ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Суьдхочун Янгулбаевн юккъера кIант федералан лехамашка велла


Соьлжа-ГIала, гайтаман сурт
Соьлжа-ГIала, гайтаман сурт

Суьдхо лаьттинчу Янгулбаев Сайдин юккъера кIант – Янгулбаев ИбрехIим- федералан лехамашка велла, ткъа Соьлжа-ГIаларчу кхело лаца кхайкхийна иза терроризме кхайкхамаш барна. Нохчийчуьрчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан урхаллин сайтехь бина цунах лаьцна хаам.

Baza телеграм-каналан хаамашца, нохчийн бакъоларъяран органийн белхахоша лачкъийна Соьлжа-ГIала дIайигинчу Янгулбаев Сайдин хIумсамнанна дуьхьал а даьккхина бехкзуламан гIуллакх. Мусаева Зарема бехкейина Iедалан векална дуьхьал ницкъбаккхарна. Полицин версица, МВД-н цхьахволчу белхахочун юьхьтIе мIараш тийсина цо, Лахара Новгородера Соьлжа-ГIала ша схьакхачийча.

Дечкен-беттан 20-чохь, шаьш Нохчийчуьрчу МВД-н белхахой ду аьллачу наха Лахара Новгородерчу ЯнгулбаевгIеран петарна чулилхинера. Суьдхо лаьттина Янгулбаев Сайди а, цуьнан хIусамнана Мусаева Зарема а лаьцна Нохчийчу дIадига документаш дара цаьргахь, курхалла лелорца доьзначу гIуллакхан хьокъехь тешаш санна цаьрга хеттарш дан. Суьдхочун статусехь волу Янгулбаевна тIекховда бакъо яцара церан, цундела цхьа Мусаева бен ца йигинера.

  • Дечкен-беттан 23-чохь Нохчийчоьнан информацин а, зорбанан а министро Дудаев Ахьмада хаамбира, Мусаевана чохь яккха 15 дей-буьйсий хан тоьхна полисхочунна тIелатарна а, иза аьшнашварна а аьлла.
  • Мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана видео дIаязйира, ЯнгулбаевгIарна кхерамаш туьйсуш. "Оцу доьзале хьоьжуш меттиг бу набахте йа лаьтта бухахь" аьлла, дIахьедира цо.
  • Евроберто кхайкхамбина Оьрсийчоьне Мусаева Заремя маьрша яккха аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG