ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Террорхойн билгалонашца буьйлабелла лелара": даIишна байIат дарна бехкебина Гуьржийчохь нохчий


Гуьржийчоь, Дуиси
Гуьржийчоь, Дуиси

Гуьржийчуьрчу ПIаьнгазан чIожехь лерринчу операцехь пхи нохчо лаьцнера. Шеконаш кхоллаелла, цара экстремистийн "Исламан пачхьалкх" (Оьрсийчохь а, кхечу мехкашкахь а йихкина ю) организацина байIат дина хиларх. Гуьржийн бакъонашларъярхойн хеттарш кхолладелла спецопераци бахьана долуш, ткъа меттигерчу нохчийн диспоро дIахьедо лецнарш бехке цахиларх.

Марсхьокху-беттан 24-чохь Гуьржийчоьнан пачхьалкхан кхерамзаллин урхаллан (СГБ) спецназхой Ахметан кIоштарчу шина эвла чубаханера. Царех цхьаъ, Дуиси яра, ПIаьнгазан чIожехь ю иза, къаьсттина дукха бу цигахь бехаш нохчий. ШолгIаниг, Корети, гена йоццуш ю иза а.

Лецна Мачаликашвили а, Цатиашвили а, Багакашвили а, Кавтарашвили а, Маргошвили а бехачу эвлара пхи цIа гоне лаьцнера спецназхоша. Мобилан телефонаш а, компьютерш а дIаяьхьина къайлахчу сервисаша, лецира пхи стаг. ЦIенойх хьовсучу заманчохь герз карийна дац хIусамашкахь.

Лаьцначарлахь ву Мачаликашвили Мохьмад, Цатиашвили Юсуф, Багакашвили Гамза, Кавтарашвили Рамаз, Маргошвили Рамаз. 18 шерашкара 20 шерашка бевлла кегийрхой бу уьш.

Герзаш ца детташ, вийна-лазийна стаг а воцуш йирзина спецопераци.

2017-чу шарахь ПIаьнгазан масех ярташкахь оцу кепара леррина операци дIахьош спецназхочо герз тоьхна вийра 17 шо долу Мачаликашвили Темирлан. Кхиазхо лаца гIоьртинера Чатаев Ахьмада куьйгалла дечу террорхой тобанца уьйраш хилла аьлла. Ахьмад террорхошца хилар тIечIагIдина делахь а, Темирланан бехк хиларх тоьшаллаш дац.

КIентан да Мачаликашвили Малхаз хIетахь дуьйна тIаьхьаваьлла лелаш ву, шен воI вийначарна таIзар де бохуш. Тоххара дIахьедира цо, спецназан салтичо "дIахьедар доцуш герз тоьхна", ткъа спецопераци "куьйгаллехь йолчу партин интересашкахь дара" аьлла.

Ткъа хIинца Гуьржийчоьнан пачхьалкхан кхерамзаллин урхалло сацамбина, бехкебечийн цIераш Iораяьхна ца Iаш, масех бутт хьалха диллинчу бехкзуламан гIуллакхах цхьадерг ма-дарра довзийта а. "Террорхойн организацехь дакъалацар" артиклехь долийна ду гIуллакх. Гуьржийчоьнан Зуламан Кодексехь уггар а шогачех ю и артикл. 20 шо гергга хан кхачайо оцу артиклехь таIзаре хIиттийначарна.

Талламан версица, "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанех дIакхеттера шеконашка эцнарш, шайн гонашкахь Гуьржийчоьнан эмир а хаьржинера цара, цул тIаьхьа организацин лидерна байIат динера, шаьш дуй бууш видео тIе дIаязйира, ткъа иза яржийна даркнетан ресурсашкахь, Шема дIабаха Iалашо хиллера церан.

Цул совнах, СГБ-н чIагIдарца, "террорхойн организацин билгалонашца дIасалелара уьш".

ТIаьххьара чIагIдар доьзна ду, "Талибанан" (Оьрсийчохь а, кхечу мехкашкахь а йихкина ю организаци.-Редакцин билгалдаккхар.) тIемалоша Кабул дIалаьцча, лаьцначарех цхьаъ юьртахула волавелла хиллера церачух тера кIайн-Iаьржа байракх карахь. Кавказ.Реалиига бина цунах лаьцна хаам церан хьасташа, билггал информаци тIечIагIйина яц.

Оцу юкъанна, ПIаьнгазахь тIаьххьалц лелош дара паргIат, маьрша,"ламастан" ислам, билгалдоккху Кавказ толлучу аналитико Арешидзе Мамука.

"Амма, меттигерчу нохчийн кегийрхошлахь цхьа билгалбевлла ницкъаш бара салафизм хьоьхуш, шолгIа, альтернативе маьждиг а цхьана динера цигахь", - тIетуху къамел дечо.

"Денна маьждиге лелара иза, амма цхьа девне воцуш, эсала, къахьоьгуш кIант вара иза

Гуьржийчоьнан СГБ-но цкъачунна тоьшаллаш дуьхьалдаьхна дац лецнарш бехкехиларх, ишта гайтина яц юьйцу, даIишна байIат ден, видео а.

Тарло иза а, кхин долу тоьшаллаш а кхелан процес йоьдучу хенахь гучудаха, делахь а, тIаьххьарчу шерашкахь хуьлуш долчуьнга хьаьжча, оцу гIуллакхашна тIехула хIиттон кхелан кхеташонаш къевлинчу неIаршкахь дIахьо, журналисташ чу а ца буьтуш, "талламан а, пачхьалкхан кхерамзаллин интересашкахь а" олий.

ПIаьнгазан чIожера нохчийн юкъаралло а, шеконашка эцначийн гергара а дохку бехкаш тIе ца дуьту.

"ХIаъ, денна маьждиге лелара иза, амма амма цхьа девне воцуш, эсала, къинхьегам безаш кIант вара иза. Ма-дарра аьлча, бер ду-кх хIинца а", - аьлла журналисташка цхьахволчу лаьцначун нанас.

Масех баттахь Туркойчохь белхаш беш хилла бу лецнарш, кхеташ дац, юьхьанца Гуьржийчу юха стенна баьхкинера уьш, тIаьхьа, пандеми яьржича дIасалеларна дозанаш тоьхначу заманчохь, Шема дIабаха а лууш, дуьйцу Гуьржийчуьрчу нохчийн юкъараллан жигархочо Бордзикашвили Сулхана. Цунна хетарехь, логикаца цхьанайогIуш яц "Талибанан" байракхах а, даIишна байIат динера боху а информаци.

"ТIалибашна бIаьргабахка ца беза даIишхой. ПIаьнгазан чIожехь тийна-тапъаьлла дара дерриг а. Экстремизм бахьана долуш дуладелла хьал а дацара, цIеххьашха резонансе, дикка пиар а еш, дIаяьхьна лерина операци", - боху Бордзикашвилис.

Лецарш дузу къамел дечо ГIадужу-беттан 2-чу дийнахь хинболчу харжамашца а, иштта, урхаллехь йолчу "Грузинская мечта" партина ирделла, информацин хьал пайден хиларца а.

Нагахь санна, партин тептаршкахула цо 43 процент кхаьжнаш ца гулдахь, вовшахкхеттачу оппозицино низамаш дахаран пачхьалкхан органе рогIехь боцу харжамаш дIабахьар тIедожон тарло.

***

2000-чу шерийн юьххьехь, Нохчийчохь шолгIа тIом боьдучу заманчохь ПIаьнгазахь куп тоьхна яра гоьваьллачу буьйранчан Гелаев Русланан тоба. ТIаьхьо, 2014-2015-чу шерашкахь масех иттанашкахь кистой дIабахара Шема ИГИЛ-хь тIемаш бан.

Делахь а, ПIаьнгазан чIожехь хьал тIетаьIна хиларан бахьана лору эксперташа, Шема а, Иракъе а тIемаш бан дIабахначу нохчийн аьтто ца хилар Гуьржийчу юхабахка, терроризмца къийсам латточу низамах кхоьруш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG