ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТIаьххьарчу 24 сахьтехь Къилбаседа Кавказехь 56 велла уьнах. Лазарца ву - 1 285


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

ТIаьххьарчу дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь коронавирусах велла 56 пациент, цомгуш хилла кхин 1 285.

Iедалшкара болчу хаамца, Краснодар-махкахь уьнан велла 27 вахархо, Ставропол-махкахь а, Кхарачой-Чергазийчохь а - ворхI-ворхI, ГIебарта-Балкхаройчохь а, ГIалмакхойчохь а - виъ-виъ, Къилбаседа-ХIирийчохь - кхоъ, Дагестанехь а, Нохчийчохь а цхьацца велла.

Верриг а пандемин муьрехь COVID-19 цамгарх белларш бу Къилбаседа Кавказехь 12 485 стаг, боху официало.

Дийнахь-буса массанхьачул дукха ун хьакхаделла нах бу Ставрополь-махкахь, лахара – Адыгейхь.

Ставрополан моху + 286 (62 136 ву пандеми яьржичхьана)
Краснодар-мохк̆ + 248 (56 976)
Дагестан + 203 (40 096)
Нохчийчоь + 138 (14 972)
ГIалмакхойчоь + 117 (23 880)
ГIебарта-Балкхаройчоь+ 80 (26 318)
Кхарачой-Чергазийчоь+ 56 (21 926)
Къилбаседа-ХIирийчоь + 54 (18 270)
ГIалгIайчоь+ 54 (17 196)
Адыгей + 49 (15 864)

Таханенна Къилбаседа Кавказехь коронавирус кхетта ларало 297 634 стаг. Ерриг Оьрсийчохь Мангал-беттан 29-чу денна и терахь ду 6 078 522*.

*Оьрсийчоьнан официалан статистико шена чулору аннекси йинчу ГIIирмера хьал.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG