ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Терроризм бакъярна гIуда хьарчийна ГIалгIайчуьрчу вахархочух


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Ростов-ГIаларчу тIеман кхело 250 эзар сом гIуда тоьхна ГIалгIайчоьнан 27 шо долчу вахархочунна Оздоев Русланна, нахана гергахь терроризм къобалъярна. Оцу артиклехь таIзаре хIоттийначунна 100 эзар соьмера 500 эзаре гергга гIуда кхачадо, йа шина шарера пхеа шаре кхаччалц набахтехь яккха хан.

ГIуда тохарал совнах, "Кавказский узел" ресурсо (оьрсийн Iедалхоша арахьарчу агентийн статусе яьккхина) яздарца, Оздоевна дихкина цхьана шарна "сайташ лелон". Ша бехкехиларх даредина Оздоевс.

Ростов гIаларчу тIеман кхело бехкевира Нохчийчуьрчу ТIехьа-Мартанара Цечоев Рохьман терроризм бакъйина аьлла, амма гIуданах хьалхаваьккхира. Цечоевна бехке диллинера, социалан машанашкахь террорхойн дикачу агIор мах хадош роликаш зорбане яхар.

Бехке хIоттийначу Цечоев Рохьманах 45 эзар сом гIуда а хьарчийра, амма гIуллакх кхелахоша листталц иза чохь латтийна хиларна, кхело таIзарх а воккхуш, цIера дIасавалар а дихкина, маьрша витира иза.

"Одноклассники" социалан машанахь экстремистийн материалаш яржорна - нохчийн бардан Муцураев Тимуран "ДжихIадан доьхкина тIемаш" илли хIоттийнера цо шен агIонехь - бехкевина Гуьмса гIалин кхело Нохчийчуьра вахархо Дускуев Ахьмад. Федералан суьдхочо Дускуев Ахьмадна такха эзар сом гIуда тIедожийра.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG