ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Стенгара ду ца хуу миллиардаш соьмаш. Кадыровн гIоьналлин фондан жамIаш


Кадыров Рамзан
Кадыров Рамзан

Оьрсийчоьнан президент Кадыров Ахьмад веллачул тIаьхьа бутт баьлча цуьнан цIарах кхоьллина регионера юкъараллин фонд (РОФ) хIинца мехкан куьйгаллехь волчу Кадыров Рамзанан "альтернативе казна" ю аьлла зорбанан гIирсаша Дукха хан йоццуш 202I-чу шарахь бинчу белхан финансийн жамIаш зорбане дехира фондо. Гучуделира, нийса ах бохург санна исламан дуьненна гIо деш ю бохучу юкъараллин организацино цхьана шарахь гIоьналлинна цхьа сом а ца дайина хилар. Масех коммерцин структурийн могIаршкара дIаяьлла тIаьххьарчу беттанашкахь фонд.

Нохчийчоьнан куьйгалхочо телеграм-каналехь бен хаамаш бакъ белахь, цуьнан нанас Кадырова Айманис урхалла дечу фондо гIо до Шемарчу мухIажаршна, Мьянмерчу, Урдунерчу бусулбачийн доьзалашна, эзар тоннашкахь сурсаташ кхачайо Эфиопи а, Мекка а, маьждигаш до аннекси йинчу ГIирмехь а, Туркойчохь а, Израилехь а, йоллу Оьрсийчохь а.

Хетарехь, цхьа а сфера яц Кадыровн фондо бтлгалъякханза: шен комаьршачу куьйга цо дIасадоькъу 100 эзар соьмаш дуьненчу девллачу берийн наношна а, беллачу журналистийн доьзалашна а, иттаннаш машенаш оьцу сихаллин медицинан гIо кхачочу станцешна, школашкара кабинеташна мел оьшург латтайо, ММА-н латархочунна Нурмагомедов Хьабибна а, сеператистийн Донбассан лидершна а езачех машенаш ло, 2020-чу шарахь ковидана дуьхьал дозанаш деттачу хьалхарчу беттанашкахь гIо дина 400 миллион гергга соьмана 246 эзар доьзална, денна тIекхоьхьу хьашто йолчарна сурсатийн яьшканаш, хIусамаш йо таро йоцчарна.

"Мархийн цхьана беттачохь (Охан-беттан 2022-чу шарахь. – Редакцин билгалдаккхар.) 4 миллиард соьмана гIо латтийна. Дуьйцург ду финансийн, кхачанан-сурсатийн, техникан гIо. 150 эзар сов доьзалашна гIоьналла латтийна. 1400 тонн сов юург а, молханаш а декъна Донбассан бахархошна. Иштта Нохчийчуьрчу эскархошна лерина 300 гIагI диллина спецтехника а, масех эзар тIеман барзакъ а эцна иштта", - охьадагардо Кадыров Рамзана.

Дустуш аьлча: диъ миллиард сом – Соьлжа-ГIалин ах бохург санна бюджет ю иза. Нохчийчоьнан куьйгалхочо дIахьедина ахча инзаре дукха ду, фондо болх бечу 17 шеран стохка динчу жамIашца цо аьтто бина ялх миллиард соьмаца доьзалийн, ткъа Шемахь латтийначу гIоьналлин барам бу 1,6 миллиард. Оццул ахча дайина фондо ковидан дуьхьал дозанаш тоьхначу заманчохь а.

Уггар а хьал долу фонд

2021-ра шо чекхдолуш Кадыровн цIарахчу фондехь долчу ахчанан барам бара 5,6 миллиард сом. Кхин а цхьа шо хьалха 4,9 миллиард, ткъа 2019-чу шарахь – 7,3 миллиард сом.

Эксперташа билгалдакхарехь, Оьрсийчуьрчу коммерцица йоьзна йоцчу организацешна и барам лакхара бу. Масала, ТимченкогIеран Еленин а, Геннадийн а (Оьрсийчуьра уггар а хьал долчех бизнесмен ву иза, президентан Путин Владимиран доттагIийн могIарехь ву иза) йоккхачу гIоьналлин фондера активаш ю 1,6 миллиард соьмана яра.

Путинан кхечу доттагIчун, Потанин Владимиран, фондан кхин а кIезиг – 273 миллион сом. Вевзаш волчу артистан Хабенский Константинан 2021-чу шарахь гайтина баланс яра - 626 миллион сом. Олигархан Усманов Алишеран "Искусство, наука, спорт" фондан – 275 миллион сом. Кадыровн фонде гIоьртташ ю артистан Хаматова Чулпанан "Подари жизнь" фонд – цуьнан активаш ю диъ миллиард сом.

РОФ-н мах бар, йоьхкинчийн харжан мах, хилла пайда 2021-чу шарахь дIаяздина ду ноль гайтамашца. Урхаллин ахча дIадалар – 44,4 миллион сом, оцу юкъанна цхьана а кепара ахча тIедеана дац. Фондан куьйгалхойн информацица а догIуш, 2019-чу шарахь 6 миллиард соьмана наха ахчанаш дехкинехь (цул хьалха 2,2 миллиард), тIаьххьарчу шина шарахь оцу тайпа ахчанаш кхаьчна цахилар билгалдоккху фондо.

Цхьахйолчу эвлахь меттигерчу совдегаро тIай динера, тIаьхьо зорбанан гIирсашкахь Кадыровн фондан дикаллин гIуллакх санна, дийцадаьккхира

Тамашен ду, амма 2021-чу шарахь, цара шаьш довзийтинчу жамIашца, Iалашонца йолчу харжашна цхьа а кепек яйина яц фондо. И бохург ду, социалан хьашташна а, гIоьналла деш а, конференцеш а, семинараш а, йа кхин тайпа барамаш дIабахьа а хIуммаъ а хьажийна цахилар. Урхаллин харж яр 44 миллион соьмана хиллехь а, цхьа кепек ца елла алапана а, белхан гIуллакхашца дIасавахарна а, гIишлош, чоьнаш, транспорт латторна а. Оцу юкъанна фондана тIехь ю машенаш – вуьшта хилча мичара девр дара дIатакхаза, некъан низамаш дохийна гIуданаш.

Цуьнца дуьхьалхIоттон баланс йолчу "Подари жизнь" фондан социалан хьашташна а, гIоьналлина а йина харж ю 1,5 миллиард сом гергга. Цунна лерина Тимченкон фондо доьхкина 677 миллион йа активийн ах дакъа, Потанинан фондо – 1,3 миллиард сом, Хабенскийн фондо – 500 миллион сом. ХIора ягарйинчу фондан дакъошкахь билгалйина гIишлош а, машенаш а латто а, белхан хьокъехь дIасаваха а, алапашна а йина харж.

Кхин а цхьа башхало ю Кадыров Ахьмадан цIарахчу фондан – нохчийн Iедалхошна муьтIахь доцчу хаамийн гIирсашца къамел дан цалаар. Коммерцица йоьзна йоцу кIезиг организацеш хуьлу журналисташца къамел дан а, шаьш кхочушъечу программех дийца а реза. Нохчийчуьра фондо ца дуьйцу. Дуккхаъчу гIоьналлин акцешна ахча стенгара долу аьллачу хеттаршна жоп хилла дац яккхийчу федералан гIирсашна.

Оьрсийчуьрчу йоккхаха йолчу НКО-н куьйгалхочо, шен цIе яккха дуьхьал хилира иза, Кавказ.Реалиин дехарца теллира Кадыровн фондан жамIаш, дийцира бIаьрла долчу цхьаьнацада̃рех. Царех уггар а коьртаниг ду – официалехь довзийтина жамIаш догIуш дац Федералан ял оьцучу хьукматан сайтехь зорбане даьхначаьрца.

"ФНС-е фондо чуделла жамIаш шен кепаца хIиттийна дац – НКО-но дIадуза деза "Iалашонца ахча хьажор" дакъа даьсса дитина балансехь. Иштта ФНС-е чукхачийначу кехаташлахь дац "Iалашонца ахчанех пайдаэцарх жамI" . ШолгIачу жамIашкахь долуш ду. Иза а низам дохор ду", - дагардо къамелдично.

Цо бахарехь, дукхахйолчу яккхийчу фондашка хьаьжча, Кадыровн фондера доллу ахча Iалашонан дац – Iалашонца фонде хьежо ахча а, дойу ахча а доцуш ду, НКО-н балхаца даим а приоритетехь и доллушехь. ЖамIашка хьаьжча моттало, Кадыровн фондан приоритетехь коммерцин гIуллакх хилар, дерзийра эксперто.

Яьсса пиар?

"Финансийн документаша цхьа мадаре жамIаш гойту, ма-дарра – кепекаш, нохчийн зорбанан гIирсаша юьйцучу фондан таронашца догIуш доцу. Хила тарло, Кадыровн фондан гIоьналла бохуш даржориг ма-дарра аьлча кхечу некъашца ахчанца латтош хила. Масала, спонсорша йа бюджетан схемийн гIоьнца. Ткъа массарна а хазош дIахьедо фондера совгIат олий", - хета коммерцица йоьзна йоцчу автономин "Гражданская инициатива против экологоческой преступности" цIе йолчу организацин куьйгалхочо Шевченко Дмитрийс.

Цо билгалдоккху, тамаш бу-кх кхаа шеран Кадыровн фондан документаци меттахъяккха ясакх оьцучу хьукматан белхахо вахьахь, делахь а, цу тIехь а карон тарло дуккха а интересе дерг.

"Масала, алапашна а, аппарат латто а хьажориг. Амма, юха а олу ас, ала тарло жамIашкахь билггал долу терахьаш ду, дисинарг – кхечу хьасташа мах лун информацин кIадбоцург", - билгалдоккху Шевченкос.

2018-чу шарахь Кавказ.Реалиино журналистийн талламца тIечIагIдира, Кадыров Ахьмадан фондо шена тIеяздина хилар къора а, бIаьрса ледара а долчарна лерина интернатан корпусаш, иштта Пионерское эвлахь 120 охьахуу меттиг болу школа а. Ма-дарра аьлча, и белхаш бинера бюджетан чоьтах, пачхьалкххан цIарах оьшург оьцучу сайтехула – тIелецира кхочушъян Грозгражданстрой, ГУП "Орден дружбы народов Чеченское управление строительства им. Исмаилова", ООО "Геострой" компанеша.

Кху шеран юьххьехь пехашка садоIуьйту гIирс латтор а шаьш бахьана долуш дара аьлла хета фондана. Бюджетера 1,48 миллион сом делира цунах. Кадыров Айманин цIарах йолу ненан а, беран а могушалла Iалашъечу клиникан центрна "совгIатна кхечира" фондера кардиотокографин стерилизатор, операци еш охьавуьллу стол, маьнгеш. Беза мах болу охьабагарбина гIирс богIу 119,2 миллион соьмана Нохчийчуьрчу могушалла Iалашъяран комитетан пачхьалкхан цIарах оьшург оьцучуьнца. Дуккхаъ нислучу масалашлахь хIара цхьаъ ду, бюджетан ахчанах эцна хIума Кадыровн ден цIарахчу фонда гIоьнца эцна ю олуш.

Бакъоларъярхочо Янгулбаев Абубакара иштта тидамбина, 2021-чу шеран жамIашлахь дуккха а долу могIанаш дуьзна цахиларан.

"Билггал а, жигара а болх бечу фондан иштта хуьлийла дац. Цу тIе нулаш хуьлийла дац дойучу ахчанца а, тIебогIучу пайданца а. Кадыровгара а, нохчийн официалан гIирсашкара а вайна кхочучу информацица а догIуш, дуьйцуш дерш хила деза миллионашкахь долларш – девелоперан масаллица фондо гIишлош йо, дIасайоькъу иттаннашкахь хIусамаш, деш ду тIайш, маьждигаш, иттаннашкахь тоннашкахь гуманитаран гIо кхачадо доллу дуьнене, дезачу деношна ахчанаш дIасадоькъу. Iаламат дукха ахча ду иза, амма оцу дойучу ахчанан деш жамIаш дац бухгалтерийн кехаташлахь", - билгалдоккху Янгулбаевс.

Цунна хетарехь, иштта цхьанацадар – бахьана ду хьарамлонаш лелорца а, кхечу экономикан зуламашца доьзна а таллам бан. Амма таханалерачу Оьрсийчохь Кадыровн фондах таллам бийр бац цхьаммо а, аьлла хета къамелдинчунна.

РОФ-на дуьхьал яьхна санкцеш бахьана долуш хила тарло кхоллархошна юкъара араялар а, юридикан  нах дIабахар а

Формалехь талламаш бина бу. Масала, 2016-чу а, 2018-чу а шерашкахь фондах хьоьвсира мехкан юстицин министраллан урхалла а, стенна делахь а, экологин а, технологин а, атоман а тергояран Кавказан Федералан урхалла а. 17 дийнахь талламбира юстицин министралло, хууш дара, цхьа а кхачамбацар карор доцийла.

"Талламаш бина бу хIинцале а, фондан ахчанах йина хIара йа важа аьлла гIишло, ма-дарра дийцича, бюджетан чоьтах йина хилар, РОФ-н гIуллакх долуш хIума дацара иза. Иштта цхьахйолчу эвлахь меттигерчу совдегаро тIай динера, тIаьхьо зорбанан гIирсаша пиар йира, Кадыровн фондан мехала гIуллакх ду аьлла, и бакъ дацара", - масал далийра Янгулбаевс.

"Ликвидация" операци

2021-ра шо чекхдолуш бинчу хаамашца, Кадырова Аймани а, Дааев Абусупьян а, Вайханов Халид а кхин дIа бац РОФ кхоллархой. Оцу юкъанна пачхьалкхан реестрехь хаамаш бац керлачу кхоллархойх. И хийцам баран бахьанаш официалехь довзийтина дац.

Иштта документашлахь хааелла Кадыров Ахьмадан фондан цхьамогIа коммерцин структурашца уьйраш хилар, хила тарло, ахчана "прокрутка" еш, финансийн схемашкахь царех пайдаоьцуш хила. Дуккха а шерашкахь гIоьналлин фонд кхоллархо яра коммерцин структурийн, амма тIаьххьарчу беттанашкахь иштта цхьа могIа хийцамаш хилла.

Масала, 2021-чу шеран Марсхьокху-баттахь цхьана а тайпа кхетор доцуш дIайохийра РОФ фондо юкъаяьккхина "Исламан медицинан Центр", Дечкен-баттахь сецира фонд "Мегастройинвест" компанин кхоллархо йолчуьра – гIишлошъеш ю иза, тIаьххьарчу шерашкахь деклараци тIехь яздира цо миллиардашкахь соьмашкахь хиллачу пайданех, иштта Нохчийчохь иттаннашкахь яккхийчу тендершкахь латториг яра иза.

Чиллан-баттахь "Чеченские минеральные воды" кхоьллинарг йолчуьра дIаелира РОФ, Дечкен-беттан юьххьехь къаьстира ООО "Золотой колос" а дIайохорах – документаш тIехь Ставрополерчу Новопавловкехь регистраци йинчу компанино сурсаташ духкура, ткъа иза кхоьллинарг яра РОФ; стохка ГIадужу-баттахь хиш духкуш хилла ООО "Колизей" а дIаяьккхира, цуьнан уставан капиаталан ах дакъа Кадыровн фондан дара. Цу тIехь доьрзуш дац тептар.

"Оьрсийчоьнна дуьхьал яьхначу санкцешца доьзна хила тарло кхоллархойн декъера арабовлар а, юридикан нах дIабахар а, иштта иштта гIоьртина хир бу кхин дIоггара цIена йоцчу финансийн схемаш тIехь кегари бан", - кхетийра Кавказ.Реалии Къилбаседа Кавказехь болх бечу, шен цIе къайлаяхьа лиъначу экономисто.

***

"Глобалан Магнитскийн актан" буха тIехь Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн санкцийн тептарехь ю Кадыровн цIарах фонд. Организаци масийттазза бехкейира, бюджетан белхахошка бертаза фонде ахчанаш дохкуьйту бохуш, амма Кадыровс бехкаш тIе ца лоцу. Иштта зорбанан гIирсаша хаамбора, фонде ахчанаш дахкар а, ахчанаш дайъар а цIена дац бохуш, Кадыров Рамзанан "альтернативе казна" ю а олуш.

Нохчийчоьнан куьйгалхочун телеграмерчу каналехь ара а хецна, ткъа юха дIаяьккхира Кадыров Ахьмадан цIарахчу фондан, дийцарехь, гуманитаран ду боху гIо кадыровхоша дIасадоькъуш видео. Каналера видео къайлаелира, эксперташа оцу тIера сурсаташ Украинера хиларна тIе тидам бахийтича. Журналистана-талламчана Христо Грозевна хетарехь, Мариуполан бахархошна кадыровхоша лечкъийна сурсаташ декъна хиларан тоьшаллаш ду.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG