ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Талламах еддачу Ростов-ГIаларчу яхархочун бераш буоберийн хIусаме делла


Сухих Аленин бераш
Сухих Аленин бераш

Терроризмана ахчанаш латтийна аьлла, бехкейинчул тIаьхьа Туркойчу дIаяхначу Ростов-ГIаларчу яхархочун Сухих Аленин кхо бер Таганрогерчу социалан хIусамера Ростоврчу номер 7 йолчу буоберийн цIийне дехьадаьхна. Оцу юкъанна, бахьана ца дийцина йа адвокате а, йа берийн нене а – хьалххе ца хаийтина йа буоберийн хIусаман куьйгалле а.

Кавказ.Реалиица хиллачу къамелехь Сухих Аленас дийцина, буоберийн хIусамера хьелаш Таганрогерчу бераш тIеоьцийлехь хиллачух къаьсташ хиларх – коронавирус бахьана долуш гергарчийн аьтто хир бац царна тIекхача цигахь.

"Берашна тIехь Iуналла латточу хьукматера бакъо а яьккхина, кехаташ вовшахдетташ, процедурех чекхъяла еза сан ненан бераш гархьама. Марненан бакъо ю жимахйолу йоI ган, хIунда аьлча, доккхаха долу ши бер цуьнан кIантана дина дац. Сан нана цIа яхана, Якутске, берашна тIехь Iуналла шега дайта гIерташ, кеаташ гулдеш ю иза, хIунда аьлча, Ростовн кIоштахь цунна дуьхьало йина. Бераш цхьаьна ду, амма уьш дог доьхна ду – кхечу цIине дIадигар а царна лазаме даьлла", - дийцина Сухих Аленас.

И дерриге а зудчо дузу регионерчу къайлахчу сервисийн Евгений цIе йолчу белхахочо лелочуьнца – иза вара Сухих бехкеен тероризмех лаьтта гIуллакх лелош верг. Талламан версица, къайлаваьхьначу "Денис" цIе йолчу стагана Шема ваха 2 360 сом ахча дехьадаьккхина хилла цо.

"Евгений хIинца а юха ца воьрзу, суна хетарехь, социалан белхахой цуьнан омраца лелаш бу - берийн дуьхьа со цIа яийта, тIаккха чуйолла а. Хьаькамаш чIогIа дарбелла бу. Сан нене ца делла берийн кехаташ а ур-атталла – ЗАГС-о масийттазза тIекхайкхинера иза, эххар а дуьхьало йина", - дийцина Сухих.

Номер 7 йолчу берийн цIийнехь дуьхьал хилира Кавказ.Реалиина комментари яла.

  • 10 шо долчу Мансура а, 6 шо долчу Хафсас а, 5 шо долчу Сафияс а Таганрогерчу берийн а, кхиазхойн а цIийнехь ши бутт баьккхира. Москвара Соьлжа-ГIала боьдучу цIерпошта тIера, шайн ненаненаца боьлхучу хенахь, полисхоша охьабаьхначул тIаьхьа дIабигинера уьш цига. Юьхьанца дагахь бара нана дIаяхначу шозлагIчу дийнахь бераш Туркойчу цунах дIатоха дIадига, амма бакъоларъяран органийн белхахоша кехаташ схьадехира цаьргара.
  • Ростов-кIоштан дешаран министралло чIагIдарехь, бераш хIусаме кхачийнера, церан да-нана долу меттиг хууш цахиларна, ткъа денана реза ца хиллера бераш шега дIаэца, ненанана стенга йоьду а ца дуьйцуш, кхечу меттиге яха дIаяханера. Iедалхоша дIахьедира, ден-ненан йиш ю шайн бераш официалан органашка а бевлла, дIадига аьлла. Хьаькамаша дуьйцуг харц ду элира Сухих Аленас.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG