ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Террорист" хьаннах а вало хIинца


иллюстрацин сурт
please wait

No media source currently available

0:00 0:06:07 0:00
Линкана тIе

Дуьненаюкъарчу бакъоларъярхойн "Мемориал" центро зорбане даха долийна Оьрсийчоьно антитерроран низамах пайда а оьцуш, нах набахтешка хьийсорах долу масалш. Оцу могIарахь хьалхара араяьллачу артиклехь боху, "террористашца къийсам латточу моттаргIане а ерзийна, халкъанна тIехь репрессеш ен система ю кхиош".

"Мемориалан" белхахочо Кастромина Дарьяс дуьйцу, муха хийцаделла кху тIаьххьарчу 16 шарахь бехктакхаман низам, мел нах бу, террорна бехке а беш, жоьпе ийзош, набахтешка хьийсош.

" Буьззина, я декъанна бен бехкебоцчу нахана таIзарш ду кхайкхош. КIеззигчу зуламах а баха долийна "терроризм". Динехь – пачхьалкхо магочу кепашца воцург, юкъарлонехь – адам хийцамашка кхайкхинарг. Цхьадолчу девнашкахь хаало стаге кхечу наха диначух жоп долуьйтуш – ФСБ-н талламчаша шаьш-шайггара кхуллу янне а йоцу тоба, кхуллу цунна лидер а", боху "Мемориалан" материало.

Оьрсийчоьнан антитерроран низамо чулоцу 8 бехктакхаман артикл:

- 205, терроран тохар

- 205.1, терроран тохар дан аьтто бар

- 205.2, нах терроран тохар дан кхайкхар, террорризм бакъяр, я нахана марзъяр.

- 205.3, терроран тохар дан йолчу Iалашонца дIахьочу Iаморашкахь дакъалацар

- 205.4, терроран тоба кхоллар, цуьнан барамийн декъахь хилар

- 205.5, терроран тобаннна барамаш кечбар, оцу барамашкахь дакъалацар

- 205.6, деш лаьттачу, я динчу зуламах лаьцна айкх цавалар

- 361, дуьненаюкъарчу терроризман акт.

Авторо билгалдоккху, оцу бехктакхаман артиклаша терроризмна аьттехьа а доцчу зуламех а "терроризм" ала аьтто беш хилар. Масала, могуьйту закъалтна нах лецар а, тIемалойн тобанца лелар а, пачхьалкхан урхаллерчу хьаькамна зуламдар а, Iедал карчо гIортар а, гIаттам айбар а терроризман декъа дига.

1996-чу шарера схьа бехха мур лаьттира Оьрсийчохь лакхахь мел хьахийна зулам бехктакхаман кодексан 205-гIачу артиклца окхуш. Тероран тохар динчунна 5-10 шо кхачадора оцу артикло, динарг гуттар а доккха зулам делахь, оццу артиклца тухура 15-20 шо.

Амма 2017-чу шарахь хьал кхин дара – дуккха а дукха яра арахецна "антитерроран артиклаш", масала, терроризман могIара даьккхира лелхийтарш дан Iамар, дечарна ахча латтор, хьехамашца гIодар, зулам деш воллучунна мотт цатохар.

"ТаIзарш дар чIагIлуш гора, тухучу хенашна шатайпа "ифляци" хIоьттинера. ХIинца антитерроран 8 артиклах 7 ю стаг велла дIаваллалц набахтехь латто магош. Низамаш кхуллучара терроризман тIегIане хIиттийна пачхьалкхехь карчамбан гIортар а, низамехь йоцчу тобанехь тIом бар а", боху "Мемориалан" документо.

"Антитерроран артиклшца" цхьаьна кхиина пачхьалкхехь террорна бехке а беш, набахтешка кхуьйлучу нехан терахь а – 2013-чу шарахь иштаниг вара 56, ткъа 2017-чохь – 388.

Билгалдоккху авторо, хьехочу шерашкахь кхеле ийзийначу нахах стагга а бехках хьалха ваьккхина вацар. Цу тIе, террорна нах бехке хилар листа векалйина яц Москохан, Къилбаседа Кавказан, Приволжскан, Генарчу Малхбаленан мехкийн коьрта кхелаш бен.

"Кавказ.Реалиино" дуккхаза а йина Кавказехь террорна нах бехкебечу кхелашкара репортажаш. Масала, кхушеран аьхка кхел йира Ставропол-махкарчу Кучерлинский юьртан куьйгалхо волчу Орозбаев Мухаремна, 8 шо хан туьйхира, шена вевза стаг Шема тIаме ваха кечвина, аьлла. Орозбаев кIера ца хилира, ша "ламастехь долу ислам" лелош ву бехира.

Кху гурахь Нохчийчуьрчу яхархочо арздира, шен воI Арсанукаев Айда Iедалхоша хьийзийна, терроризм нахана хабаршца марзъеш ша хилар даредайта гIерташ, аьлла. Зудчо дийцарехь, лецира Айда, цо накъостий шен телефон чуьрчу террор хестаечу видеога хьажийтина аьлла. Карарчу хенахь изолятор чохь кхобуш ву Арсанукаев, цунна бехкедо терроризм бакъяр.

16 шо набахтехь такха тIедожийна кхело карарчу баттахь 23 шо долчу ГIебарта-Балкхаройчуьрчу Гугов Исламна. 2014-чу шарахь Шема вахара иза, амма сихха юха веара, дохко а ваьлла. Дена дош деллера ницкъхоша, цуьнан воI тIом бан кхиина а вац, цунна шаьш къинхетам бийр бу, аьлла. Амма стохка шозза кхел йира цунна тIехь, набахте хьажийра.

Яхначу гурахь "Мемориало" хаам баржийра, Дагестанехь ницкъхоша хьийзаво Набиев Сабир, аьлла. Талламчаша цунна бехкедо "Исламан пачхьалкх" олучу тIеман тобанехьа дог лаьтташ хилар, накъостий Шема баха ир-кара хIиттош хьийзар. Бехк тIе ца эцна \Набиевс.

"Терроран организаци кхолларна, цигахь дакъалацарна" олучу артиклца кхелаш йиначех ах сов нах бу лела дихкинчу "Хьизб ут-Тахьрир" юкъараллера – 300 стаг. Амма бакъоларъярхой тешна бу "Хьизб ут-Тахьрир" еккъа цхьана хьежамашца доьзна Оьрсийчоьно терроризмна, экстремизмна бехкеяр низамехь дацарх.

Кхушара массех дов чекхдаьлла кхелехула мот цатохарна бехкебечийн. Петарбухахь гIалгIачунна Эсмурзиевна ши шо делла набахтехь даккха, бехкевина Петарбухахь терроран тохар дан кечлучунна айкх цаваларна. Цуьнца цхьаьна, оццу бехканна набахте хьажийна дагестанхо Омаргаджиев Шемал а. Шиммо а аьрзнаш до шайна тIехь Iедало гIелойина бохуш.

Шуна хетарг

Гайта комментареш

Эзарнаш нохчий даймахка берза йиш йоцуш хиларна бехке ву ша Кадыров, я вац, муха хета шуна?

ХIара Iилманца нисбина кхаж бац. Жоьпаш деллачарна хетарг бен ца гойту кхо.

XS
SM
MD
LG