ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Терроризмна бехкебина ПIаьнгазахь лецнарш дIахецар тIедожийна Гуьржийчуьрчу нохчаша


ПIаьнгазара полицин дакъа
ПIаьнгазара полицин дакъа

Нохчий алсам бехачу ПIаьнгазан чIожера масех иттаннашкахь наха дакъалецира, меттигерчу Гуьржийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн Дуисерчу декъан гIишлона хьалха, Iедалхошка дIа а хьедина, хIоттийначу митингехь. Пачхьалкхан кхерамзалин урхалло байнчу беттан 24-чохь дIахьочу лерринчу операцехь "доцург кхоьллина "низамехь доцуш" пхи нохчо лацарна дуьхьал протесте бевллера уьш.

Пачхьалкхан къайлахчу сервисаша а, прокуратурано а бехкаш дехкина 18 шарера 20 шаре бевллачу Мачаликашвили Мохьмадна а, Цатиашвили Юсуфна а, Багакашвили Гамзана а, Кавтарашвили Рамазна а, Маргошвили Рамазна а, террорхойн "Исламан пачхьалкх" (Оьрсийчохь йихкина ю)шех олучу тобанна гIо латторна а, цIе ца яьккхинчу цхьана махкарчу цIенна гергахь терроран тохар дан кечамбарна а. Шеконашца лецначийн билггал бехк хиларх видео а, аудио а тоьшаллаш ду шайгахь боху мехкан кхерамзаллин урхалло.

Митинге бевллачара дIахьедо йоллу видеон а, аудион а тоьшаллаш, ма-дарра аьлча, "фальсификаци ю", йа Гуьржийчоьнан бахархошна" гергахь хаа а хууш, харц гочдина церан къамелаш" бохуш.

"Тхан лецнарш дIахеца!", - тIе яздина плакаташ дара дуьхьалонан акци бевллачеран карахь. Нагахь санна, шайн тIедахкарш кхочуш ца дахь, ПIаьнгазан чIожехь хIиттийна ца Iаш, йолу Тбилисехь а митингаш йолор ю шаьш аьлла, кхерамаш тийсина ПIаьнгазан бахархоша.

Шина баттахь лаьцна пхиъ чохь вуьтуш хIинцале а сацам бина Тбилиси гIалин кхело. "Террорхойн организацехь дакъалацар" аьллачу артиклехь гIаттийначу бехкзуламан гIуллакхца хьалхара ладегIарш карарчу шеран ГIадужу-баттахь дIадахьа сацам бина.

Маршо Радионо яздира, Гуьржийчуьрчу ПIаьнгазан чIожехь лерринчу операцехь пхи нохчо лацарх. Шеконаш кхоллаеллера, цара экстремистийн "Исламан пачхьалкх" (Оьрсийчохь а, кхечу мехкашкахь а йихкина ю) организацина байIат дина хиларх. Гуьржийн бакъонашларъярхойн хеттарш кхолладелира спецопераци бахьана долуш, ткъа меттигерчу нохчийн диспоро дIахьедора лецнарш бехке бац бохуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG