. Важа кIоршаме дуьхьал ваьллера, бакъ дац и бохуш, амма иза лаца лууш, цуьнга ла а ца дугIура. Зуда юкъагIоьртинера, иза шен лулахо ву, дика стаг ву иза аьлла. ТIаккха дIахецнера иза, чIогIа аьтто баьллера цуьнан. Кхинберш, берзина а бохуш, гонаш бохуьйтуш, хелхарш дойтуш, сийсазбинера", - дуьйцу Ящука шега дийцинчеран тоьшаллаш а далош.

Украинан президенто Зеленский Владимира далийначу зерашца, ши миллион пачхьалкхан вахархо дIавигина Оьрсийчу. "Евромайдан SOS" юкъараллин лараршца, фильтрацех чекхваьккхирна 1,6 миллион.

Оьрсийчоьнан салташа Украинан дозанаш тIехь лелориг толлуш ю Дуьненаюкъара бехкзуламан кхел, цуьнан белхахоша гулдеш ду тIеман зуламаш дарх тоьшаллаш.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG