ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Набахтехь даккха 27 шо тоьхна Iамеркехь Оьрсийчуьрча депутатан кIантана


Селезнев Роман шен доьзалца.
Селезнев Роман шен доьзалца.

Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штаташкахь Сиэтлан кхело набахтехь даккха 27 шо хан тоьхна Оьрсийчуьрча хакерна Селезнев Романана. Оьрсиоьнан Пачхьалкхан Думан депутатан (ЛДПР) кIант волу иза бехке вина кредитан картанийн номерш лечкъорна а, уьш юха кхечу нахана йохкарна а.

Прокуратурина таллам бича гучудаьлла Селезневс вуно доккха зе дина хилар финансийн хьукматашна. Цу зуламан барам бу 170 миллион доллар.

ХIакеро Селезневс ахча лачкъийначу стуктурашна юкъахь ю 3700 финансин хьукмат а, дерриг дуьнентIехь дIасакхийссина йолу 500 сов компани а, кредитан картанаш долу миллионаш бахархой а.

Бехккъасторхоша бехке лаьрра Селезнев 38 зулам дарна. Прокуратуро дIахьедар дина, и бахьана долуш хIакер вен кхел ягIара аьлла.

Селезневс дIахьедина ша лору низамаш лардон система, амма шен гIуллакхехь кхелан сацам нийса бацара аьлла.

Оьрсийчоьнан векалалла реза яц цунна кхел ярна, ткъа адвокат дагахь ву латкъам бан.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG