ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТIаьххьарчу баттахь тIамана 1,37 млрд сом дайъарх хаийтина Нохчийчуьра Iедалхоша


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Нохчийчоьно Украинерчу тIамехь дакъалацарх дуьйцучу кхеташонехь регионалан парламентан куьйгалхочо Даудов Мохьмада дIахьедина, тIом болабелчхьана махко 32,57 миллиард сом дайъина хиларх. Бутт хьалха дIахьединера 31,2 миллиард сом хьажийна аьлла: и бохург ду цхьана баттахь тIамана 1,37 миллиард сом дайъина хилар. Цунах лаьцна шен телеграм-каналехь хаамбина Кадыров Рамзана.

Билгалдоккху, официалехь хIора баттахь тIамана дойъучу ахчанан барам зазадокху-баттахь шозза алсам хилла: 2,6 миллиард сом. Делахь а, хууш дац, Даудовс дIакхийкхош долу ахча мичара долу республикана, оццул ахча стенах дайъина цара.

Цуьнан информацица, Нохчийчоьнан дозана тIера тIаме хьажийна 41722 эскархо, шайлахь 17079 лаамхо а волуш.

ДIахьедина, дайъина 32,57 миллиард ахча Кадыров Ахьмадан цIарахчу фондо деллера. Делахь а, 2022-чу шарахь оцу фондан йукъара баланс йара 6,3 миллиард сом. Оцу йукъанна хIинца кхоалгIа шо ду организацино шайна пайда хуьлуш бац, фонде ахчанаш дохкуш дац бохуш, дIахьеден.

  • Нохчийчоьнан урхаллехь волчун ден Кадыров Ахьмадан цIарах фонд кхоьллина йу 2004-чу шарахь, цуьнан куьйгаллехь йу Кадыров Рамзанан 70 шо долу нана Кадырова Аймани. Организацих масийттаза элира "Кадыровн бохча", цу фонде бертаза ахчанаш дохкуьйту бюджетан белхахошка. Фонд Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн финансийн министраллин санкцийн тептарехь йу. Стохка Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн санкцеш йехира Кадырова Айманина дуьхьал а.
  • "Кадыровн бохча" лоручу фондо хIун оьцуш хилла тIеман хенахь, официалехь ахча муха доккху цара – къастийра Кавказ.Реалиин сайто.
  • Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира гезгамашин-бутт бовш "Сийлаллин орденца" совгIат дира Нохчийчоьнан куьйгалхочун нанна Кадырова Айманина. Украинехь тIом болийчхьана фондан болх дикка шорбелла. ХIинца нохчийн Iедалхоша сагIа даккхар лору кеманаш, бронетранспортераш, тIеман барзакъ эцар, иштта украинхойн кхачанан сурсаташ шаьш схьадаьхначу дозанаш тIехь декъар а. Оцу кепарчу шеконе сагIа даккхарх хьалхо йаздира Кавказ.Реалии сайто.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG