ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Террорца доьзна зуламаш дарца хьалхара меттигаш дIалоцуш ю Къилбаседа Кавказера 5 регион


Кхушара Дечкен-баттахь дуьйна Гадужу-батте кхаччалц лаьрча, террорца доьзна зуламаш дарехула йолу хьалхарчу 10 лидерна юкъахь ю Къилбаседа Кавказан федералан гонан 5 регион. Цунах лаьцна дуьйцуш ду Оьрсийчоьнан Инарлин прокуратуран бакъонан статистикин официалан сайта тIехь.

Ерриг а Оьрсийчоь схьаэцча, хьалхарчу меттехь ю Дагестан. Оцу республикехь регистраци йина терроран чулацм болчу 432 зуламна. ШолгIачу меттехь ю Нохчийчоь. Цигахь дина 115 зулам. ГIалгIайчоь дIанисйелла 4-чу меттехь (99 зулам). ГIебартойн-Балкхаройчоь ю 6-чу меттехь (59 зулам). Ставрополан махкахь гучудаьлла террорца доьзна 55 зулам дар.

Ростовн областехь дина террорца доьзна 27 зулам, Краснодаран махкахь – 26, Кхарачой-Чергазийчохь – 17, Адыгейхь – 16, Къилбаседа ХIирийчохь -8.

Цул сов, Дагестан ю уггар дукха экстремизман чулацам болу зуламаш дина республика - 51 зулам. Оцу рейтингехь 4-чу меттехь бу Ставрополан мохк (30 зулам). Краснодаран мохк бу 9-чу меттехь (21).

Оццу хенахь дерриг зуламаш схьаэцча*, Оьрсийчохь шолгIачу меттехь бу Краснодаран мохк, цулла хьалха ю цхьа Москва.

*Оьрсийчоьнан официалан статистико Оьрсийчоьно аннекси йинчу ГIирмера хьал а.

  • Оьрсийчуьрчу адвокаташа а, бакъонашларъярхоша а дуьйцу, тIемалой бу бохуш лецначу наха, кхелашкахь дуьйцуш хилар, шаьш бехк тIелаьцна шайна таллам боьдуш ницкъ бина хиларна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG