ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Терроризмана бехкевечу веаннан гIуллакх кхеле кхачиийна ГIалгIайчохь


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Оьрсийчоьнан ГIалгIайчухула йолчу Талламан комитетан урхалло кхеле дIакхачийна махкарчу веа вахархочнна дуьхьал айдина гIуллакх. "Терроран" масех къепехь бехкаш дехкина царех шинна. Талламан версица, уьш бехке бу теракт кечъярна а, лоьлхуьйтурш ярна а, Машанехь экстремистийн кхайкхамаш барна а. Вукху шиммо динарг террорхойн гуллакхна гIо латтийна аьлла лерина.

ГIалгIачуьрчу Талламан комитетан пресс-гIуллакххоша хаамбарехь, махкара ши вахархо Оьрсийчохь йихкинчу "Исламан пачхьалкх" террорхойн организаци юкъа ваахна хилла. Талламан органашна хетарехь, Сунжера бакъоларъяран органийн гIишлош лелха а лелхийтина, ягон дагахь хилла и шиъ, "Iедалан хьукматашна дестабилизаци ян а, бахархойн синтем байа а, билгалбахазчу нехан агIор Iедалхошка цатемаш гIаттон а Iалашонца а".

Важа бехкевечу шинна, чIагIдарехь, хууш хилла шайна бевзачара дан тIелаьцначух, "радикалан хьежамаш къобалбеш, царна гIо латтон реза хилла" - куп тоха а, герз латтон а меттиг лаха.

Бехкебинарш лецнера стохка Гезгамашин-баттахь. Набахтехь яккха 20 шераш гергга хенаш кхачайо царна.

  • Къилбаседа Кавказан йоллу республикашкахь а, дукхахйолчу къилбан регионашкахь а 2022-чу шеран хьалхарчу эхашарахь, Оьрсийчоьнан Коьртачу прокуратурин зерашца, дикка лахделла террорхойн къепешкахула дина зуламаш – цхьа могIа меттигашкахь тIаьххьарчу итт шарахь уггар лахара терахь гойту. ХIетте а юккъерчу барамехь аьлча, пачхьалкхехь стохкалерачу шарца дуьстича оцу кепара зуламийн терахь кIезиг даьллехь а, амма лакхадаьлла.
  • Къоман антитерроран комитетан (НАК) лараршца, дийнна 2021-чу шарахь Оьрсийчохь юкъахдаьккхина террорхойн кепехь 65 зулам.
  • Адвокаташа а, бакъоларъярхоша а дечу тоьшаллашца, тIемалой хиларна бехкебеш жоьпе ийзиначу наха дукха хьолехь кхелашкахь хаам бо, шайга Iазапца дареш дайтина, олий.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG