ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Страсбурго - бехк буьллу, Оьрсийчоьно - ахча тосу, бераш - байлахь дуьсу…


ТIаьххьарчу шина бетта чохь Европан кхело 30 дов листина 2000-2005-чу шерашкахь лечкъийначу а, доьза байинчу а нохчийн, гIалгIайн. Кху беттан 22-чу дийнахь сацамаш кхайкхина оцу девнех 20-ннан.

Девнийн материалаш кеч а еш, Страсбурге дIакхачийначу бакъоларъярхойн юкъарлонашлахь ю "Мемориал" центр а, "Правовая инициатива" ("Бакъонан жигаралла") а.

Европан кхеле девнаш дIакхачийна, даима хуьлуш ма-хиллара, байначийн гергарчийн цIарах.

Бакъоларъярхоша билгалдоккху массо а девнийн орам цхьаъ хилар – "контртерроран операци" олу барамаш дIахьош "муьлш бу ца хуучу наха" хIаллакбинчу, талламчаша, прокуратуро, полицино я схьа а ца лохуш, я кхел а йоцуш, тесна битинчу кегийнехан гергарчийн леткъамаш.

"Европан кхелан сацамашца а догIуш, пачхьалкх гергарчарна ахча охьадилларал а совнаха, декхаре ю нах бар талла а, бехкечаьргара жоп деха а. Амма Оьрсийчоьно ца до иза, деккъа дIа ахча охьа а дуьллий, паргIат йолу", дIахьедина "Правовая инициатива" юкъараллица болхбечу адвоката Мацев Руслана.

Нохчийчохь динчу зуламех ду Европан кхело теллинчу девнийн доккхах дакъа. Масала, Кулишова Валентинас чуделла арз толлуш бинчу сацамо бахарехь, 2005-чу шарахь тIеман духарахь хиллачу наха Соьлж-ГIаларчу шен цIера лаьцна, полице вигина Кулишов Дмитрий, Валентини воI. Цул тIаьхьа лар йоцуш вайна кIант, массо а инстанцешкахула чекхъяларх, жоп доцуш йисина нана.

2002-чу шеран аьхка тIеман барзакъахь баьхкинчу наха Гихтахь лаьцна вигина Ахметханов Ахьдан. Тешаша дийцарехь, Хьалха-Мартанан агIор дIавигина иза. Iедалан хьукматех цхьа а къера ца хилла шаьш иза вигарх, кIантах хилларг хууш бац гергарнаш.

Оццу хьелашкахь доьза вайина эскархоша 2005-чу шеран бIаьста Шелара Умаров Мохьмад.

ГIалгIайчуьрчу Кукурхоева Азин арз а ду Европан кхело Оьрсийчоьнна бехк буьллу сацам биначех.

2004-чу шарахь лачкъийна Азин цIийнда Цечоев Гирихан. Оржоникидзевскера (тахана – Шолж), шен цIера, Муьжиче вахханчохь лаьцна иза Iедалан ницкъхоша. ШолгIачу дийнахь цунах лаьцна хеттарш дан веъначу полисхочо Мержоев Iисас гергарчаьрга хаийтина, "Гирихан ФСБ-н карахь ву, деношкахь полицига дIавала тарло", аьлла. Цечоев лаьцна кхобуш хилар тIечIагIдина кIоштан прокуратурехь а. Амма я оцу хенахь а, я тIаьхьа а ца кхачийна лаьцнарг полице.

Талламчаша массийттаза сацийна Цечоев лехар, зулам динарш шайна карош бац, аьлла. Лехам лакхарчу инстанцеша массийттаза юха а айбайтина. ТIаьххьара а 2005-чу шарахь Цечоев Гирихан доьза вайна аьлла сацам тIеэцна Соьлжан кIоштан кхело. Цул тIаьхьа 4 шо даьлча яьлла Европан кхеле вайначун зуда. Цунна Страсбурго 60 эзар евро охьадилла декхарейина Оьрсийчоь.

…Тидам шена тIеберзош ду ЦечоевгIеран доьзалх хьарчина, шерашкахь тIаьхьара ца болуш, цхьа бала лелаш хилар. Iедало, ша да доьза вайина 12 шо даьлча, лаьцна Цечоев Гириханан кIант Илес.

Белгородерчу ФСБ-но тIемалошна гIодарна бехкевина иза. Къилбаседа Кавказерчу тIеман кхело 6 шарна набахте хьажийна 2018-чу шеран Iай.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG