ТIекхочийла долу линкаш

Муфтиято юкъадалийна керланиг доьзалехь барт хуьлуьйту некъ я нахера ахча схьаузу гIирс?

Мехкан динан урхалла хьалханча а йолуш, Нохчийчохь юкъадалийна керланиг, царна хетарг, моьттург тидаме оьцуш, цхьа Iедалхо вацахь а, могIарерчу нахалахь, тIетаьIIина дийцаре деш ду.

ХIинца муфтиятана дагадеънарг хIара ду - маре йоьдучо а, зуда ялош волчо а шатайпа чIагIонан барт бо ирсе даха, ца къаста. Церан барт буха, хьалххе кечдинчу кехат-тептар тIехь куьг-язораш дохку, мах беш тоьшаллина балийначу наха а.

Кху деношкахь ишта «гIарчI» аьлла чIагIаме доьзал кхоллалуш теш хиллачех ву Шелан кIоштера Леча.

Леча: "Шина тешо а куьг яздо. ЦIерш язьеш яц. Кхана- лама девне а даьлла, гена долуш хилахь муфтиято къастор ду боху, бехкечунна билгалдаьккхина гIуда 49 эзар ду.

ХIинццалц схьа нийсса ах бохург санна доьзал бухуш бу. Бакълена а нийсонна тIехь къастош хилахь цу керлачо мелла а гIо дан тарло аьлла хета суна-м доьзал ларбарехь. Цхьаболчара-м ахча даккхархьама юкъадаьккхина лору иза".

Ма-дарра аьлча, дукха бахархошна лартIа ца хета муфтиято юьхьарлаьцнарг. Даьлла хIума а доцуш, йитархьама зуда юьтуш берш дукха бац.

Мацах кетIа нуй хьакха арадаьлла керла далийна нускал, нуй хьоькхуш урамехула хьала а яхана, цIенна гена а яьлла, юха шен ков-керт ца карош лелла хиллера-кх.

Къамел дира Теркйист кIоштерчу Мурадова Iайшата.

Мурадова: "ХIан гIуда туьйхи, и охьадилла таро йоцчо хIун дан деза? Шена чохь яа сискал йоцуш а ма бу цхьаберш. Зуда-м мел къечо а ма ялайо. Цо токхам муха бо? Хьаькамашна хIуъу а хетахь, гIийла бохкурш мел дукха бу. Цара мичара ло ахча? Совнаха хIумнаш дукха ду. Ялийнарг Iовдал хилча, я нускал лартIа ца хилча дIа ца яхийтина цунна хIун дан деза? Къаста ца къаьстина цара хIун дийр ду?"

Доьзал боха бахьнаш дукха ду. Шен вешин кIанта хьалхо къоладеш ю аьлла дIаяхийтина зуда, вукхо даре а ца дина шегара ишта ледарло яьллера аьлла. Цигахь бехке мила лара веза, гIуда хьан тоха деза. Динан урхалло лелориг нахана оьшуш хIума дац боху Новр кIоштерчу Iаьрбис а.

Iаьрби: "Сан вешин кIанта йитина зуда, куьйгана дика яц аьлла. ХIокхо къола дина боху, ца дина бохуш къар важа а ца ло. Церан юкъаметтиг муха листа еза. ГIуллакх доццург ду муфтиято лелориг".

Цхьана меттехь доцург кест-кеста юкъа а доккхуш, цхьа таIзарна кхоьллинчу хьукхматах тера тIех шовкъе хьийзаш лору муфтият хьажин мурд волчу Шабазов Гиланис а.

Гилани: "Суна шен метта ца хета динан урхалло лелош дерг. Кхечу меттигашкахь дуьненахь дан а доцу хIумнаш ду лелош. ХIинца долийнарг хIун ду. Маре йоьдучуьнга а, зуда ялочуьнга а, уьш йолаха цхьанхьа балха хIуьттуш санна, чIагIонаш яйта буьйлабелла, тешашка а тIехь куьйгаш а яздойтуш. ДIасакъастахь токхамаша а бойтур бу боху.

Цхьа хIума юкъа а доьлла, нус дIайодахь, хала хене бовлуш болчара мичара охьадилла деза оццул гIуда? Дош доца хIума ду. ХIара гIуллакх ишта дIадодахь майрачун а. зудчун а декхарш аша муха кхочушдо аьлла буьйлабала а сахьт дац".

Хууш ма-хиллара республикехь муфтиято я кхечу Iедалан урхалло юкъадалочу муьлххачу а керлачух хаамийн гIирсашкахула шайна хетарг ала могIарерчу нехан некъ бан а бац. Кхузара, хьал ца хуучунна моттало, Оьрсийчоьнан кхечу кIошташкахь бехачарна-м хIети а, вети а, махкахь юкъадоккхуш мел долу керланиг бахархойн лаамца ду.

И мел бух болуш ду гойту адамех дагавийларо.

XS
SM
MD
LG