ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТIаьххьарчу 24 сахьтехь Нохчийчохь ун даьлла 124 стагана


Тахана, Товбеца-беттан 18-чу дийнахь бовзийтинчу хаамца, тIаьххьарчу дийнахь-буса коронавирус толлуш 3820 тест йина. Роспотребнадзоран урхалло довзийтина терахьаш, яздо "Чечня Сегодня" агенталло.

"Таханалерачу дийнахь верриг а ун хааделларг ву 14318 стаг, тIаьххьарчу 24 сахьтехь 124 вахархочуьнца гучуяьлла коронавирус", - аьлла ду хаамехь.

Махкахь 12655 вахархочунна дарба а хилла, лоьрийн тергонера дIаваьккхина, кхелхина COVID-19 вирусах 240 дархо.
Карарчу хенахь ун токхуш ву 1423 вахархо.

Чиллан-баттахь Кадыров Рамзана хаамбира, масканаш лелор махкахь юкъарадаьккхина ша аьлла. Регионера хьал дукха лерина зийначул тIаьхьа бина шаьш оцу кепара сацам бохура нохчийн урхалхочо. Роспотребнадзоран хьалханчас Попова Аннас Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнца къоьвсира масканаш дIаяхар. Республикехь масканаш лелор дIадаккхарх Кадыровс динчу дIахьедарх йистхуьлуш, цуьнан компетенцехь дац оцу кепара сацамаш тIеэцар аьлла, билгалдаьккхира цо а.

Мангал-бутт юккъе баьллачу хенахь, нагахь санна бахархоша прививкаш ца яйтахь, шога дозанаш деттар ду" аьлла, кхерамаш тийсира Кадыровс.

Соьлжа-ГIалин мэро Кадыров Хас-Мохьмада полицина а, динан урхаллина а тIедиллира, вакцинаци ян езаш хиларх бахархой кхетош, болх болабе аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG