ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Террорхойн куьпахь Iаморашкахь хилла ю аьлла, бехкейо ГIалгIайчуьра яхархо


Хьалхо тIемалошна юкъах хилла ю аьлла, шеконашкахь хилла ГIалгIайчуьра яхархо Шемахь тIемаш бечу "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанна керла юкъабахнарш Iамочу куьпахь хилла ю аьлла, чIагIдо талламхоша. Кавказский узел интернет-гIирсо бина цунах лаьцна хаам.

Талламан версица, 20I5-чу шеран Охан-батте кхаччалц мехкан яхархо Шемахь жигара дакъалоцуш хилла "Исламан пачхьалкхан" (террорхойн лаьрра, Оьрсийчохь йихкина ю)гаранехь.

Минаш яхка а, лоьлхуьйтурш дан а Iамош, сихаллин лоьрийн гIо кхачор а карадерзош хилла иза, тIаьхьо оцу хааршца теракташ дан Iалашонца, чIагIдо талламчаша.

Оцу зудчунна дуьхьал хьалхо даьккхина хилла гIуллакх толлучу юкъанна гучудаьлла бакъоларъяран органашна, арахьарчу пачхьалкхехь гIаттамхойн могIарехь иза хилар , Iамрашкахь дакъалацарх а. Оцу шина артиклехь дохкучу бехкашца набахтехь яккха 20 шо хан кхачайо Оьрсийчоьнан низамаша.

Марсхьокху-баттахь хаам бира, Оьрсийчоьнан Талламан комитетан ГIалгIайчуьрчу урхаллан Несаран гIалан декъо бехктакхаман гIуллакх долийна 34 шо долчу меттигерчу вахархочунна дуьхьал аьлла.

Болчу хаамца, иза бехкевора, "федералан низмашца хила йиш йоцчу тIеман тобанна юкъахь леларна", хаам бира ГIалгIайчуьрчу Талламан комитетан урхаллин сайта тIехь.

Хьажа комменташка

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG