ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ЮНИСЕФ: исс миллион гергга Оьрсийчоьнан бахархой меца лела


Оьрсийчохь исс миллион гергга бахархоша мацалла хьоьгу юург а, мерг а ца тоьаш. Берийн Юнисеф фондо арахецначу рапортехь бина ишта хаам.

2018-2020-чу а шерашкахь организацино динчу зерашца, юучуьнца хаъал къоьлла ловш ву Оьрсийчохь 400 эзар стаг. И бохург ду, ахча цатоарна яахIума ца юуш уьш лела. Кхин а Оьрсийчуьра 8,8 миллион стага (6% бахархой) кхача буу, амма юха а узуш.

ТIаьххьарчу ялха шерачохь и ший а гайтам лахбелла. 2014-2016-чу а шерашкахь, билгалдаьккхина документа тIехь, Оьрсийчохь мацалла хьоьгуш вара цхьа миллион вахархо, кхин а 12 миллион вара халла хене волуш.

"Тинькофф Data" талламан центро кхушеран Оха-баттахь бовзийтинчу хаамашца, Оьрсийчоьнан бахархоша мел а лахдина коьрта оьшу кхачан сурсаташ эцар. Цуьнан бахьана ду, эксперташна хетарехь, инфляци кхиар.

Росстатан зерашца, цхьана Чиллан-баттахь 16 проценте лакхабаьлла бахархоша дукха хьолехь дIаоьцуш хиллачу сурсатийн мах.

Бахархошна тIебогIу пайда лахлучу юкъанна масех шо а ду Оьрсийчохь халла бохкучу нахана лерина карточкаш юкъадаха хьийза. Оцу тIехь ойлаяр хьийхира президенто Путин Владимира а цхьаьна.

Зазадокху-баттахь "Левада" центро (Оьрсийчоьнан Iедалша арахьарчу агентийн могIаре яьккхина) бинчу хаттамца, пачхьалкхера 54 процент бахархой реза хилира оцу Iалашонна.

Росстато далочу терахьашца, Оьрсийчуьра 17,8 миллион бахархой (12 процент къоман) хене бовлуш бу, дахаран минимумал а лахара тIедогIуш рицкъ а долуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG