ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТаIзар доцуш битина кадыровхой? Нохчийчуьра а, Оьрсийчоьнан кхечу регионашкара а эскархоша вовшашна герзаш деттар


Кадыровн эскархой. Гайтаман сурт
Кадыровн эскархой. Гайтаман сурт

Украинера Донецкан кIоштара Урзуф эвлахь герзаш диттира кадыровхоша а, оккупаци йинчу оьрсийн тIеман комендатурин белхахоша а вовшашна. Мариуполь гIалин мэран хьехамчас Андрющенко Петра бахарехь, виъ эскархо а, ворхI маьрша вахархо а, шайлахь ши бер долуш, байина цигахь. Официалан Соьлжа-ГIалано информаци харцйина, делахь а, кадыровхойн а, кхечу регионашкара эскархойн а девнаш дийларх хьалхо а дуьйцура, билгалдоккху Кавказ.Реалиин редакцино хеттарш динчу эксперташа.

Урзуфехь марсхьокху-беттан 11-чохь герзаш деттарх тIечIагIдира оккупаци йинчу эвлан Оьрсийчоьнехьа йолчу администрацин куьйгалхочо Топузов Ивана а. Цо къастийра, цу йукъахь мила хилла ала ца хаьа шена, амма, хетарехь, оьрсийн эскархой хила тарло аьлла.

Вовшийн белшаш тIера погонаш схьайохура, герзаш деттара

"Цигахь билггал хилла йу комендатура, амма хьаьнца хилла, и ала ца хаьа суна. Комендатура уьш сецон хьийзара, уьш билггал муьлш бара ца хаьа суна. Царех цхьа дакъа могIарерчу нехан духаршца бара, делахь а тIемалой болчух тера дара уьш",- элира цо Astra телегрма-канале.

Украинхойн агIонан версица, къаьркъа мелла хилла цхьа кадыровхо эскархошна тIелеттера. Андрющенко Петран дешнашца, нохчийн эскархой эвларчу курортан зонехь хиллера, цига "садаIа" бахийтинера уьш. ТIеман комендатурица дов иккхина хиллера церан.

"Вовшийн белшаш тIера погонаш схьайохура, герзаш деттара",- йаздинера Андрющенкос.

Цул тIаьхьа Урзуфе чу-ара волу некъ дIакъевлира оккупацин Iедалша карантин кхайкхийра йуьртахь, ткъа Мариуполь гIалин кхеташонан телеграм-каналехь видео йаржийра, хетарехь герзаш диттинчул тIаьхьа йаьккхина.

И хаамаш Нохчийчохь а бакъ ца бира. Мехкан зорбанан министро Дудаев Ахьмада "фейкаш", "пайдабоцу пропаганда" а йу элира, кадыровхой оцу девнна йукъахь хилла бохург. ДIахьедира цо, "нохчийн халкъан цхьа а векал гунахь вац оцу хиллачунна" аьлла. Бакъду, герзаш диттина хиларна керст ца дира цо.

Редакцино хеттарш динчу Урзуфан эвлара бахархоша шайн цIераш ца йохуш чIагIдо, "шина минотехь юкъ-кара саца а деш" герзаш диттира аьлла. Веа респонденто билгалдаьккхира, "хIинца дерриг а дика ду, садаIа дахка а мегар ду" аьлла. Оцу хиллачух лаьцна дийца дуьхьал хилира нах, "хIинца дерриг а дика ду" олура дух-духа. Къамелдинчех цхьаммо а ца элира, конфликт хилла йац.

Шаьш дIа тIемаш беш бу

Оьрсийчоьнан эскархошна дуьхьал лерина Украинехь кадыровхоша лелийначу зуламех лаьцна хиллачу публикацешлахь – Урзуфера хаам бу. Донецкан кIоштахь нах байарх лаьцна информаци гучуйаьлла масех де даьллачу хенахь Украинан ТIеман ницкъийн коьртачу штабо дIахьедира Оьрсийчоьнан арми йуккъера Дагестанера а, Нохчийчуьра а эскархошна йукъахь герзаш деттарх.

ХIара хилам, дуьйцура украинхойн агIоно, Запорожьен кIоштара Михайловка эвлахь хиллера Соьлжа-ГIалара лаккхарчу командирца пропагандистийн видео йоккхуш. ЧIагIдарца, шина а агIор 20 сов стаг вийна, кхин а 40-нна чевнаш йина. Оцу хаамех лаьцна комментарий йина йац Оьрсийчоьнан агIоно.

Стохка оханан-бутт бовш Украинан тIеман министралло хаамбира, оьрсийн эскарша гоне йерзийначу Украинерчу Херсонан кIоштарчу Киселевка эвлахь вовшашна тIе герзаш деттарх Бурятерчу а, Нохчийчуьрчу а эскархоша. Украинхойн агIоно бахарехь, дов даларан бахьанаш дара буряташ тIелата дуьхьал хилар а, нохчашца долчу хьелашкахь "бакъонаш цхьабосса цахилар" а, лачкъийнарг нийса йоькъуш йацар а.

Оццу шеран зазадокху-баттахь Украинехьа тIемаш бечу нохчийн лаамхойн Дудаев Джохаран цIарахчу батальонан командиро Осмаев Адама тIечIагIдира, нохчийн Росгвардих Украинехь "заградотрядех" санна пайдаоьцуш хилар. ТIеман майданара дIасауьду кхечу дакъошкара эскархой сецош хиллера цара. Кху шарахь дийца даьккхира, Белгородан кIошта хьажийна "Запад-Ахмат" батальонан эскархоша украинхойн дозана геннара позицеш дIалецарх. Царна хьалха хIиттийна хиллера салтий

Дахаран хьелашца цабезам

Кадыровхошна а, кхечу регионашкара оьрсийн эскархошна а йукъахь дахаран хьелашца боьзна цабезам бу, цунах йиллина конфликт хила а тарло, боху гуьржийн "Руставелин Фондан" белхахочо, Къилбаседа Кавказехула эксперт волчу Квахадзе Александра.

Кхечу регионашкара эскархошна хета, кадыровхой цхьа леринчу тоьллачу хьелашкахь латтабо аьлла

" Кхечу регионашкара эскархошна хета, кадыровхой цхьа леринчу тоьллачу хьелашкахь латтабо аьлла. И тидамза дуьсийла а йац. Масала, кадыровхой ца бохуьйту луьра тIемаш бечу меттиге, ткъа "Iаьржа" болх буьсу тIеман дакъошна. Дахаран хьелашца доьзна цабезам лерича, муьлхха а девнах чIогIа дуьхьалгIортар нисдала тарло, цунах бахьана а хIоьттина, иштта герзаш детта мега, Урзуф эвалахь а санна",- тешна ву Квахадзе.

Нохчийн дакъошна таIзар деш цахиларан терго йо цо. Экспертана хетарехь, тамаш бу-кх, цхьана агIор Кадыровца боьзначу нахана таIзар дахь, оццул нахала йаьлла инцидент нислахь а.

Кадыровн ницкъашна а, Оьрсийчоьнан эскара йукъара дакъошна а йуккъехь баккъал а чIогIа мостагIалла ду, тIетов Прагера Карловн университетера политологин факультетан профессор Аслан Эмиль а.

"Хан мел йолу йукъ-кара дуьхь-дуьхьал тийсадаларш хуьлу церан. Бахьанаш – карайеанчу тIеман хIонцана тIехь контроль латтор, тIеман хенах хIоттар, къаьмнашна йукъара цабезам. Информаци гучуйелира, 2022-чу шеран бIаьста оьрсийн эскарша украинхошка дIадуьйцу нохчийн дакъоша куп тоьхначу меттигах бохуш. Уьш хIаллакбайта Iалашонца деш хиллера и", - дерзийра политолого къамел.

  • Бахмутана гергахь йийсаре вахначу кадыровхойн "Ахмат" декъан эскархочо Медведник Сергейс дийцира, шайн буьйранчаша дукха хьолахь нохчий йукъахь боцу тобанаш хьийсайо тIеман хьалхарчу позицешка аьлла. Оьрсийчоьнан кхечу регионашкара бахархошна – кхарна, йийсархочо дийцарехь, ледара тIеман гIирс ло, цхьана а кепара уьш кеч ца бо. Медведника тIечIагIдира, Бахмутана гергахь тIемаш беш "Север-Ахмат", "Юг-Ахмат" дакъош хилар.
  • "Медиазона" сайтан зераша дийцарехь, Кавказерчу республикаш Украинерчу тIамехь нах кхалхарца дикка хьалхайевлла йоьлху. Дагестанера, Нохчийчуьра вахархочунна тIамехь валарна кхерам ворхIузза алсам бу Москван вахархочунна болчул а. Йа Вологодск мехкан вахархочунна болчул цхьаъ ах сов.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG