ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Тарамова Хьалиматан тIаьхьарчу кхолламо сахьавзийна бакъоларъярхойн


Тарамова Хьалимат
Тарамова Хьалимат

Бакъоларъярхой, журналист Анохина Светлана саготта ю, Дагестане еддачу Нохчийчуьрчу Тарамова Хьалиматан кхолламах кхин дIа хиндолчунна. Фейсбукерчу шен пена тIехь харцдина цо Тарамова шолгIа а яда гIоьртинера бохург. Кху деношкахь BAZA телеграм-канало бинера цунах лаьцна хаам. Бакъоларъярхочунна хетарехь, "цхьана Iалашонца яржийна ю и фейк-информаци".

"Эццахь суна дагадаийтира, оцу тайпаниг хуьлуш хIума хилар. Цхьана инцидентна тIех сов терго тIеозийнехь, и стаг кхин бахьана а доцуш "вайъа" йиш ца хуьлий, иза ведда олий, даржадора, - дуьйцу Анохинас. – Цкъа ведда – юхавалинйа. ШолгIа ведда -юхаверзийна, юха кхозлагIа а… Иза лаца тIаккха аьтто ца кхечира, цхьанхьа а ца карийна, стенга вахна хууш дац, тIаьхьара йовлийша, боьха хIуманаш, тхуна, ишта а дог доьхна дара тхо олу. Лаьар-кх, иза хIоттийна сценарий цахиларх теша".

Карарчу хенахь Нохчийчуьрчу чоьхьарчу гIуллакхийн министралло комментарий ца йитина Тарамова ядарх а, юхаялорах а яьржинчу информацех.

  • Кадыровхоша, ХIинжа-ГIаларчу зударийн къайлабохучу хIусамна чу а лилхина, Мангал-беттан 10-чохь ницкъаша Нохчийчу дIайигина Кадыровн гонерчу, Соьлжа-ГIаларчу "Гранд паркан" директоран Тарамов Аюбан йоI Тарамова Хьалимат. Иза ядош гIодина меттигерчу полицно. Чохь хилла бакъоларъярхой-зударий ницкъхоша текхош, етташ бигина полицин декъе.
  • Хьалхо Тарамова Хьалимата видео яржийра ша лехамашка цаялар доьхуш. Ша шен лаамехь араяьлла цIера, шена еттарх, гIелоярх кIелхьарйолуш, бохура цо. Едда лелларг цакхаьчча юьйр ю, "доьзалан сийн дайъина" аьлла, орца доху бакъоларъярхочо, журналиста Анохина Светланас – Кавказерчу зударшна леринчу "Даптар" порталан коьртачу редактора.
  • Цул тIаьхьа дукха хан ялале, Тарамова гайтира меттигерчу "Грозный" телеканалехь. 35 минотехь яьккхина лерина репортаж гайтира телехьожийло, Нохчийчуьра йоI "лачкъо гIортарх". Видео тIехь цо элира, шен гIуллакхаш дика а ду, цхьаммо а еш гIело а яц шена, "дага ца догIу" шена ша шелтере муха кхаьчна а аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG