ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Тепсуркаев лохуш гIо дехна бакъоларъярхоша


Тепсуркаев Салман
Тепсуркаев Салман

Нохчийчуьрчу оппозицин IADAT телеграм-каналан модератор лаьттина Тепсуркаев Салман лачкъийна шо кхаьчна, амма хIинца а талламчаша къастийна бац иза волу меттиг аьлла, дIахьединчу бакъонашларъяран Amnesty International юкъаралло кхайкхм бина, иза лачкъорах хаамаш Iорабаха аьлла. Ишта организацино дехар дина Оьрсийчоьнан бахархошка, Тепсуркаев Салман лахар тIедожочу шайх схьакхета аьлла. Кхайкхам бакъоларъярхоша зорбане баьккхина шайн сайтехь дахначу кхаарин дийнахь.

"Шо хьалха вайна нохчийн блогер. Цхьаъ бен доцу мIаратосийла ду – цунна тIехь ницкъбеш яржийна видео. Iедалхошна тIедожаде иза схьакаравар. ГIо дейша, иза лачкъорах кхачам боллуш талламбайта Iедалхой декхаребан", - аьлла бакъоларъярхорша шайн дIахьедарехь.

Amnesty International юкъаралло билгалдаьккхина, иза лачкъийна шо даьлча а иза латтош волу меттиг хууш цахилар.

Бакъоларъярхойн текстана бухахь пайдаэца таро ю, Оьрсийчоьнан Талламан комитетан Нохчийчуьрчу урхаллан куьйгалхочун Волков Виталийн цIарах яздан луучарна йитина кехатан кеп.

  • Тепсуркаев 2020-чу шеран Гезгмашин-беттан 6-чохь вадийра Геленджикера. Бакъоларъярхойн информацица, динчу зуламан декъахь бу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин Нохчийчуьрчу урхаллин белхахой. Цунах дуккха а тоьшаллаш доллушехь, Соьлжа-ГIалахь дуккхаза а дуьхьало йина жигархо вадор таллийтарна.
  • "Iазапна дуьхьалояран комитетан" юристаша Европерчу адамийн бакъонашкахула йолчу кхеле арз хьажийна Тепсуркаевн бакъонаш талхорах лаьцна, иза, ша-шена неIалт а олуш, шишанна тIехаа гIерташ яьккхина видео яьржинчул тIаьхьа. И видео яьккхина жигархо Геленджикехь вадийначул тIаьхьа.
  • Бакъонашларъяран "Мемориал" центро (Оьрсийчоьнан Iедало арахьарчу агентийн тептара язйина "Мемориал", амма и статус шена тIе ца эцна "Мемориало" – редакцин билгалдаккхар) Нохчийчуьрчу оппозицин 1Adat телеграм-каналан модератор лаьттина, 2020-чу шеран Гезгмашин-баттахь лачкъийна волу Тепсуркаев Салман политикан тутмакх лору.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG