ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Терроризмна бехкебечийн гергарнаш пикете бевлла ХIинжа-ГIалахь


ХIинжа-ГIалара пикет
ХIинжа-ГIалара пикет

Терроризмна бехкевечу Дербентерчу кхаа вахархочун гергарнаш пикете бевллера ХIинжа-ГIалин юккъехь. Цара протест кхайкхийна Дербентерчу талламан изоляторехь лелийначу Iазапна дуьхьал бехкзуламан гIуллакх гIатто талламчаш дукхазза реза ца хиларна.

Бехкебечу Барзукаев Исламан а, Мирзалиев Мирзалин а, Курбанов Гасанан а гергарчара царна тIехь ницкъбарх тоьшаллаш тIечIагIдина лору, ткъа и гIуллакх листа Талламан комитето дуьхьало яр низамехь доцург хета.

Кавказ.Реалиин корреспонденте нанас Барзукаева Еленас дийцарехь, бехктакхаман гIуллакх делла хIинцале а иттозза дуьхьало йина, гIуллакх толлуш да.

Барзукаевн а, Курбановн а, Мирзалиевн а бехкзуламан гIуллакх таллар дирзина. Кхин дIа листа Къилбан гонийн тIеман кхеле дIахьажийна.

  • 20I9-чу шарахь лачкъийна вигина ву Барзукаев, Курбанов, Мизалиев. Юьхьанца уьш бехкебира бакъо йоцуш герз Iалашдарна. Уьш бигина шолгIачу дийнахь къаьстира, Дербентерчу СИЗО-хь уьш латтош буйла. ТIехь ницкъбина, бехкаш тIелацийтина шайга бохуш, даредо цара.
  • Хьалхо Барзукаева Елена масийттазза елира пикете, шен кIант карцер чу волларна дуьхьал. ХIинжа-ГIаларчу талламан изоляторна хьалха пикет хIоттийнера цо Стигалкъекъа-баттахь, цо бахарехь, низамца доцуш шен кIант 15-гIа а карцер чу воьллича.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG