ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Талибанан" урхаллин "керла хатI": маж яшахь – набахтехь


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

ОвхIанистанера божарий хуьйцуш бу дахаран кепаш пачхьалкхехь шен урхалин керла мур болош йолчу "Талибанца" (Оьрсийчохь магийна йоцу организаци – редакцин билгалдаккхар) цхьаьна. Юхаеъна юьхь тIехь чо лелон беза зама – ца лелабахь, таIзар дийр ду. Мажош яшар доьхкуш арадаьллачу омрано ахча доцуш битина парикмахераш. Уггаре аттаниг - етта тарло маж яьшначунна, амма кхосса тарло набахти чу а, яздо Азаттык Радионо.

20 шо хьалха мехкан коьртехь луьралла гойтуш лаьттина "Талибан" ша карарчу хенахь нахаца лараме хьийзаш гайта гIерта, амма кегий нах дика кхета, хIун "керла кеп" йохьуш еъна иза, цо шайна яххьаш тIера мажош дIаяха а ца магош хилча.

— Тхан бакъо яц мажош яцъян я месаш ларга. Маж яьшча, лоьцу тхо "Талибано", олу: "Хьо махкара деддачу Iедалан стаг ву", етта, — элира Азаттыкан овхIанхойн редакцига мехкан къилберчу Урузган провинцерчу вахархочо Хекматуллас.

Ткъа шо долчу жимстаг воккха ца ве арахьара эскарш дIа а дахна, Кабулехь бутт хьалха Малхбузено латтош хилла Iедал дохарх а, ОвхIанистанан коьрте «Талибан» хIоттарх а.

Урузган провинцерчу Тарин-Ковтерчу цхьана къоначу вахархочо, шен цIе къайла а хьош, дийцира Маршо Радион турменийн Азаттык редакцига, шена йиттира ша маж яшарна, де-буьйса даккхийтира лаьцна, аьлла.

Гезгмашин-баттахь арадаьккхина "Талибано" маж яша доьхку омра, цо тIаIзар кхайкхийна низам дохийначунна. Ткъа парикмахерех дерг аьлча, царна ца магадо болх бан, цундела цаьрна хало тIейоьжна, ца карадо напха.

— Тхан корматалла хьашт яц хIинца, чIанаяьлла хIусам, ур-атталла дама а дац чохь, — элира парикмахера Момина. Иза веха Урузган гIала хьалха 70 эзар вахархочух лаьтташ яра, амма хIинца совбевлла бахархой дуккха а – тIамах уьду керла нах хевшина цига баха.

ОвхIанистанехь дисина девли тхо, оха хIун дан деза-те?!

Хьалха Тарин-Ковтерчу парикмахерашна рагI хIуттура, ткъа хIинца, Момина дийцарехь, талибаш чубаьржича, лахъелла цуьнан бизнес 90 процентна.

— Да-нана цомгуш ду сан, декхарш хьерчийна оха тIе, - боху Момина. Иза ша а вац цIера Тарин-Ковтера - Майдан Вардак провинцера ву. Ша махкахула рицкъ лоьхуш ваьлла лела пекъар ву, элира цо журналисташка.

Амма ша схьаваьллачу меттигашка дIаваха таро а яц цуьнан.

— Дела ву гуш, ахча дац тхоьгахь данне а. ГIажаройн махка лела а дихкина тхуна. Йиш яц Пакистане дIадаха а. ОвхIанистанехь дисина девли тхо, оха хIун дан деза-те?! — хоьтту цо.

Юхьанца мажош яша "Талибано" дихкира Гильменд провинцехь – даима а санна экстремистийн тобанаша куп тухучу гIалахь. Лашкар Гах провинцин шахьарахь хаийтира, мажош яшар доьхкуш дуйла, иза ца догIу, боху, ШарIаца.

"ТаIзар дийр ду омра кхочуш цадинчунна. Аьрзнашка вала бакъо яц цхьаьннан а", — аьлла ду омра.

"Талибанан" боламехь информацин, культуран урхаллин куьйгалхо волчу Рашед Гильменд Хьафиза хаам бира Etilaatroz газете, омра арахецнарг Iедалера динан полици ю, аьлла.

Социалан машанехь даьржинчу омрин копешца гуш ду "Талибанан" мухIар, ткъа Гильменда бахарехь, дехкар лела ерриг а ОвхIанистанехь.

"Талибан" хьалха, 1996–2001 шерашкахь хиллачул кIеда хир ю шен низамашца, къинхетаме хир ю бахархошца баьхна официалан векалш гIоьртира омра юхадаккхийта.

Тхо хьалха маьршша доьлхура парикмахерна тIе. Тхаьш товш хилча, дика хетара

Омра дийца даьлча, "Талибанерчу" культуран комиссин куьйгалхочун гIовс Васик Ахьмадуллас (дукха хан йоццуш зударийн спорт хьашт яц аьллачо) Гезгмашин-беттан 26-чохь официалехь кехат даржийра шен твиттер-аккаунтехула, омра дан бакъо йолуш бац иза арахецнарш, аьлла.

Амма омра юкъадаккхарх болчу хаамаша (уьш баьржира Герат провинцехь къолахой ирхъоьхкина аьлла баьржинчу хаамна тIаьххье) кхерийна нах, уьш кхетабоьлла талибаш шайн хьалхалера къиза зеделларг меттахIотош буйла.

1990-чу шерашкахь "Талибано" луьра таIзарш юкъадехира, йора куьг доккху, гIожмаш етта, туьлгаш деттий я тоьпаш тухий стаг воь низамаш.

"Талибан" болам кхоьллинчех, ШарIан режим чIагIъархойх волчу Тураби Нуруддин моллас бутт хьалха дIахьедира, стаг вер, куьг даккхар юкъадала тарло, хьалха санна даьржина ца лелахь а, аьлла.

20 шераш долчу кегий нахана къаьсттина хала ду 2001 шарахь Малхбузенан эскарша яьккхина хиллачу, демократехьа гIерташ хиллачу ОвхIанистанехь яьржина лелла паргIатонаш хIинца йита.

Мода хийцалуш хуьлу, делахь а, мажош яша, яцъян, тоян йиш йоцу хьал дацара овхIанхойн божаршна сатийсинарг.

— Тхо хьалха маьршша доьлхура парикмахерна тIе. Тхаьш товш хилча, дика хетара. ХIинцалерчу Iедало дIаяьккхина и бакъо, — элира Хекматуллас.

Материал кечъеш дакъалаьцна овхIанхойн Азаттык Радион корреспонденташа –цIерш йовзуьйтуш яц, царна кхерамзалла латторхьама.

Ингалсан маттера артикл гочйина Вальсамаки Алисас

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG