ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Терроризмана бехкевечо дехар дина Путине, шен гIулакх Iуналле эца аьлла


Москва, Оьрсийчоьнан президентан администраци
Москва, Оьрсийчоьнан президентан администраци

Талламан версица, Дагестанерчу номер 7 йолчу колонехь кхоьллинчу террорхойн "ДжамаIат" тобанехь дакъалаьцна ву бохуш, бехкевечу Алиев Iеласолатас дехар дина президенте Путин Владимире, шен гIуллакх контроле эца аьлла. Президентан администраци дахьийтинчу кехата тIехь (копи ю Кавказ.Реалиин редакцехь) Алиевс яздо, 2021-чу шеран Лахьан-беттан 26-чохь ялх шо1 ах шой чохь а даьккхина, маьршавала кечембеш вара ша, амма бехкевира террорхойн "ДжамаIат" тобанехь дакъалаьцна ву аьлла. Алиевс чIагIдо, терроризмана ша бехке вац бохуш.

"Колонехь хан йоккхучу заманчохь дечиг-пхьолин цехехь болх беш вара со. Бехкбаккхар а доцуш, тIелаьцна Iалашонаш кхочушъеш, дерриг а дора ас, суо дикачу агIор гайтархьама. ХIетте а, даим балхаца, массарна а гуш со хиллашехь, бехкевина со, ас дина доцчу хIумана", - яздо Алиевс.

Цо билгалдоккху, колонехь волуш бусулбанашца зIенехь хилла ша, амма зуламашна гунахь хилла вац ша аьлла.

"Лецна латточу заманчохь адамаш Iаьткъе, цхьалха хуьлу, адамах тешам ца байта, ша шена чувоьлла ца Iархьама, нахаца хила лууш, вовшийн гIортор латта1о", - яздина Алиевс.

Алиевна хетарехь, уьш цхьана бертахь хиларх пайдаэцна террорхойн гIуллакхехь дакъалаьцна аьлла, бехкебарехь.
Алиев а, оцу гIуллакхна юкъахь хилла боху тутмакхаш а Ростворчу СИЗО дехьабаьхна.

Дагестанерчу колонехь террорхойн "ДжамаIат" юкъаралла кхолларх бехктакхаман гIуллакх долийра дахначу шеран аьхка. Талламан версица, тоба вовшахтоьхна хилла 2016-чу шеран Iай. Оцу гIуллакхца бехкевеш ву масех иттаннашкахь тутмакхаш.

ГIалмакхойчохь номер 2 йолчу колонехь "ДжамаIат" юкъаралла кхоьллина аьлла, изза бехктакхаман гIуллакх диллира. Талламчаша бахарехь, герз оьцуш-духкуш лелорна цигахь хан токхучу Дагестанерчу вахархочо Гасанов Шахбана 2013-чу шарахь вовшахтоьхнера и юкъаралла. 2015-чу шарахь Хасавюртахь вийра Гасанов.

Оцу гIуллакхна юкъаозийна ву 40 гергга стаг, террорхойн организаци гIо лаьцна хилла аьлла, шеконашка эцна колонин куьйгалхо а, цуьнан гIовсаш а цхьана.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG