ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Теракт кечйеш вара аьлла бехкевечу нохчочун гIуллакхехула теш Оьрсийчуьра дIавахана


Висаев Апти
Висаев Апти

Теракт кечйеш вара аьлла бехкевеш волчу нохчочун Висаев Аптин чохь латторан хан кхин а кхаа батана дIайахйина, иштта сацам бина кхело, адвокаташа и шен хIусамехь латтор дехча а. Цул сов, гучудаьлла, хьалхо ницкъахоша шена тIе Iаткъам бо бохуш латкъамаш дина хилла волу теш Газарчиев ИбрахIим тоьшаллаш даларх ведда, Оьрсийчуьра дIа а вахана. Цунах лаьцна Кавказ.Реалиин редакцига Висаевн хIусамнанас Мутаева Iайшас дийцина.

Хьалхо Газарчиевс бохура, ФСБ-н белхахоша Iаткъам бора шена, Висаевна дуьхьал харц тоьшаллаш де бохуш, дийцина Мутаевас.

Висаев шен хIусамехь чувоьллина латтор доьхуш ходатайство къобал ца йина Красноярскан мехкан кхело, вуно кхераме волчу зуламхочун статус йара цуьнан, тIаккха и вада кхерам бу аьлла бух балийна кхело, амма цхьа а тоьшаллаш ца далийна.

37 шо долу Висаев Апти дайначу шарахь дуьйна чувоьллина латтош ву. Терроризмана а, низамехь доцуш герз лелорна, оьккхуьйтурш дIайаларна а бехкево и. Амма бехкаш тIе ца лоцу цо, гIуллакх харц бух тIехь кхоьллина ду бохуш.

Висаевн хIусамнанас бахарехь, цхьадолчу ладегIаршкахь талламан теш волчу Садыков Радмира цуьнан хIусамдегхьа тоьшаллаш дира.

"Цо дийцира, цхьа стаг экстремизме кхойкхуш хилла цо бохуш Аптина бехке дохкуш долу инстаграмера йозанаш цхьана декъехь сан хIусамдас цуьнга, Садыковга кхехьийтинчу йозанех лаьтташ ду. Аптина дуьхьал долу бехкаш харц хиларан тоьшалла до цо", – аьлла Мутаевас. Цо бахарехь, оцу йозанийн автор билгалваьккхина вац экспертизица.

РогIера кхелан ладегIарш 2023-чу шеран дечкен-беттан 16-хь хир ду.

  • Красноярскан кIоштан къайлахчу сервисийн урхалло (ФСБ) Висаевн хьокъехь беш хилла таллам бирзина. Иза бехкево, терроран тохар дан стаг юкъаийзорна а, и кхочушдеш гIодарна а, иштта бакъо йоцуш герз латторна а. Велла дIаваллалц набахтехь яккха хан тоха кхерам бу цунна, амма цуьнан гергарчара чIагIдо, юьхьанца дуьйна и гIуллакх бух боцуш, цара шаьш айдина ду бохуш.
  • Хьалха Висаев терроризмана тIехула набахтехь хан йаьккхина ву. Дейтта шо ахшой хан текхна цо набахтехь. Нохчийчоьнан Лакхарчу кхело 2005-чу шарахь бехкевира иза бакъо йоцуш герз лелорна а, Оьрсийчоьнан ницкъхошна тIелатарна а, теракташ йарна а. Бехкаш дахкаран бухехь нисделира хIетахь бехкевечо ша дина мукIарло. Кхел йоьдучу хенахь Висаевс дIахьедарехь, бехкаш тIелацийтира цуьнга тIехь ницкъ а бина.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG