ТIекхочийла долу линкаш

Кху деношкахь Оьрсийчуьра Раменск гIалахь чекхаяьлла бIаьрса доцучеран теннисан чемпионат. Нохчийчура тоба а яра цига яхана.

Хьалхара меттигаш яха ца елла цаьрга. Махкахь и спорт юккъеяьлла дукха хан яц. Амма Iалашонехь-м ду, юха шарахь цигахь тола.

Цундела, пIераскан дийнахь цIакхаьчна, са а ца доIуш, Iамораш дIадолийна спортхоша.

Шаьш цига дахар а, оцу ловзаршкахь дакъалацарх а Маршо Радиога дийцира Мальцагов Рустама.

Мальцагов Рустам
Мальцагов Рустам

Мальцагов: "ХIокху теннисах ловза тхо 2014 -чу шарахь дуьйладелла. Кхечу регионашкахь итт сов шарахь ловзуш бу. Тхо цига чемпионате дахча, цхаьцца низамаш а хийцаделлера. Иза тхуна хууш дацара. ХIинца иза хиъна, Дала мукълахь юха шарахь цига гIур а ду, цигара толам а боккхур бу1".

БIаьрса доцучеран теннис ловзаран шен низамаш ду. Са гуш дацахь а, бIаьргашна тIе туьтмIаьжиг а юллий ловза. Иза коьрта низам ду, харцонаш ца хилийта. Нохчиийн тобанехь 3 стаг ву. Шиъ кегий долуш арахь карийначу оьккхургех бохам баьлла ву. Газмагомаев Ислам а ву царех.

Газмагомаев Ислам
Газмагомаев Ислам

"...Сан дагчохь ю серло..."

Газмагомаев: 1997 -чу шарахь сайн вешица новкъахь цхьа хIума карийна, иза иккхина, сан ваша велира, со куьг а доккхуш, бIаьрса дIа а долуш хIума висира. Таханлерачу хьолехь айса схьалаьцначу новкъахь, суна со ирсе хета-кх. Со динехь а ву, спортхо а ву. Суна са гуш дацахь а, сан дагчохь ю-кх и серло".

БIаьрса доцучу кхаа спортхочух лаьттачу тобанан тренер ша бIаьрса долуш ву. Иза царна некъгойтург а, коьрта гIоьнча ву. Хьо спортхо велахь, хьо заьIап стаг хилар диц а дина, хьацар а доккхуш болх бан беза. Шен спортхой ишттачарех бу, бохуш, реза волуш къамел дира тренеро Мустаев Рамзана.

Юккъераниг тренер Мустаев Рамзан
Юккъераниг тренер Мустаев Рамзан

Мустаев: «Спортхо, ша хилахь спортхо хила веза. Ша заьIапхо ву бохуш хила ца веза, и некъ хаьржинехь цо. ХIорш селхана цIабаьхкина, тахана Iаморшка арабевла».

Майго Сулейман ву бIаьрса доцучу теннисистийн тобанера кхоалгIа декъашхо ву. Лакхахь къамел динчу Газмагомаев Исламан санна, аьтто куьг а, бIаьрса а дац цуьнан. Мичара ницкъ а, гIо а хуьлу хьуна а, шу санна болчарна а могIарера стаг санна вахарал сов, спортаца гергарло лело а, аьлла деллачу хаттарна иштта жоп делира спортхочо.

Майго Сулейман
Майго Сулейман

"Ца далуш хIума дац, хьо дIагIиртичхьана"

Майго: "АлхьамдуллилахI бохуш, хастам а беш ву со сайн долчунна. Хьайн дахар дIадахьа деза ахь, хьо заьIап велахь а. Цадалуш хIума дац, хьо дIагIиртичхьана".

Нохчийчохь бIаьрса доцуш официалан хьосташа бахарехь 3 эзар ах эзар стаг ву. Царах доккха дакъа ду, цхацца эккхийтарш бахьанехь заьIап бисина.

"Ламанан аз" цIе йолуш, ампутантийн вовшахттоьхна футболан тоба а ю Нохчийчохь. 4-зза Оьрсийчоьнан чемпион яьлла иза.

ТIедогIучу шарахь бIаьрса доцучу нохчийн теннисхоша а сатуьйсу, шаьш чемпионаш девриг хиларе.

XS
SM
MD
LG