Туркойчоьнан полицино 49 стаг лаьцна, уьш террорхойн тобанца ДаIишца зIенехь хилар шеконца. Anadolu агенталло бечу хаамца, лецнарш йоккха теракт ян Iалашо йолуш бара. Полицина лецначаьргахь дуккха а герз а, тIеман гIирс а, аммуници а карийна. Лецначех 41 стаг кхечу пачхьалкхийн вахарх ву. Уьш лецна низамхоша рейдаш дIахьочу хенахь.