ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Тхан берашна тIе ма кхийда!". ШолгIа де а ду Кавказехь мобилизацина дуьхьал протесташ лаьтта


ХIинжа-ГIала. Мобилизацина дуьхьал протестехь бу ницкъахой. Гезгамашин-беттан 26-гIа, 2022 ш
ХIинжа-ГIала. Мобилизацина дуьхьал протестехь бу ницкъахой. Гезгамашин-беттан 26-гIа, 2022 ш

Мобилизацина дуьхьал Къилбаседа Кавказехь сихаллица гIаттийна протестан митингаш дIайоьлху шолгIа де а ду: оршотан дийнахь урамашка бевлира Дагестанан ХIинжа-ГIалара а, Хасавюртара а бахархой, иштта ГIебарта-Балкхаройчуьра Нальчикан бахархой а. Кавказ.Реалиин хаамашца, лецира бIе сов стаг – полицино йеттара дуьхьалончашна, царна тIе ца буьтура адвокаташ. Бахархойн хила ма-еззара реакци яра иза аьлла хета эксперташна. Цара бахарехь, тIейогIучу заманчохь Кавказера протестан акциш мел а радикале хила тарло.

Оршотан дийнахь протестхой юха а вовшахкхийтира ХIинжа-ГIалин коьртачу майданахь. Гамзатов Расулан цIарахчу проспекте, дукхахберш зударий болуш, гулбеллачу кхул хьалхарчу дийне хьаьжча, керлачу акцин декъашхой кегийрхой бара, шайлахь кхиазхой а болуш.

Бакъоларъяран органаш кечъеллера керлачу протестана: полици йоцург а, майдана тIеоьзнера Росгвардин белхахой а цхьаьна. Цара ца могуьйтура гулбеллачарна видеош дIаязъян – оцу тIехула, масала, лецира RusNews каналан коьрта редактор Айнбиндер Сергей. Масийттазза хьоьвсира цуьнан кехаташка, цул тIаьхьа бертаза хьарчийна, дIавигира Совесткий кIоштан РОВД. Айнбиндера дIахьедира, ницкъахоша шена йеттарх а, лоцучу заманчохь йохийначу аппаратурех а. RusNews гIирсар коьрта редактор воцург а, полицин декъе валийнера «Новое дело» ресурсан журналист Юсупов Идрис а.

ХIинжа-ГIалара мобилизацина дуьхьал протесташ, гезгамашин-беттан 26-гIа 2022 ш
ХIинжа-ГIалара мобилизацина дуьхьал протесташ, гезгамашин-беттан 26-гIа 2022 ш

Видеош яхар шайлахь дихкинашшехь, машанашка евлира, шогаллица лоьцу зудабераш а, иштта кегийрхой а гойту иттаннаш видеош. Масех стагана йиттинера, иштта кхетамчуьра бовллалц а. Майданахь полицица тийсадаларш а нисделлера.

"ДIахеца, дIахеца, жIалеш. Цуьнан нана ю цIахь…" - мохь бетта цхьана видео тIерачу зудчо, могIарерчу нехан духарца болчу ницкъахоша автозаке текхош волу кIант церан карараваккха гIертачу.

Иштта дуккха а меттигаш хаабелла полицино бурчан баллонех пайдаэцна – протестхойн яххьаш тIе йеттара цара. И гинчара дийцарехь, шина йоIана лоьрийн гIо эшнера, и шиъ дарбанан цIийне дIайигира.

Дуьхьалонан акци дIаяьхьира иштта гезгамашин-беттан 26-чохь Хасавюртахь а, цигахь 20 гергга стаг лецира. Мобилизацина реза боцчу массарна а дуьхьал ницкъ баьккхинера полицино, вукхара дуьхьалонаш йора.

Протест дIаяьхьира Нальчикехь а, гезгамашин-беттан 25-чохь администрацин майдана бевлира мобилизаци йинчийн наной. Ткъа хIинца коьртачу майдане гулвелира бIе гергга стаг, дукхахберш зударий а болуш. ГIебарта-Балкхаройчоьнан куьйгалхочуьнца Коков Казбекаца шайн цхьанакхетар хилийтар тIедожийнера цара, амма царна дуьхьалбевлира кхинболу хьаькамаш: Баксанан а, Терскан а кIоштийн куьйгалхой Мамхегов Хачим а, Дадов Муаед а, мехкан урхалхочун администрацин куьйгалхочун гIовс Тлупов Идрис а, къаьмнийн гIуллакхийн а, юкъараллийн проектийн а министр волу Курашинов Анзор а.

Зударий тебан гIертара уьш, амма мобилизацин Iалашонех а, ГIебарта-Балкхаройчуьра тIамтIе маса стаг хьажон дагахь ду шу бохучу хеттаршна дала жоьпаш ца хилира церан.

"Хьан доьзалхо цигахь велхьара, хьожур яра со…", - боху цхьана видео тIехь протесте яьллачу зудчо администрацин векале. "ХIара хьал ас цхьанна а тIе хIуттуьйтур дацара", - кIелхьаравийла хьийза хьаькам. "Цундела хIара бераш хьовсийна ахь? Тхан берашна тIе ма кхийда", - маьхьаре йолу зуда. Низаман тIедахкаршна тIе а тийжаш, кIелхьаравийла гIерта цуьнца къамелдийриг, амма цуьнан жоьпо резадацарийн гIовгIа оьккхуьйту гулбеллачарлахь.

Лаьцначийн терахь хууш дац

Кавказ.Реалии хьастийн хаамашца, оцу дийнахь ХIинжа-ГIалахь верриг а 110 гергга стаг лаьцна, царех мел лахара а 28 – кхиазхой бу. «ОВД-Инфо» ресурсо яздарца, лецначарлахь нисвеллера, протестхой гулбеллачу Оьрсийн театрана гена доццуш тIехваьлла воьду, диабет лазар шеца долу стаг а. Шена оьшу инсулин ца хиллера цуьнгахь. Нохчийн бакъоларъярхочун Янгулбаев Абубакаран информацица, лецначийн доккхаха дакъа далийначу Советский кIоштехула йолчу полицин декъехь «Крепость» раж кхайкхийнера – полицино тIе ца буьтура адвокаташ.

ХIинжа-ГIалахь лецначийн официалехь терахь довзуьйтуш дац – Советский кIоштан РОВД-н белхахочо дIахьедира Кавказ.Реалиига, шена "хууш дац", хIинцца бен хадан схьакхаьчча вац, цундела "багарбина бац" аьлла.

Дагестанан Юкъараллин палатин декъахочун Хадулаев Шемалан дешнашца, Советский кIоштан РОВД-хь бIе гергга с таг вуьссуш ву хIинца а: "Дикка нах суна сайна а гира кертахь. ХIинца листарш ду дIахьош, цхьа могIа административан гIуллакхаш кхеле дIакхачор ду".

Лецнарш Iаламат дукха бу, гергарчарна хууш дац, муьлхачу декъехь уьш бу а, стенна бехкебо а

Политикан акцишкахь лецначарна гIо дечу цхьахйолчу федералан бакъоларъяран организацин векало редакцига дийцарехь, протестийн декъашхошна юристаш лаха гIертара уьш. Рекомендациш оьшуш, бакъоларъярхоша гIо дехначу 20 говзанчех, веамма бен жоп ца делира.

Бакъоларъяран организацишца белхаш бечу ХIинжа-ГIаларчу масех адвокате а, юристе елира Кавказ.Реалии, амма жоп деллачех цхьа а ца хиллера акцишкахь лецначаьрца болх беш, цхьа дакъа пачхьалкхера дIадаханера.

"Лецнарш Iаламат дукха бу, гергарчарна хууш дац, муьлхачу декъехь уьш бу а, стенна бехкебо а. Советский кIоштан РОВД гоне ерзийна ю, цунна гергахь гулбелла лецначийн гергарнаш а бу. Селхана дуьйна соьга гIо доьхуш, зIене буьйлу", - боху ХIинжа-ГIаларчу, шен цIе ца яккхар дехначу адвокато.

Шина дийнахь протесташ хиллачул тIаьхьа Дагестанан Iедалхоша, "деструктиван тобанийн леларо меттахдаьккхина" хьал меттадалон Iалашонца оперативан штаб кхоьллира.

"Гуш ду, ХIинжа-ГIалара акциш иштта дозанал арахьарчу наха а кечйина, цара урхалла дина а ю. 90-чу шерашкахь вайна гина хIуманаш ду хIорш…Дагестанхой вовшашна дуьхьал а бохуш, пачхьалкхера хьал талхо хьийза уьш, арахьарчу спонсоршкара кхьчначу ахчана лерина болх а беш. Вон ду, кху харц ловзарехь цара пайдаоьцу, шайн нахана сагатдечу адамийн эмоцех", - дIахьедина регионан куьйгалхочо Меликов Сергейс.

ТIехьаьжна гучул а алсам хиллера кхерар а, резадацар а

Дагестанан Юкъараллин палатин декъахочунна Магомедов Арсенна хетарехь, Кавказехь йоьлхучу протестех цецвала хIуммаъ а дац: меттигерчарна хета, мобилизаци нийса дIахьош яц аьлла. Амма спикер цецваьккхинарг ду, ницкъахойн шога леларо бахархой кхера цабар.

"Гезгамашин-беттан 25-чохь хилла митинг бух болуш яра, тIаьххьарчу деношкахь дуккхаъчу дагестанхойн, къаьсттина зударийн, гулъелла негативе эмоциш дIаехира цо. Хууш дара, адам арадер дуй. Оццул шога уьш лаьхкинчул тIаьхьа, со цецваьлларг дара, гезгамашин-беттан 26-чохь а протест кхиндIа яхьяр. Схьагарехь, кхерар а, разадацар а алсам хиллера, тIехула гучул а", - билгалдоккху Магомедовс.

Республикехь протестех кхин дIа хиндолчух дуьйцуш, юкъаралхочо тидам тIеузу цхьа могIа мехал йолчу факторашна: хIинца йолчу форматехь мобилизаци дIахьур юй, тIамтIера хьал муха хир ду, махкара беллачийн а, лазийначийн а терахь алсамдер ду .

"Iедалхойн гIалаташ, шуна лаахь, индустрин амалехь ю. Царех коьртаниг – цара ца лору вайн регионан индивидуале меттигаш, башхаллаш, менталитет", - аьлла хета бакъоларъярхочунна.

Маьрша протест а, радикализаци а

"Iедалан проблема – халкъ цатешар. Оцу мобилизацихула а хьалххе бина болх бац, юкъараллица вовшийгIодар а хилла дацара. Пачхьалкхан Iедалан органийн юкъараллица зIе яцахь, телеграм-каналех дIаюзу ниша", - боху Юкъараллин палатин комиссин куьйгалхочун гIовсо Хадулаев Шемала.

Иза тешна ву, ХIинжа-гIалахь дIаяьхьна протесташ цхьана мобилизацица йоьзна ца Iа аьлла.

"Шерашкахь лазаме меттигаш тергалъеш яцара махкахь, проблемаш гулъеллера- кадрийн а, къоман хеттаршкахь а, бакъоларъяран органашка а. Iедало уьш луьстуш цахиларо юкъараллехь оьгIазло а, цатам а гIаттабо. Ткъа мобилизацино собар кхачийна", - аьлла лору Дагестанан Юкъараллин палатин декъашхочо.

ХIинца Дагестанера хIора доьзале кхача тарло мобилизаци. Божарий тIамтIехь лазо, йа байъа кхерам лакхара бу, ткъа къаьмнийн республикашкахь, и "шайн истори" ю аьлла ца хета, билгалдоккху "Конфликтийн анализан а, уьш юхаяхаран а центран" директора Сокирянская Екатеринас.

ХIинжа-ГIалара протесташ
ХIинжа-ГIалара протесташ

Къилбаседа Кавказерчу протестийн хиндолчух дуьйцуш, эксперто хила тарлучу масех сценарийх дийцира. Iедало шога реакци яхь, акцишна юхабовла тарло, амма шеконаш юьту, хуьлуш дерг шек боцуш санна наха тIеоьцур ду бохучо - божарийн дакъа жигаречу дуьхьалоне берза тарло. Сокирянскаяна хетарехь, цундела Iедалшна пайден дац, хIара "оьгIазечу божарийн лелар а доцуш, хIара маьрша протест хилар".

***

Гезгмашин-беттан 21-хь Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира мобилизаци кхайкхийра, "цхьанадекъана" ю аьлла. Iедалхоша дIахьедира, 300 эзар резервера, армихь хилла, йа тIемашкахь зеделларг долу нах эскарехь вовшахтоха беза аьлла. Официалан мобилизацих долу омарана тIехь охьаяздина дац и чIагIдарш, мобилизаци кхайкхийначу хьалхарчу деношкахь дуьйна кеп-кепарчу регионашкара хаамаш кхочу, дIахьедина дозанаш лоруш дац бохуш. Хаамийн гIирсийн информацица, Украинерчу тIаме миллион сов вахархо хьажон дагахь бу Iедалхой.

Оьрсийчоьнан Къилбера а, Къилбаседа Кавказан а регионашкара хаамаш кхочу, Украинерчу тIаме бахийта кхайкхийна мобилизаци дIахьош низам дохош хиларх лаьцна. Доккхачу декъанна, Дагестанерчу мобилизацин пункташка балабо баккхийчу доьзалийн дай, тIеман а, эскаран а зеделларг доцу нах а, иштта 35 шарал тIехбевлла могIарера бахархой а.

Украинан президенто Зеленский Владимира комментарий йира фейсбукерчу шен агIонехь, кхайкхийначу мобилизацина дуьхьал Дагестанехь бахархоша йинчу протестийн.

"Вайна гуш ду, нах, доккхачу декъанна, Дагестанехь шайн дахарехьа къийсаме бевлла. Вайна гуш ду, уьш кхета буьйлабеллий, хIара хаттар церан дахаран дуйла. Стенна оьшу церан цIийндайшна, вежаршна, кIенташна хIокху тIамехь бала? Цхьана стагана оьшучу тIамехь…[...]Шайн бераш дайъа ца хьийсадайта дуьхьалдовла – оцу зуламечу Оьрсийчоьнан мобилизацига мел кхойкхуверг ларван", - кхайкхамбина Зеленскийс.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG