ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Стоп, видео яьккхина девли! ТIаме хьийсийна Кадыровн гергара нах Нохчийчу юхабирзина


Соьжа-ГIала, Нохчийчоь
Соьжа-ГIала, Нохчийчоь

Оьрсийн эскаран декъехь Украинерчу тIаме хьовсийна бу бохучу Нохчийчоьнан куьйгалхочун гергарнаш а, уллора нах а марханаш досту даздарш тIекхочуш республикехь гучубевлла. Иштта йоца "тIеман командировка" гайтаме ю, тамашена хIума а дац, аьлла эксперташа. КадыровгIеран цIийнах болу нах дIахьовсор – иза шайн махкахошца уллохь цара шайн синош кхерамна кIел дохкуш санна кеп хIоттон гIертар ду, тIечIагIдо Кавказ.Релиица къамелдинчара.

ТIом болабелча Кадыров Рамзанан критикаша тIедожийра цунна шен гергара нах тIаме хьийсор. Ур-атталла политикна шена а хьийхира тIеман тийсадаларш доьлхучу дозане вахар, шен зевне дешнаш а, украинхойн эаскархошна а, куьйгаллина а тийсина кхерамаш а тIечIагIабан.

Украинерчу тIамна "джихадизаци" йаран кампани Нохчийчохь дIайолийча Кадыровгара дохучу бехкийн терахь кхин а совделира – оцу хенахь муфтий, имамаш, кIоштийн къедаш а тIаьхьа-хьалха буьйлабелира луларчу махкана тIелатар иза "Делан а, динан а некъа тIера сийлахьа тIом бу" баха.

Кадыров шен гергарнаш тIаме хьийсоре кхайкхира украинхойн "Азов" спецназо йийсаре лаьцначу, Нохчийчуьра хила мегачу эскархочо, цуьнан цIе йоккхуш яц. "Кадыров Рамзан, ца оьшу нах байъа. Цулле хьайн вешин кIант, йа хьайн кIант вахийта. Хьайн гергарнаш бахийта, цаьрга байта тIом. Кхечаьрга баха ца оьшу, кхечарна а лаьа дуьненахь баха", - аьлла цо арахецначу видео тIехь (тIом боьдучу юкъанна аьтто бац и видео нуьцкъаха дIаязъяйтина хилар талла. – ред.).

ТIом болабелла бутт баьлча бен ца делла Нохчийчоьнан куьйгалхочо шена ечу критикана жоп – Зазадоккху-беттан 26-хь цо дIахьедина, "бандеровхошца, националисташца, шайтIанашца" Украинехь къийсам латтош КадыровгIеран цIийнах верриг аьлча санна 18 шарера 45 шаре кхачалц хенаш йолу нах бу аьлла. Амма шина гергарчун бен цIе ца яьккхина цо – КадыровгIеран Халидан а, Мехдин а, цо бахарехь, уьш "нийсса тIемашна гергахь долчу дозанехь бу".

Кадыровн гергарнаш цигахь кхалха ма ца безий. Оцу гIуллакхна шортта кхинберш бу – уьш дIа кхалхийта

Кадыров Халид тIаме хьажийра республикера шайн лаамернаш бу бохучеран тобанан декъехь. Оцу хиламехь яьккхинчу видео тIехь Нохчийчоьнан куьйгалхочун гергара стаг ковран юккъера цхьахйолучу машенахь ву, цо дIахьедо "берриг бандерхой а, экстремисташ хIаллакбийр бу" шаьш бохуш. Видео динамикан кепехь эшарца кечйина ю, эскархоша шайн тIеман кийча хилар гойту, "Ахмад сила" боху кхайкхамаш хазадо.

Амма кхечу меттигера яьккхинчу видео тIехь ковра новкъа йоккхуш, доза тоьхначу меттехь лаьттачу зударийн белхарш хеза. Царах цхьамма олу "ерриг Нохчийчоь хьалагIаьттича" цхьа а тIаме хьажор вацара. Оппозицонераша чIагIдо, меттигера бахархой бертаза тIамехь дакъалаца хьежош бу, ницкъаллин структурийн белхахой боцурш, шаьш тIаьхьадевлла лела нах а цхьаьна.

"Шен лаамехь волчун" васт дукха ца ловзийра Кадыров Халида – Охан-беттан 22-хь иза Соьлжа-ГIалин юккъехь хаавелира республикан куьйгалхочун резиденцин кертарчу маьждигехь рузба деш. Цигахь яькххина видео Кадыровн телеграмехь а, меттигерчу пачхьалкхан телехьожийлашкахь а гайтира.

"Суна хетарехь, дерриг логикаца догIуш ду – тикток-видеош яхар дирзина. ТIаккха цигахь кхалха ма ца безий Кадыровн гергарнаш. Оцу гIуллакхна шортта кхин нах бу – уьш дIа балийта", - забаре дийцина оппозицин блогера Абдурахманов Тумсос Кавказ.Релиина еллачу комментарехь.

Кхоччуш барзакъ доьхна – тIамна тIехьа

Бусулбачийн марха досту деза де тIекхачале (фарз мархийн Рамадан бутт чекхбаларна лерина деза де. ХIокху шарахь Стигалкъекъа-беттан 2-хь дара иза – ред.) Нохчийчу юхавеара пачхьалкхан думан депутат Делимханов Адам, Зазадоккху-баттахь Украине хьажийна вара иза, "Мариуполан агIонехьа" куьйгалла деш а вара. "Бинчу балхах" Кадыровна хьалха цо чот луш репортаж арахецна ЧГТРК "Грозный" телехьожийлан ютуберчу каналехь Охан-беттан-30-хь – даздарш хилале ши де хьалха.

Республике юхавирзина кхин а ворхI Нохчийчоьнан тайп-тайпанчу ницкъаллин урхаллин буьйранчаш, царлахь ву Чалаев Замид а – Кадыров Ахьмадан цIарах йолчу полицин леринчу полкан буьйранча.

"Рондели Фондан" (Тбилиси) белхахочо, Украинера тIеман тийсадаларш толлуш волчу историка Квахадзе Алекос Кавказ.Реалиица хиллачу къамелехь билгалдаьккхина, тIемаш боьлху дозанаш дIатаса йиш яц эскархойн – Кадыровца йоьзначу тобананийн буьйранчашна елла официалехь йоцу бакъо ю иза. Вуьшта аьлча, кадыровхойн озабезаме меттиган а, оьрсийн низамна уьш кIел лаьтташ ца хиларан а рогIера тоьшаллаш ду.

"Оьрсийн кхечу регионашкара эскархойн аьтто бац Украинерчу тIеман тийсдаларийн дозанера дIабаха. Даздаршка эхарх лаьцна къамел хуьлийла дац. И дехкар Къилбаседа Кавказан а, Повольжье-н а, иштта кхин йолу бусулба нах беха регинашкара эскархойх хьакхалуш ду. И кадыровхошна бен магийна дац", - хета къамелдечунна.

Берриг аьлча санна Нохчийчуьрчу тобанийн буьйранчаша тидаме ца оьцу тIемаш боьлхучу меттехь телефонаш а, социалан машанаш лелоран а дехкарш, билгалдоккху цо.

Кхераме ницкъ

Зазадоккху-бутт чекхболуш регионан куьйгалхочо шен Мариуполехь оьрсийн эскархошца а, Донбассерчу сепаратистийн республикийн хьаькамашца а хиллачу цхьанакхетаран видео арахийцира. Кадыровца ву оцу тIехь Закриев Якъуб, Кадыров Хас-Мохьмад, Черхигов Идрис, Эдилов Iабдул-Керим, 14 шо долу цуьнан кIант Адам а. "Делан пурбанца и мостагIий байъа, уьш хIаллакбан а новкъа довлуш ду вай", - иштта комментари йо цо шайн новкъадовларна.

Баккъала аьлча, царах цхьаъ мукъана тIаме хьажон аьтто бац Кадыровн, хIунда аьлча, уьш Нохчийчохь лаккхара хьаькамаш хиларна. Закриев – юьртбахаман министр, Кадыров Хас-Мохьмад – Соьлжа-ГIалин мэр, Черхигов – ГИБДД-н куьйгалхо, Эдилов – нохчийн правительстван вице-премьер. Кадыров Адам кхиазхо ву.

"Хала ду церан коьрташкахь хуьлучух лаьцна дийца. Вайна гуш ду хIинццалц Кадыровс маьнги тIехь Iуьллушехь схьайоккхуш йолу Киев, Мариуполь. Кху деношкахь цо Оьрсийчоьно ши бутт хьалха оккупаци йина йолу Херсон кхиамца яьккхина. Кхетий уьш шайх нах кхаьрдий? Суна ца хаьа. Амма уьш нах белочуьра совцуш бац", - комментарий йина рогIерчу цуьнан арахецарна Абдурахманов Тумсос.

Нохчийн салтий хьалха санна муьтIахь хир бац юхабирзича

Кавказ таллархочо, Кавказан къаьмнийн Ассамблейн куьйгалхочо Кутаев Руслана тIаме бахна бохучу Кадыровн гергарчарна а, "хьалха санна муьтIахь хир боцу" нохчийн "нуьцкъаха" шайн лаамерчарна юккъехь йолу яккхийра башхаллашна тIе тидам бохуьйту.

"Шайн лаамехь боьлхурш – уьш Кадыровн режим бIаьрга йан ца езарш бу, амма да хIума ца хиларна, ахчанца кхачамбацарш хиларна, цигахь дакъа лаца деза церан. Кхеташ хила деза, тIамах чекх бевлла, байъинарш гина болу уьш, юхабирзича хьалха санна муьтIахь хир бац. Цера шайн амал хир ю – герз кхийсина нах бу уьш. Уьш Укране баха реза хилар – цара Iедалан луург къобалдо, йа хьалхатоьтту бохург дац", - хета Кавказ толлучунна.

Оьрсийн-нохчийн шиъ тIом боьдучу хенахь герзаца дуьхьало яран зеделларг долу эскархой байъина, йа дIабахана, боху Кутаевс. ХIинца хьалакхиина герз ца девза кегий нах, режимна цхьа а кхерам ца лаьтта цаьргара.

"Тахана Кремлана луург лелорхьама, [Украине] верриг дIахьежаво. Нохчийчуьрчу Iедалхоша шайн куьйгашца кхуллу буьрса, дуьхьало йан кийча болу, тIамах чекх бевллачу бахархойх лаьтта керла чкъор. Хьалха хилла кхерам хир бац цаьргахь – Нохчийн республикера а, Кавказера а хиламашкахь доккха дакъа лоцур болу ницкъ хир бу цунах", - чакхдаьккхина Кутаевс.

Республике юхабаьхкина болу кадыровхойн тобанийн буьйранчаша чот йира кхиамца шаьш украинхойн латтанашна оккупаци яран тIедилларш чекхдаьхна аьлла. Квахадзе Алекос, шен хьостанашна тIе а тевжаш, боху Нохчийчуьрчу эскархойн операци кхиам боцуш хилла.

"Лерина операци ю бохучуьнца а догIуш, дуьххьарчу фазехь Киев кхаа дийнахь схьаяккха езаш яра, шолгIачу фазехь Донбассерчу украинхойн тобанна гуо бан безара. Нохчех лаьттачу эскаро, йа дерриг оьрсийн эскаро царах цхьаъ мукъане Iалашо чекх ца яьккхина. ТIеман агIонера дийца долийча, церан мисси кхиам боцуш хилла", - билгалдаьккхина къамелдечо.

Кадыровхоша ма-дийццара тIеман хьалхенехь дакъа ца лоций гучуделира тIеман дуьххьарчу кIиранашкахь, цуьнан меттана цара лелориг - меттигера нах хьийзор, еса гIишлош дIалецар, гайтаман видеош яхар. Цундела "тикток-эскархой" аьлла цIе тиллина нохчийн тIеман тобанашна.

  • Нохчийчухула волчу чоьхьарчу гIуллакхийн министран гIовсо Ирасханов Аслана рогIера шайн лаамехь бу бохурш Украине дIахьажочу юкъанна цаьрга талораш ца дар дийхира. Эскархошка вистхуьлуш Ирасхановс олу: "Шун Iалашо – вайн оьрсийн къам кIелхьара даккхар ю, нийса дуй? Цундела талораш лелор иза вайн оьшург дац, нийса хир дац иза… вай бахьанехь вайн куьйгалла юьхьIаьржа хир ю".
  • Охан-беттан чакхенехь Нохчийчохь гучуелира украинхойн Мелитополера лачкъийна йолу малхбузехь йина йолу масех миллион евро мах болу юьртбахаман техника. ТIаьхьо хиира, кадыровхойн оцу машенашка болх байта аьтто ца баьлла хилар, геннара царна блок тохарна.
  • Хьалхо Нохчийчоьнан куьйгалхочо дIахьедира, Гуьмсерчу спецназан университето хIора кIирнахь "дIахьажон кечбо 200 гергга шайн лаамехьберш", иштта билгалдоккху цо, буьйцурш шен декъехь кхечу регионашкара бахархой а хилар. Conflict Intelligence Team талламан тобанан хьалханчас Левиев Руслана Кавказ.Реалиина еллачу комментарехь билгалдаьккхира, оцу кепара кечам кхоччуш барамехь бу ала йиш ца хилар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG